(Соьлжа-ГIалин денца доьзна)
Лараме махкахой!
Даггара декъалдо шу Соьлжа-ГIалин денца!
Вайна дукхаезаш йолчу пачхьенан 198 шо кхаьчна, амма иза, хьалха а санна, къона ю, кхуьуш ю, де-дийне даларца хазлуш ю.
Ламасте дирзина ма-хиллара, Соьлжа-ГIалин де ерриге а республико даздо, хIунда аьлча цуьнан хIора вахархочунна халкъан цхьааллин, доьналлин, халонашка эшалург цахиларан, нохчийн къам шен орамашца дендаларан коьрта билгало хилла лаьтта гIала. Вай дозалла до Нохчийчоьнан коьртачу шахьарх, даккхийде иза денна толуш, хазлуш хиларх.
Вайна цкъа а йицлур яц тIеман хиламаша йохийна, ягийна, амма къарцаелла Соьлжа-ГIала. ХIетахь цхьа а ца тешара, овкъаршлара гIаьттина, денъелла, Россин уггаре а хазачу гIаланех цхьаъ хилла, иза дIахIуттур ю аьлча. Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас дош делира йоццачу хенахь йохийна гIала меттахIотто. Боккхачу лаамца дIаболийра болх. Саьлнех цIандан долийра гIалин урамаш, меттахIиттош яра гIишлош, дахаре юхайоьрзуш яра гIала. Амма Ахьмад-Хьаьжина доьгIна ца хиллера долийнарг чекхдаккха. Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан весеташ кхочушдеш, цо дIадолийнарг кхиамца чекхдаьккхира цуьнан тешамечу накъосташа – овкъаршлара гIаьттира республикин пачхье.
Тахана Соьлжа-ГIала дерриге дуьненахь а сиха кхуьуш хиларан масал хилла дIахIоьттина. Россин вайн заманан тоьллачу гIаланашлахь йоккху цуьнан цIе.
Дуьненан ерриге а маьIигашкара туристаш оьху юхаденъеллачу Соьлжа-ГIалига хьовса. Кхузахь дIахьо дуьненаюкъара форумаш, конференцеш, гуламаш, спортан къийсадаларш. Дуьненахь а бевзаш болу артисташ, спортсменаш богIу вай долчохь дIахьочу культурин а, спортан а даздаршкахь дакъалаца.
Даггара лаьа соьлжагIалахойн а, Нохчийн Республикин берриге бахархойн а, вайн хьешийн а дахар ирсе хуьлийла, дахаран аьтто нислуш, могашаллица дуккха а шерашкахь уьш бехийла!
Дезачу денца, хьомсара доттагIий!
Йинчу денца, Соьлжа-ГIала!
№111, шинара, эсаран (октябрь) беттан 4-гIа де, 2016 шо