Тхан рузма

Эсаран (октябрь) беттан 11-гIа де, 1937 шо. Соьлжа-ГIалахь вина Яндаров Ваха, физикин-математикин Iилманийн кандидат, профессор, Нохчийн Республикин Iилманийн академин декъашхо-корреспондент. Дешна  ГIиргIизойн  пачхьалкхан университетан физикин-математикин  факультетехь, цул тIаьхьа  Бакурчу  пачхьалкхан  университетан аспирантурехь. 1967-чу шарахь кхиамца  чIагIйира физикин-математикин  Iилманийн  кандидатан диссертаци. 1960-чу шарахь дуьйна  Соьлжа-ГIаларчу мехкадаьттан институтехь (хIинца – пачхьалкхан мехкадаьттан технически  университет) болх беш ву. Iилманча а, хьехархо а санна, кхиаран  дерриге а тIегIанех чекхваьлла иза кхузахь: ассистент, лакхара хьехархо, доцент, профессор. Карарчу хенахь университетан Iилманан декъехула проректор ву. 1992-чу шарахь  Нохчийн Республикин  Iилманийн академин  декъашхо-корреспондент хоржу (дуьххьарлера харжамаш болуш).

150 сов  Iилманан белхан  автор. Iилманан-хьехаран белхан  лаккхара  мах хадош, В.Яндаровна  совгIат дина «Россин лаккхарчу дешаран сийлаллин  белхахо» знакаца.

Кхалхар хилла 2014-чу шарахь.

Эсаран (октябрь) беттан 13-гIа де, 1943 шо. Шелахь вина Идриcов Дадан, Нохчийн Республикин хьакъволу художник. Суьрташ дахкаран говзалла караерзош, дешна Соьлжа-ГIаларчу №1 йолчу берийн исбаьхьаллин школехь, цул тIаьхьа Краснодарерчу исбаьхьаллин училищехь.

Дуьххьара вовзар деара Ставрополехь гайтаме хIоттийначу «КIентан кIанте дийцар» («Рассказ внуку») суьрто. Говзанчаша лаккхара мах хадийра цуьнан. ХIетахь дуьйна республикехь а, генна цуьнан дозанел арахьа а хиллачу гайтамашкахь хьовсархойн тидаме дехкина Даданан суьрташ: Ленинградехь (1970 шо), Москвахь (1997, 1982, 2005, 2009  шераш), Краснодарехь (2005 шо), Майкопехь (2006 шо), Францехь (2000 шо), иштта  кхечу гIаланашкахь а, мехкашкахь а. 1971-чу шарахь дуьйна СССР-н художникийн союзан декъашхо ву. Коьртачу декъана художник вевза портретан пхьар санна, амма графикехь дехкина суьрташ а ду цуьнан («Окрестности Грозного», «Проводы джигита», «Грозный строится»).

СовгIаташ дина «Нохчийн Республикин хьакъволу художник» сийлаллин цIе яларца а, Россин тIеман ветеранийн кхеташонан Президиуман а, Россин художникийн союзан правленин а Сийлаллин грамоташца, тайп-тайпанчу гайтамийн дипломашца.

Эсаран (октябрь) беттан 15-гIа де, 1913 шо. БелгIатой-Эвлахь вина Музаев Нурдин, поэт, яздархо, гочдархо. 1935-чу шарахь чекхъяьккхина Москвара журналистикин институт. Белхаш бина «Ленинхо» газетан редакторан заместитель, Нохч-ГIалгIайн кинофикацин урхаллин директор, издательствехь редактор, Яздархойн союзан консультант, Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан университетан хьехархо волуш.

Корматаллин ницкъаш зийна прозехь, поэзехь, драматургехь, критикехь, гочдарехь. Шен кхоллараллин дахарехь 30 сов книга арахецна цо («Сан некъ», «Колхозан ловзар», «Селима дуьйцу», «Деган аз» – стихийн, поэмийн гуларш, «Замза» повесть, «Къонахийн болар», «Органан тогIехь», «Сатийсамийн ницкъ», «Мур» – романаш). Нохчийн матте гочйина Руставели Шотан «ЦIоькъалоьман цIокалахь турпал» поэма. Цул сов, Iилманехь а шен лар йитина филологин Iилманийн кандидат хиллачу Н.Музаевс. Iилманийн гуонашлахь мехала лору цуьнан «Жанраш кхиоран новкъахь Къилбаседа Кавказан литературийн вовшашца зIе» цIе йолу болх. Кхалхар хилла 1983-чу шарахь.

Эсаран (октябрь) беттан 15-гIа де, 1920 шо. Йоккхачу АтагIахь вина Хамидов Iабдул-Хьамид, драматург, Нохч-ГIалгIайн АССР-н халкъан  артист. Дешна Энахишкарчу хьехархойн училищехь, Москварчу  театральни  искусствон институтехь (и чекхъяккхаза йисина), Ленинградерчу театральни институтан  актерийн  факультетехь. Белхаш  бина  Нохч-ГIалгIайн АССР-н хелхаран, эшарийн ансамблан  куьйгалхо (1957–1959-гIий шераш), Яздархойн  союзан  правленин председатель (1959–1961-гIий шераш), Нурадилов  Ханпашин цIарахчу театран директор (1962–1968-гIий  шераш) волуш. Ша  кхалхале  хьалха КПСС-н Нохч-ГIалгIайн обкоме  балха вигна хилла иза.

Йоккха хазна йитина I-Хь.Хамидовс  нохчийн литературехь. Дийцарийн, пьесийн духхьарлера «Абубешар» гулар  араелира 1958-чу шарахь. Оццу шарахь  зорбане йолу  цуьнан «Совдаттий, Дауддий» пьеса.

Тайп-тайпанчу шерашкахь  арайолу кхин а кхо книга – «Бож-Iела», «ТIам сийна  кхокха», «Лийрбоцурш». Нохчийн  драматургин  классика хилла лаьтта цуьнан пьесаш. Кхалхар хилла 1969-чу шарахь.

№112, пIераска, эсаран (октябрь) беттан 7-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: