Хонкаран шина шахьарахь Эскишехирехь а, Анкарахь а дIахьур долчу «Навруз-Байрам» даздаршкахь дакъалоцур ду Нохчийн пачхьалкхан хелхаран «Вайнах» ансамблан кIентийн тобано. Ансамблан артисташа цигахь гойтур ю «Башламанхой» аьлла хелхаран композици (хIоттийна Авторханов Абумуслима, керлачу кепехь кечйина Хь. Музакаевс). Иштта, Т. Элимбаевс хIоттийна, Д. Музакаевс керлачу кепехь кечдина «Дошлойн хелхар» а, «Ламанхойн хелхар» а ду Хонкарарчу хьовсархошнагайта лерина. М. Музаевс хIоттийна йолу «Лаьмнийн мукъамаш» музыкин-хелхаран композици а йовзуьйтур ю царна нохчийн артисташа. Нохчийн ансамбль Хонкара кхайкхина Туркойн культурин дуьненаюкъарчу организацис. Билгалдаккха деза, ансамбль цига юкъ-кара йоьдуш хилар а, цигарчу хьовсархоша даима доккхачу хазахетарца тIелоцуш хилар а.
А.ВАХАЕВА