Иштта яра хIокху деношкахь Нохчийн Республикин Къоман музейхь схьабиллинчу суьртийн гайтаман цIе. Иза лерина бара Соьлжа-ГIалин 198 шо кхачарна. Хьовсархойн кхиэле диллина дара Нохчийн Республикехь дика бевзаш болчу художникийн: Асуханов Амандин, Исаев ХIаронан, Дадакаева Элитин, Даудова Фатимин, Хасаев Чингисханан, Тайсумова Тамарин живописан а, графикин а 83 сурт. Гайтам лаьттар бу лахьанан (ноябрь) беттан 4-гIа де кхаччалц.
Гайтам схьабелларехь дакъалоцуш бара художникаш, Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетан искусствон факультетан студенташ, хьовсархой.
Гайтам схьабоьллуш, хьалхара дош олуш йистхилира искусствовед Акиева Хьава.
– Уггаре а хьалха суна шу массо а декъалдан лаьа тIедогIучу Соьлжа-ГIалин а, Кегийрхойн а денца. Хууш ма-хиллара, кегийрхой къоман кхане ю, цундела шуна йовза еза къоман истори, культура. Аш дицдан ца деза вайн дайн гIиллакхаш, Iадаташ.
Таханлера цхьаьнакхетар шатайпа чулацам болуш ду. Хьалхалера Соьлжа-ГIалин суьрташ ду кху гайтаме дехкинарш. Уьш, тхан, баккхийчеран иэсехь дисина урамаш, паркаш, библиотекаш, дешаран заведенеш ю. И суьрташ тхан иэсехь даима а дуьсур долуш ду. Цундела, тIекхуьучу тIаьхьенна истори йовзийтаран дуьхьа вовшахтоьхна бу гайтам. Ас хьалха ма-аллара, кегийрхойх йоьзна ю къоман кхане. Цундела шу Даймехкан патриоташ а, шайл кегийчарна нийса некъ хьоьхуш, оьшучунна тIехь накъосталла деш а хила деза. Шун тахана аьтто бу шайн кхолладелла хаттарш суьртийн авторшка дала. Уьш, берриге а аьлча санна, тахана кхузахь бу. Дала аьтто бойла шун массеран а, – элира цо.
Шен къамелехь Дадакаева Элитас билгалдаьккхира ша а, шен белхан накъосташа а суьрташкахь гайтина меттигаш хьоме хилар а, уьш шайх хIораннан а бераллера меттигаш хилар а. Цо элира: «ХIокху суьрташкахь гойтуш йолу хьалхалера Соьлжа-ГIала, шуна, кегийрхошна, тешна а, цхьанна гина хир яц, хIунда аьлча шу къона ду. Тахана шун иэсехь дуьсур ду таханлера гIалин урамаш, паркаш, ткъа тхан бераллехь гIала кхин яра.
Вайн республика денна а кхуьуш ю, вайн махкахь денна а аьлча санна генна мехкашкара а хьеший бу, иза доккха совгIат ду. Дала мукъ лахь, ирсе хир ду шун хIораннан а дахар. Коьртаниг, шаьш муьлш ду аш диц ца дичхьана».
Официальни дакъа чекхдаьллачул тIаьхьа схьабиллира гайтам. Кегийрхойн аьтто хилира шайн дайшна, наношна безам хетачу хьалхалерчу Соьлжа-ГIалин суьрташка бIаьргтоха а, республикехь бевзаш болчу художникашца суьрташ даха а.
З.ЛЕЧИЕВА
Суьрташ тIехь: Гайтам схьабелларна лерина цхьаьнакхетар
№112, пIераска, эсаран (октябрь) беттан 7-гIа де, 2016 шо