Х.Нурадиловн цIарахчу театрехь – самукъане суьйре

Дукха хан йоццуш Нохчийн драмин театрехь дIаяьхьира самукъане концерт. Нохчийн Республикин искусствон хьакъйолчу гIуллакххочо Ахмадова Хьавас йиш лакхарца дIайолийра суьйре.

Концерт дIахьош бара Нохчийн Республикин халкъан артисташ Атаев Мовсар, Муртазалиева Асет. Цигахь нохчийн эстрадин артисташа: Альтемиров Iальвис, Кагерманова Раисас, Садулаева Ларисас эшарш лакхарал сов, суьйре хазйинера Нохчийн драмин театран актераша гайтинчу спектаклийн кийсакаша.

Уггаре а чIогIа хьовсархойн самукъадаьккхинарг, церан бIаьргех хазахетаран хи даьккхинарг «Переводчик» цIе йолу постановка яра. Иза гайта йолийчахьана зала чохь йолаелла беламан гIовгIа иза чаккхенга яхча бен ца сецира. Дехха тIараш деттарца, хьовсархоша актерашна хаийтира церан ловзарна шаьш чIогIа реза хилла хилар. Иштта, беламе йоцца масех сценка а гайтира цара. Концерте баьхкинарш – баккхийнаш а, кегийнаш а цхьатерра самукъадаларца арабевлира зала чуьра. Гуш дара, актераша хьегна къа эрна ца хиллийла.

З.КУНТАЕВА

№112, пIераска, эсаран (октябрь) беттан 7-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: