Дуьненахь а шеко йоцу делил иза хилар къастадо гуьйренан эсаран (октябрь) беттан хьалхарчу дийнахь билгалдоккхучу Дуьненаюкъарчу баккхийчу нехан дийно.
Дуьххьара Европехь дахаре даьлла и дезде, 1990-чу шерашкахь дуьненаюкъарчу дезачу дийне дирзина. И де къаьсттина тидаме оьцу Скандинавин мехкашкахь. Баккхий нах ларар Iедалан тIегIанехь гIуллакх хилла дIахIоьттина цигахь. Цунна лерина вовшахтуху тайп-тайпана фестивалаш, конференцеш, конгрессаш, кечйо телевиденин а, радион а программаш. Шеран цхьана дийнахь кхочушдо гIуллакхаш ду уьш, ткъа баккхийчу нахана хIора дийнахь а оьшу доьзалехь бен хила йиш йоцу лерина тергам. Ишттачунна масал лара мегар ду Кавказан къаьмнаш. Церан Iер-дахаран дIахIоттамехь къаьсттинчу меттигехь бу баккхий нах. Ала деза, оцу декъехь нохчийн къоман баккхийнах баккъал а лараме бу. Вайх муьлххачун а цIийца ду воккханиг ларар, цуьнан тергам баран гIиллакх. Цхьамма а шеконе дуьллур дац воккхачо дина хьехар, цо белла кхетам.
«Воккхачо аьлларг дай, дума таса», – билгалдоккху къоман фольклоро а. Баккхий нах лараран гIиллакх дукха лерина лардо республикин Куьйгалхочо а. Кадыров Рамзан кест-кеста хуьлу вайн мехкан баккхий нах болчохь, дагаволу царах, дог хьосту церан. Цунах масал эцар тIехь ду вайна массарна а.
БIаьстенан зазанца бецийн, зезагийн дургал гулдечу накхарийн кеппара, вешан баккхий нах болчу хенахь, церан дахаран зеделлачух пайдаэцар оьшу вайна.
Баккхий нах – уьш цхьа дуьне, цхьа дахар, къоман оьздачу гIиллакхийн лард, Даймахке болчу безаман бIов, дIаяьллачу замане некъалар, таханенан синтем, кханенан дикане сатийсам.
Вайн къоман баккхий нах къаьста Дела цхьаъ веш, Элча (I.с.в.с.) бакъвеш, шайн устазаш къобалбеш хиларца. Уьш къаьста болатан собарца, яхьца, доьналлица, комаьршаллица, йист йоцучу гIиллакх-оьздангаллица. Иштта баккхий нах бу вайн хIора а юьртахь, кIоштахь. Царах ву ТIехьа-Мартан кIоштарчу ШаIми-Юьртахь веха, Нохчийчохь дика вевза къано Берсанов Хожа-Ахьмад а, Соьлжа-ГIалара «Родина» совхозехь веха Казаев Шовлах а. Делан дика бахьана долуш вевза и ши воккха стаг, масаллин гергарло леладо церан доьзалша а.
1925-чу шарахь Итон-Кхаьллан ширачу ЧIаьнтахь вина Шовлах доьзалехь воккханиг вара. Дуьнен тIе валарца воккхалла тIедоьжна Шовлах, тахана 90 шарера валарца а доцуш, цкъа а паргIат ца хилла воккхаллех. Дуккха а ваьхча, дуккха а го ма-аллара, шен оьмарехь дукха гина, хала вахар хилла цуьнан. Къам махках доккхучу Iуьйранна, зударшна, берашна юкъа ца гIерта, тIаьхьайогIучу машенца тIекхуьур ву ша аьлла, Шуьйтахь буха висина кхеран да кхин ган воьгIна ца хилира. Дех хилларг хIун ду цахааро деган Iийжам латтабо Шовлаха тахана а. Казахстане дIакхаьчча, дукха ца хьеелира нана а. Цхьаъ бен доцучу йиша-вешех жоьпалла тIедуьйжира кхунна. И жоьпалла Шовлаха дIа а кхехьна, къинхьегамна, гIиллакхна, гIуллакхна мало а ца йина. Шен дахаран лакхе къахьегаре дIаеллачу цо, хала-атта, Iаьржа-кIай бохуш, белхаш ца къестийна, ларавелла оханахь, асарахь, мангалахь, дохнаца. Иштта кхиийна шен доьзал а – виъ кIант, кхо йоI.
Дай баьхначу ломах хаьдда вац Шовлах тахана а, наггахь а дика-вуон иза воцуш ца доьрзу Итон-Кхаьллан кIоштахь. Дуккха а шерашна шел кегий болчарал а атта воьду экханан дилхалахь волу иза лаьмнийн гIашнекъашца, бераллехь идийначу церан марзо хIоразза а карлайолу воккхачу стагана. Шовлахал цхьа шо бен жима вац, иштта, 90 шарера ваьлла Берсанов Хожа-Ахьмад а. XX-чу бIешеран 30-чу шерашкахь юьртара юьхьанцара школа чекхъяьккхинчул тIаьхьа цо дешна Энахишкарчу юьртабахаман техникумехь, цул тIаьхьа Соьлжа-ГIаларчу политпросветучилищехь, чекхъяьккхина Нохч-ГIалгIайн хьехархойн институтан историн-филологин факультет. Бовхачу безамца дагалоьцу цо шен хилла хьехархой ¬ Лорсанов Керим, Саралиев Селим, Имадаев Мохьмад, Харачоев Висха. Цара деша-яздан а Iамийра, дуьненан цхьадолчу Iилманех кхетам а белира кхунна, амма д а х а р хилира Хожа-Ахьмадан коьрта хьехархо. Цуьнан дохалло дуккха а довзийтина, гайтина цунна, хIетте а, тахана а дахаран тайп-тайпанчу амалех, гIиллакхех, цо юзучу уьйрех, цхьаболчарна ховха нана, вукхарна къиза десте хуьлий иза дарах, цецвуьйлу иза. Цуьнан духе кхиа гIертаро тешаво Дала боху некъ лелориг иэшамехь цахиларх.
ДIадевллачу шерех а, йоцучу могашаллех а доьзна доцуш, тамашийна амал йолуш, гергарлонаш дуоза а, лело а карх долуш ву Хожа-Ахьмад. Ша волчу веанчуьнца сов лараме хиларца, эхь хоьтуьйту цо. Вайн къоман бакъ амалш йолу къано ву иза.
Цуьнан иэсехь а цхьа билггал меттиг дIалоцу нохчийн къам махках даьккхинчу дийно. Ша охIла воллу дакъалаьцна цо нохчийн къомана тиллина «халкъан мостагI» харц цIе дIаяккхарехь а. 1944-чу шеран лахьанан (ноябрь) беттан 26-чу дийнахь, шен 18 шо долуш, Акмолинск-Караганда цIерпоштнекъан шолгIа га дилла, белхан деношна ял хир ю, юург латтор ю, аьлла Iехийна, гуьйренан шийлачу догIанехь, мацаллина бIарзделла, тифо мозий санна, эгочу эзарнашкахь вайнахехь долу хьал дуьйцуш, Сталине кехат яздира цо. Оцу къизачу заманчохь а ца моьттург хилира. Кремлан омрица еанчу комиссис мелла а аттачу хьоле бехира кхалхийнарш.
Тайп-тайпана хилла хIокху шина къаночун дахар. Цуьнан некъашца халачу зиэрех чекхваьлла и шиъ Нохчийчоь, къам дезаран, царах дозалла даран масал ду. Дала дика дина а ву и шиъ, тахана а муьлххачу а хаттарна жоп дала кхетам болуш, иэсах талхаза хиларна.
Дуьненаюкъарчу Баккхийчу нехан денца и воккха ши стаг даггара декъалвеш, лаьара, Дала шайна еллачу хенахь, доьзалан вуон ца гуш, дегIан долара ца бохуш, уьш бахабойла. Делан къинхетам хуьлда царах а, вайх а!
Т.САРАЛИЕВА
Суьрта тIехь:Казаев Шовлах
№111, шинара, эсаран (октябрь) беттан 4-гIа де, 2016 шо