Нохчийн охьатохархлатархойн кхиам

Нижегородски областан Бор гIалахь хIокху деношкахь  дIаяьхьира Олимпийски чемпионна, Россин спортан хьакъволчу мастерна А.И.Парфеновна лерина греко-римски кепара охьатохархлатарехула кегийрхошлахь хьалхе яккхаран Ерригроссин турнир.oFrlqIc8XaY

Турнирехь дакъалоцуш бара Россин дуккха а субъекташкара спортсменаш, шайна юкъахь Нохчийчуьра 14  охьатохархлатархо а волуш. Нохчийн спортсменашна юьхькIоме хилира къийсадаларшкахь  дакъалацар.

Шайн-шайн йозаллин категорешкахь хьалхара меттигаш ехира: Мамаев Iийсас (46 кг.) – ДЮСШ №7, Гериханов Сайд-Селима (69 кг.) – ДЮСШ №3, Забаев Ислама (50 кг.) – ДЮСШ №7, Бараханов Адама (54 кг.) –  ДЮСШ №3.

Толамхойн бакъо хир ю кегийрхошлахь хьалхеяккхаран Ерригроссин турнирехь дакъалаца.

Оцу лакхарчу кхиамашка вайн спортсменаш кхачийнарш бу уьш Iамийна церан тренерш: А.Магомадов, Р.Эскерханов.

З.Шишханова

Авторан сурт

№112, пIераска, эсаран (октябрь) беттан 7-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: