Халкъан дуьхьа къахьега деза

аьлла билгалдаьккхира Кадыров Рамзана «Единая Россия» партин конференцехь

Нохчий Республикин Кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу министерствон актови залехь эсаран (октябрь) беттан 2-чу дийнахь дIаяьхьира «Единая Россия» Ерригроссин политикин партин Нохчийн региональни отделенин XXVII-гIа конференци.12345

Конференцин балхахь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин Куьйгалхо Р.Кадыров, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун хьехамча, Россин Турпалхо М.Даудов, Нохчийн Республикин Правительствон Председатель, «Единая Россия» партин Нохчийн региональни отделенин секретарь Р.Эдельгериев, Россин Пачхьалкхан Думин депутаташ А.Делимханов, М.Селимханов, министерствийн, ведомствийн, кIоштийн администрацийн куьйгалхой.

Конференци дIахьош вара Р.Эдельгериев. Дийцаре дан лерина кхо хаттар дара: товбецан (сентябрь) беттан 18-чу дийнахь дIабаьхьначу харжамийн жамI дар; Нохчийн Республикин Парламентан Председателан а, Соьлжа-ГIалин мэран а кандидатураш чIагIъяр.

Р.Эдельгериевс хьалхара дош делира Нохчийн Республикин Куьйгалхочуьнга, Россин Турпалхочуьнга Р.Кадыровга. Цо элира: «Уггаре а хьалха суна шу декъалдан лаьа тIедеанчу бусалбанийн Керлачу 1438-чу шарца. Дала ийман-беркат хуьлийтийла вайна…

Харжамаш дIахьочу хенахь, дийнахь а, буйсанна а къахьегначарна массарна а баркалла, Дела реза хуьлда! Харжамашка цкъа  а гIур вац аьлла хеташ верг, уггаре а хьалха воьдуш, харжамашкахь дика дакъалаьцна харжамхоша.  Аш нийса а, дика а болх бар ду иза. Вай хоржуш ерг къоман кхане юй а хууш, наха ара а бевлла, кхаж тесна, Нохчийн Республикин, Пачхьалкхан Думе, Парламенте депутаташ а, Республикин Куьйгалхо а хаьржина. Уггаре а чIогIа адамашна дахарехь оьшуш дерг ду хьох тешаш хилар а, хьо тешаш адамаш хилар а. Цундела, халкъ вайх тешаш хиларал деза а, сийлахь а хIумма а дац. И тешам кхоччуш дIабахьа ийман, доьналла, хьуьнар лойла вайна. Дала мукъ лахь, халкъан дуьхьа къахьоьгур ду-кх вай. Массарна дика а волуш, чекхвалалур ву аьлча, иза бакъ дац. АллахI-Дела резаван вайна хиъчахьана, кхидерг дерриге а дIанислур ду. Бусалба, нохчи ша хиларна, хIоранна а тIехь декхар ду шен мохк а, шен къам а дезар. И ца хилча балхахь кхиамаш хуьлийла дац. Халкъана хьалха юьхьIаьржа хIитта йиш йолуш дац вай. Вайна белла тешам ларбийр бу-кх вай. Дала юьхьIаьржонах лардойла вай!..»

Конференцин дакъалацархойн цIарах Р.Эдельгериевс дехар дира Р.Кадыровга Нохчийн Республикин IV-чу кхайкхаман Парламентан Председателан а, Соьлжа-ГIалин депутатийн советан куьйгалхочун а кандидатураш билгалъяхар.

Республикин Куьйгалхочо билгалъяьхначул тIаьхьа, делегаташа къайлах кхажтасарца тIеийцира Нохчийн Республикин Парламентан Председателан дарже Даудов Мохьмадан а, Соьлжа-ГIалин депутатийн советан куьйгалхочун дарже Хизриев Зауран а кандидатураш чIагIъяран хьокъехь сацам.

Цу тIехь конференцис шен болх берзийра.

Л.ДАУТОВА

№111, шинара, эсаран (октябрь) беттан 4-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: