Бераша дуьйцу

Ас муьлха ялае?

– Мама, – вистхилира ойланашка вахана кIант, шолгIачу классан дешархо. – Суна чIогIа хазахета тхайн классерчу Фатимин аз, ткъа Iайнаан юьхь хазахета. ХIинца хIун дан деза? Ас муьлха ялае цу шиннах?

– Ахь цхьажимма собар дичахьана аз а, юьхь а хазаерг евзар ю хьуна, дукха сих ма лохьа! – хьехар дира нанас гIайгIанечу кIантана.

Суна къа ма хета сох…

Мохьмад цомгаш хиллера. Дагар чIогIа хьаладаьллера. Вуон дара цунна. Уллохь Iачу нанас, хIара жимма хьаста дагахь, элира:

– Сан кIант цомгаш ма хиллера!.. Сан дог цомгаш ма хиллера!..

Мохь тоьхнна вилхира Мохьмад. Кхераеллачу нанас  хаьттира:

– Хьо хIунда воьлху? Легаш чIогIа лозу хьан?

ГIийла нене хьала а хьаьжна, Мохьмада элира:

– Суна къа ма хета сох…

ДIаяздинарг — М.МАГОМАЕВА

№112, пIераска, эсаран (октябрь) беттан 7-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: