Ламасталле дирзина ма-хиллара, товбецан (сентябрь) беттан 28–29-чуй деношкахь Соьлжа-ГIалахь дIаяьхьира пачхьалкхан а, юкъараллин а гIуллакххочун Исаев Хьусайнан сийнна лерина дзюдохула дуьненаюкъара турнир.
Даздаран хьолехь турнир схьаелларехь дакъалецира Нохчийн Республикин езачу атлетикин федерацин президента Кадыров Мохьмада, Нохчийн Республикин физически культурин а, спортан а министра Хизриев Хасмохьмада, Нохчийн Республикин Правительствон туризман комитетан председатела Эдельгериев Амруддис, «Ахмат» клубан президента Висмурадов Абузайда. Хьешашна юкъахь вара вевзаш волу дзюдоист, доьазза Европин чемпион Вараев Башир, ткъа иштта Рио-де-Жанейрохь хиллачу Олимпийски ловзарийн чемпионаш Мудранов Беслан, Халмурзаев Хьасан.
Турнирехь дакъалоцуш вара 14 пачхьалкхера а (Азербайджан, Гуьржийчоь, Монголи, Узбекистан, ГIиргIизойчоь, иштта кхин а), Россин 27 регионера а 300 сов дзюдоист, шайна юкъахь Олимпийски ловзарийн дакъалацархой а, дуьненан а, Европин а чемпионатийн толамхой а болуш. Йозаллин ворхI категорехула (60, 66, 73, 81, 90, 100, +100 кг) дIадаьхьначу къийсадаларшкахь шайн хьуьнарш зийра Нохчийчуьрчу 65 спортсмена. «Эдельвейс», «Даймохк» клубийн векалш бара уьш.
Дийнна схьаэцча, Нохчийн спортсменашна кхиаме хилира турнирехь дакъалацар: шиъ дашо а, цхьаъ дато а мидалш ехира цара. Иштта, шайн-шайн йозаллин категорешкахь хьалхара меттигаш ехира Шамилов Якъуба (66 кг.), Мусаев Шемала (81 кг.). Толаман шолгIа меттиг яьккхира Эдильбиев Мохьмада (81 кг.).
Хьеший а, спортсменаш а резаболуш, дикачу вовшахтохараллица дIаяьхьира турнир.
Хь.АБАЕВ
№112, пIераска, эсаран (октябрь) беттан 7-гIа де, 2016 шо