Стомара, эсаран (октябрь) беттан 2-чу дийнахь, Дагомысехь дIахьош хиллачу Россин Журналистийн союзо вовшахтоьхначу Ерригроссин журналистийн ХХ-гIа «Ерриге а Росси – 2016» фестивалан ерзоран гIуллакх дIадаьхьира. Цигахь дакъалецира Россин Журналистийн союзан а, къаьмнашна юкъарчу журналистийн федерацин а, ЮНЕСКО-н а, иштта федеральни а, региональни а шуьйрачу хаамийн гIирсийн а векалша.
Ерригроссин журналистийн коьртачу фестивалехь дакъалоцуш бара Россин ерриге а регионашкарчу шуьйрачу хаамийн гIирсийн векалш. Иштта цигахь дакъалецира Нохчийн Республикерчу шуьйрачу хаамийн гIирсийн куьйгалхойх а, Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерствон белхахойх а лаьттачу йоккхачу делегацис.
Россин Журналистийн союзан председатела Богданов Всеволода шен къамелехь билгалдаьккхира фестивалан мехала гIуллакхаш.
– ХIара фестиваль Iаламат мехала журналистийн майда ю. Кхузахь дуккха а говзанчаш вовшахкхета шайн хаарш кIаргдан а, вовшийн зеделларг довза а. Иштта, дуккха а гергарлонаш тосу фестивалехь, – дийцира В.Богдановс.
ГIарабевллачу медиаговзанчаша тайп-тайпана тренингаш, семинараш, мастер-классаш, презентацеш, конкурсаш дIаяьхьира цигахь.
Фестивалан тIаьххьарчу дийнахь совгIаташ дIасадекъаран гIуллакх дIадаьхьира. Нохчийн Республика регионехь уггаре а тоьлла медиапроектан презентаци ярца билгалъяьккхира.
Фестивалехь Нохчийн Республикин «Молодежная смена» газет билгалдаьккхира «Открытая Чечня» циклехь зорбане йийлина материалаш бахьана долуш.
Хь.БАХТАЕВА
№111, шинара, эсаран (октябрь) беттан 4-гIа де, 2016 шо