Къоман театран седарчех цхьаъ

Магомадов Сайхан… ПохIме актер. Са цIена адам. Хенан къизалло хьаьшна кхоллам. И дерриге а оцу башхачу цхьана стагах ала мегар дара, нохчийн къоман сцени тIехь цо ловзийна ролаш ца хилча а. Амма актеран говзалла корматаллин лаккхарчу тIегIанехь хилла Магомадов Сайхан шех тешийна ролаш ловзош цкъа а ца хилла. Бакъволу актер санна, иза «вогура» ша васт кхуллучу турпалхочун дахарца. Пьесин авторо, цунна тIаьххье режиссеро шега схьакховдийначу  хьелашкахь вехара иза,  хIора спектаклехь, дикане, адамалле, комаьршалле  кхойкхуш. Цундела  хьовсархой тешара цунах, дезаш тIелоцура цо кхоьллина васт. Магомадов Сайхан дакъалоцуш хиларо спектакле кхин цкъа а  хьажа дог доуьйтура. Цкъа гинчунна актер, мел дукха хан яларх а, цкъа а виц ца лора. Мел дукха хьежарх кIорда а ца вора иза. Актеран керлачу ролашка даима сатосура. Цхьа шатайпа башхалла яра Магомадов Сайханан кхоллараллехь, хьовсархой даима йийсарехь латтош, сирлачу кханенах тешош, дахаре безам чIагIбеш.01

Схьавалар Шуьйтан кIоштарчу Хьорсанера дара 1940-чу шарахь дуьнен чу ваьллачу Магомадов Сайханан. Советийн Iедало бералла къинхетамза хьаьшначарах цхьаъ вара иза. Цкъа а да ган ирс а ца хиллера. Iедало шайн стаг дIалаьцча, кхин дIа хила тарлучу бохамах ларйина, марзхоша, цIаялийна, шен вежаршка дIаелира Сайханан нана. Хиллачух кIант кхетта валале, 1944-чу шеран гIуран (февраль) беттан 23-чу дийнахь Сталинан хьадалчаша вайнах махках бехира. Казахстане хIорш дIабигна мелла а хан яьлча, нана а кхечанхьа маре яхара. Акха тесна хутал санна, цхьалха висира кхиъна вогIу Сайхан. Бакъду, ненавежарша шайгахь йолчу таронца Iуналла-м дира цуьнан, юучуьнца-молучуьнца терго йира, хан тIекхаьчча школе деша вахийтира. Юккъера школа чекхъяьккхина, жима стаг вара Магомадов Сайхан 1957-чу шарахь вайнахана цIаберза бакъо йолуш. Цунах мерза кхаъ хилира, 13 шарахь дай баьхначу лаьттах хьоьгуш, лаамаза хийрачу махкахь хене буьйлучу вайнахана. Цара сихо йира Даймахка цIаберза. Царна юкъахь бара Магомадов Сайханан ненавежарий а. Бакъду, цIаберзар а тайп-тайпана хилира вайнехан. Ламанца Iохкучу дай баьхначу ярташка ца буьтуш, аренца совцийра цхьацца яртийн бахархой. Царна-м шозза махкахбахар дара иза. Делахь а, Iедалан  къизаллех ларлуш, Нохчийчохь хиларх баккхийбеш, маьI-маьIне  дIатарбелира и пекъарш. Магомадов Сайханан ненахой БухIан-Юьртахь севцира. Цаьрца вара хIара а. Воккха мел хили, шен дехошна тIегIорта болчу лаамо а садуура кIентан. Лар толлуш волчу цунна хиънера шен цхьаболу дехой СоIди-КIотарахь, цкъачунна, севцца, дIатарбелла хилар. Делахь а, Казахстане боьдучу шийлачу некъан шогалло  кIентан цкъа мацах хиллачу верасийн могIарш нилхадаьхнера. Кхуьнан деваша я дедеваша ца висинера, ур-атталла дешичойх стаг вацара.Ткъа тайпа-тукхамах дийна висинарг а, халла доьзална напха латто, эгIаза ка-мIараш етташ вара. Цундела, халкъалахь олуш ма-хиллара: «Хьалха ваккха верас а, тIетовжа улло а йоцуш», цхьалха стаг вара чекхдаьллачу ХХ-чу бIешеран 50-чу шерийн чаккхенехь, Магомадов Сайхан. Амма кест-кеста СоIди-КIотара дIалеста ваьллачу жимачу стагана шен тайпанан нах бевзинера, церан кегийрхошца доттагIалин уьйраш тасаеллера. Къаьсттина гергарло дара Магомадов Сайханан шен тайпанан вешица  Хучиев Адамца. Цуьнгахула хиира цунна Советийн Союзан Турпалхочун Нурадилов Ханпашин цIарах йолчу Нохч-ГIалгIайн драматически театрехь хиллачу студехь деша кегийрхой тIеоьцуш хилар а. Хучиев Адам хьалхаваьлла, Магомадов Сайхан а, СоIди-КIотарара кхин цхьа жима стаг Итаев Муьца а цхьана, хIорш  театре баьхкира, студи деша дIатасабала дагахь.

Вайнах санна, къинхетамза махках яьккхина 13 шарахь Iазап текхна театр а яра меттахIотта гIийла бахьанаш лелош. 1941-чу шеран асаран (июнь) беттан 22-чу дийнахь Сийлахь-боккха Даймехкан тIом болабелча, цхьана дийнахь, театрера  ткъех стаг ЦIечу Эскаран могIаршка дIахIиттинера. Царах кхоъ бен дийна цIа а ца вирзинера. Хийрачу махка дIабаьхьначу шийлачу некъо а, цигахь лайначу халонаша а бинера иэшамаш. Цундела актерийн йокъа хIоьттинера къоман театрехь. Ленинградехь йолчу театральни институте деша яхийтина кегийрхойн тоба-м яра, делахь а, уьш цIаберззалц болх ца беш Iойла дацара къоман театран. Цуьнан хьовсархой  а  хьаьгна бара керлачу спектаклех. ЦIахь бисинчу актерашна шайн болх  катоьххана дIаболо лаьара. Иштта гулделлачу бахьанаша схьайоьллуьйтуш яра къоман театрехь актерийн говзалла караерзо луучу кегийрхойн студи. Лакхарчу Iедалан тIегIанехь дехарш дина, Москвара схьабалийна говза режиссераш – Минаев  Минай, цуьнан хIусамнана Горькая Лидия – бара кегийрхой тIеоьцуш, похIме берш царна юкъара схьакъастош. Бакъду, СоIди-КIотарара цхьаьна охьавеана кхо доттагI студе дIаэцначийн хьалхарчу могIарехь вара. Билгалдаккха луур дара, тIаьхьуо вайнехан къоман театран сийлахь цIе шайн къеггинчу похIмица серлайохур йолу кегийрхой кхин а бара студехь, деша йолчу Iалашонца зерех чекхбовлуш: Омаев Дагун, Багалова Зулейхан, иштта кхиберш а. Оцу муьрехь вовшашца тасаделла доттагIалла дерриге а дахарехула чекхдоккхур ду цара,   хало а, атто а цхьаьна ловш. Дийнахь доьшура студийцаша, ткъа суьйранна театрехь гойтуш йолчу спектаклийн массовкашкахь дакъалоцуш хуьлура. Спектаклашкахь  дакъалацаро гIодора кхарна актерийн говзалла караерзо а, кхечу актерийн ловзаран тидам бан а. Театран дахарх  волар а хуьлура, даима цуьнан тхов кIел хьийзаш хилча.02

Режиссера Харлип Павела хIоттийначу «Молла Несарт» цIе йолчу спектаклехь яра Магомадов Сайханах тешийна дуьххьарлера роль. Молла Несартан васт малхбалерчу халкъашлахь деха ворхI бIе шов сов зама ю. Хийра вац и самукъане турпалхо вайнахана а. Оьрсийн яздархоша Соловьев Леонида, Викович Виктора язйина изза цIе йолу пьеса бухе юьллуш, хIоттийнера Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан драматически театро «Молла-Несарт» спектакль. Нохчийн яздархо Саидов Билал вара и пьеса нохчийн матте яьккхинарг. Ткъа Молла Несартан самукъане васт кхоьллинарг, Дениев Iальви вара. Кхин а гIарабевлла бевза нохчийн актераш бара спектаклехь дакъалоцуш: Зубайраев ЯрагIи, Мусаев Хьалим, Мустапаева Хьулимат, Хакишева Хьава, Дудаев Муса, Ташухаджиева Асет, Нудушев ХIарон, Джабраилов Iабдул-ВахIаб. Чалма хьарчийначу хьекъалчин васт кхуллуш вара Магомадов Сайхан «Молла Несарт» спектаклехь. Кхузахь билгалдаккха догIу, шел 60 шо воккхачу стеган васт кхоллар тIедиллинера режиссеро къоначу актерана. Сцени тIехь дуьххьара гIулчаш йохуш Сайхан хилар тидаме лаьцча, нийса ца хила а там бара иштта йоккха хенан башхалла гайтар актерана тIедиллар. Делахь а, иза ларийра шен декхаршца. Цул сов,  цIарна цIе  яххана болчу актерийн сцени тIехь леларх кхин къаьсташ а дацара кхуьнан ловзар а. «Молла Несарт» спектакло дегайовхо кхоьллира вайнехан къоман театрехь хьуьнаре керла актераш гучубовлуш хиларх. Царах цхьаъ вара къона актер Магомадов Сайхан.  Спектаклехь дакъалацаро актеран корматалла караерзо юьхьарлаьцна  Iалашо нийса хиларх ойла  чIагIйира жимачу стеган, кхидIа хир болчу кхиамех дегайовхо а кхуллуш.

Чекхдаьллачу ХХ-чу бIешеран 60-чу шерийн юьхь Нохч-ГIалгIайн театр меттахIутту мур бара. Доккха дакъалаьцна вайнехан театр меттахIотторехь къоман драматургаша. 13 шарахь нохчийн хьовсархой похIмечу актераша сцени тIера олучу говзачу дашах хьоьгуш Iийний хууш, цхьамогIа яздархой бара, оцу муьрехь, театрана пьесаш язъеш: Ошаев Халид, Музаев Нурди, Мусаев Мохьмад, иштта кхиберш а. Мусаев Мохьмада язйинчу «Цхьана эвлахь» цIе йолчу пьеси тIехь изза цIе йолу спектакль хIоттийра нохчийн дуьххьарлерчу режиссеро Батукаев ХIарона. Башхачу актерийн тайна ансамбль яра  цо спектакль хIоттош тIеозийнарг: Зубайраев ЯрагIи, Мусаев Хьалим, Ташухаджиева Асет – къеггинчу похIмо зазахецна йогIу къона актриса Багалова Зулейхан. Говзаллин лаккхарчу тIегIанехь корматалла йолчу оцу актерийн тобанца спектаклехь Исарин васт кхуллуш вара Магомадов Сайхан. 1964-чу шеран эсаран (октябрь) беттан 18-чу дийнахь арадаьллачу «Ленинан некъ» газет тIехь гIараваьлла вевзачу нохчийн яздархочо Ошаев Халида, хьовсархошна езаеллачу спектаклан кхиам билгалбоккхуш, яздора: «Иштта, дика сурт кхуллу Магомадов Сайхана Исарин роль ловзош. Гуш ду и артист доккха похIма шегахь долуш хилар. Беламе роль ю цуьнгахь ерг. Даима йоьлуш латтайо  цо театр». Ехха театран репертуарехь лаьттира «Цхьана эвлахь» спектакль. ХIора аьхка вайн махкарчу дукхах йолчу ярташкахула чекхйоккхура театро иза. Мел дукха гайтарх кIорда ца еш, хьовсархой гуллора цуьнга хьовса. Иштта, боккхачу кхиамца «Цхьана эвлахь» спектакль дуккха шерашкахь, басах, чомах ца телхаш, яхар, похIмечу актеран Магомадов Сайханан хьуьнарх доьзна хетара театръезархошна.04

Оцу муьрехь Нохч-ГIалгIайн театран сцени тIехь Iаламат боккхачу кхиамца чекхъяьллачарах цхьаъ ю «Безаман некъаш» спектакль. ГIараваьлла вевзачу гIалгIайн яздархочо Базоркин Идриса изза цIе йолуш язйинчу пьеси тIехь режиссера Децик Николайс хIоттийнера иза. Безам хилла ца Iара спектаклехь буьйцург. Нуьцкъала амал, синъондалла йолу адамаш, церан къоначу дахарна новкъарло ян лаам болчу са кIезигчу адамийн ямарт шалхонаш яра  «Безаман некъаш» спектаклехь хьовсархойн ойла жигарайоккхуш, сцени тIехь гойтучунна декъа ийзош, хIора а шен кхолламан да хила Iамош. Хьалха гинчу спектаклашкахь беламечу ролашкахь гина Магомадов Сайхан тамашийна хетара «Безаман некъаш» спектаклехь Олхазаран ролехь дуьххьара сцени тIехь гучуваьлча. ХIинцца цхьа забар цо кхоссаре ладоьгIнначохь дIатийра хьовсархой. Амма оцу спектаклехь актер кхечу амплуахь вара. Ша говза кхоьллинчу нуьцкъалчу вастаца, цуьнан шалхонашна хийра йолчу амалца, экамечу синан  дегаIийжамашна айкхдуьйлучу бIаьргашца, актеро кхойкхура дуьххьарлера безам ларбаре, цунна тешаме хиларе, ямартлонах къахкаре. Магомадов Сайхана кхиамца кхоьллинчу Олхазаран васто билгалдаьккхира актеран таронаш, доза доцуш, шуьйра хилар а. «Безаман некъаш» спектакло хьовсархошна дукхабезачу актерийн могIаре дIахIоттийра къона актер. Иза вовза вуьйлира хьовсархошна. Цуьнан цIе боккхачу ларамца яккха йолийра вайнехан кхоллараллин интеллигенцин шуьйрачу гуонашкахь. Амма баьккхинчу кхиамах Iехалучарах вацара Сайхан. Иза къинхьегамхо вара. Нохчийн къоман театран искусствон муьтIахь йийсархо а вара. Кхин цхьа бакъдерг а ду кхузахь билгалдаккха догIуш. «Безаман некъаш» спектакло, къоман театран режиссераш а кхетийра Магомадов Сайханан таронаш беламечу ролаш тIехь кхачош цахиларх. Цунна къеггина тоьшалла ду 1965-чу шарахь Нохч-ГIалгIайн драматически театрехь, нохчийн литературин бухбиллархочо Бадуев СаIида язйинчу «ПетIамат» драми тIехь хIоттийна изза цIе йолу спектакль. Чолхе кхоллам болуш ю и драма. 1937-чу шарахь язйина яьлла, театро сцени тIехь хIотто йолчу Iалашонца тIехь болх бан йолийна яра «ПетIамат». Амма Бадуев СаIид НКВД-с хIаллаквира, театр цхьана ханна дIакъевлира, национализман бен лерина. ТIахьуо схьайиллинчу театро шен болх карлабаьккхича а, Бадуевн говзарш къоман театран сцени тIехь хIиттор луьра дихкина дара. Вайнаха Юккъерчу Азехь даьккхинчу 13 шарахь Бадуев СаIид а, цуьнан башха кхолларалла а хьехочохь ца  хилла. Бакъду, вайнах дай баьхначу лаьтта тIе цIабирзича режиссера Батукаев ХIарона  кхин цкъа а хIоттийра «ПетIамат», коьртачу ролехь Нохч-ГIалгIайн хьакъйолу артистка Алиева Тамара йолуш. ХIинца  режиссера Харлип Павела къоначу актрисин Багалова Зулейханан амплуана тIейоьгIна хIоттош яра и спектакль. Моллин васт кхуллуш, Батукаевн спектаклехь санна, Зубайраев ЯрагIи вара. Магомадов Сайханах тешийнарг Калин роль яра. Батукаевс хIоттийначу спектаклехь Калин васт кхоьллинарг Нохч-ГIалгIайн халкъан артист Бадуев Мовжди вара. Цуьнан похIма девзаш волу Сайхан мелла а шеконехь вара, режиссеро тIедехкинчу декхаршца ша ца лараварна кхоьруш. Амма премьерехь гуш дара Калин чолхе васт кхолла къоначу актеро керла харш лехна хилар. Дог цIена, хьекъалан кIоргенаш йоцуш, Ислам дин, хIайкал санна, лоруш волу Кала, цхьаболчу ямарт молланаша, бIешерийн боданера таханене кхаччалц, шалхонийн кIоршамечу гурашкахь сецочу нохчийн декъазчу къоман шатайпа билгало хетара Магомадов Сайханан ловзарехь. Цуьнан Кала тешара моллех. Калина дага а ца догIура моллас дуьйцург цхьана мIаьргонна а шеконе дилла. Иза иштта Iамийна вара, иштта кхиийна вара. Йилбазалла дацара Калин экамечу сица, оьздачу дегIаца, сирлачу ойланашца. Аганарчу беран санна, цIена, мекха лацаялаза яра цуьнан ойланаш. Цундела дукхавезара Магомадов Сайханан Кала хьовсархошна. Къа а хетара, нанас дена винчу вешех санна. Говзачу актеран исбаьхьа похIма дара иза хьовсархойн  дегнашна  нуьцкъала тIеIаткъам беш, бенцахетаран маша цестина самадовлар доьхуш,  адамалле, къинхетаме, дог цIеналле  кхойкхуш.

Къаьсттина ХХ-чу бIешеран 60-чу шерийн юкъ а, цуьнан чаккхе а Iаламат беркате хилира актерана Магомадов Сайханна. Мукъа цхьа а де дуй-те аьлла, дукха спектаклашкахь дакъалоцу цо, кхиамца къеггина васташ кхуллуш, хьовсархойн шега болу безам денна тIеттIа чIагIбеш. Ерриге а уьш ягаръян дукха хан оьшур яра. Делахь а, царах цхьаерш билгал ца яьхча нийса хир дацара аьлла хета: «ЦIий Iанийна ловзар», «Лийрбоцурш», «Бешто», «Къийсам», «Бож-Iела», «Асланбек Шерипов», иштта дуккха кхиерш а. Ягарйинчех хIора спектакло боккха кхиам беара Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан театрана а, спектаклехь дакъалоцуш хиллачу къоначу актерана а. Актеран сийлахь цIе дозаллица, боккхачу безамца йоккхура цуьнан сирла кхолларалла езачара. Цунах цецвуьлийла дац. Нохчийн тоьллачу актерех цхьаъ вара Магомадов Сайхан оцу муьрехь. Цуьнан  хьанал къинхьегам нохчийн къоман театран искусствехь мах боцу беркат хилла дIахIоьттинера.

Аьлларг а, яздинарг а тIечIагIдо режиссера Хакишев Руслана хIоттийначу «Мекхаш-Мирза» цIе йолчу спектакло. Нохчийн хьовсархошна къоман драматурги, къаьсттина комеди дукхаезийла хууш, карлаяьккхина яра  театро «Мекхаш-Мирза» спектакль.  ПохIмечу режиссера Хакишев Руслана халкъана, махкана дина совгIат ала мегар дара цунах. Коьртачу ролехь, Мекхаш-Мирзин васт кхуллуш, Давлетмирзаев МутIелип вара. «Мекхаш-Мирза» спектаклан декъашхой  берриге а  бара маьлхан зIаьнарех серладуьйлучу похIмин актераш: Зубайраев ЯрагIи, Дениев Iальви, Дудаев Муса, Чимаев Хьамид, Мусаев Хьалим, Исаева Асет, Хакишева Хьава,  Багалова Зулейхан, Минкаилова  Зоя, Эсенбаева Зарема, иштта дуккха кхиберш а. Магомадов Сайханах тешийнарг Хьарамбин роль яра. «Мекхаш-Мирза» спектаклера дукхах болу турпалхой бара церан цIерша а алссам хаам шайх лур  болуш. Масала,  Аьрша-Хьаьжа, ХIилланбек, Хьарамби. Хьарамбин ролехь Магомадов Сайхан хиллехь, Дудаев Муса ХIилланбекан а, ткъа Чимаев Хьамид Аьрша-Хьажин а васт кхуллуш вара. Актераша сцени тIехь ца деш хIума ца дуьтура, шайн турпалхойн цIармат сутаралла Iораяккха. Адамана гIан-набаршкахь цкъа а дага ца догIудерг дага догIура царна, шайн говзаллин таронашца, тIаккха иза беламе доккхуш, хьовсархойн самукъадаккха ка а йолура актерийн. Масала, Iуьйранна гIаьттинчу Хьарамбина шен вордана уллохь бекъа йина, цунна тIе мотт хьоькхуш лаьтташ Мекхаш-Мирзин говр го. Хьарамбис  дукха чехка говр дIаэккхайо, тIаккха бекъа шен вордано йина олий, самукъадаьлла кеп хIоттош, мохь бетташ кхаьънаш даха волало. Вордано бекъа йойла дац, иза шен говро йина ю аьлла, бекъа дIайига веана Мекхаш-Мирза эккхаво: «Хьан говро йинехь, хьан уьйтIахь хир яра иза, сан вордано сан уьйтIахь йина бекъа хьан хуьллийла дац», – бохуш, чIагIонаш йо Хьарамбис. Цо дуьйцучух цецваьлла, бага гIаттийна лаьтта Мекхаш-Мирза. Ткъа хьовсархой-м гIадбахана боьлу, юхаберза ца туьгуш. Алссам забарен иллеш, эшарш, хелхарш долуш, Iаламат самукъане спектакль яра «Мекхаш-Мирза». Цунах-м дуьххьарлера нохчийн оперетта ала мегар дара. Халкъан синкъераман кепехь дIахьош яра иза юкъахь  жухаргаш а болуш. Хетарехь, Магомадов Сайханан корматаллин комедийни таронаш къаьсттина къеггина гучуевлира режиссера Хакишев Руслана хIоттийначу «Мекхаш-Мирза» спектаклехь.  Шозза-кхуза хьаьжча а «Мекхаш-Мирза» спектакль кIорда ца йора, цуьнга хьажа лаьара, цо самукъадоккхура. 1968-чу шеран асаран (июнь) беттан 18-чу дийнахь арадаьллачу «Грозненский рабочий» газетан агIонаш тIехь театроведа Щедродарова Галинас яздора «Мекхаш-Мирза» спектаклах а, оцу юкъахь дакъалоцуш болчу похIмечу актерех а, довха дешнаш ца кхоош. Къаьсттина билгалдоккхура Щедродаровас Хьарамбис, ХIилланбека, Аьрша-Хьаьжас сискална гуонаха деш долу хелхар. Нохчийн мотт цахуург  а  кхетар волуш, самукъане, забаршца, доккхачу хьуьнарца  и мизансцена актераша дIахьош хилар тIечIагIдо театроведо шен  хастамечу статьяхь.05

Шуьйра таронаш йолчу актеран   корматаллина тIейоьгIна керла спектаклаш хIиттайо къоман театрерчу режиссераша. Царна юкъахь хьахо хьакъ ю режиссера Хациев Лом-Iелас хIиттийна цхьамогIа спектаклаш. Уггаре а хьалха билгалъяккха йогIу В.Васильевн «Сказка зимней ночи» пьеси тIехь хIоттийна «Жоьра-Баба» (Баба-Яга) спектакль. Иза берашна лерина хIоттийна яра. Вайн махкарчу бераша  чIогIа хазахеташ  тIеийцира «Жоьра-Баба». Хетарехь, со гIалат хир яц, хазахетаран бахьана актеран Магомадов Сайханан похIма дара аьлча. Россин дукха театраша хIоттийна ю Васильевн «Сказка зимней ночи» пьеса. Массо театрашкахь Жоьра-Бабин роль зударша ловзош хуьлура. Ткъа Соьлжа-ГIаларчу къоман театрехь Магомадов Сайхан вара кадечу Жоьра-Бабин башха васт кхоьллинарг. Говза йиллинчу гримо, тIедуьйхинчу барзакъо хьовсархошна дага а ца доуьйтура коьртачу ролехь боьрша стаг хилар. Ша ца кхоош, доггах болх бора актеро «Жоьра-Баба» спектаклехь. Цунна чIогIа лаьара берийн самукъадаккха. Бакъдерг билгалдаккха догIу, и бехке боцу лаам кхочушбан цуьнан  дика каелира. Масех шарахь лаьттира и спектакль театран репертуарехь. Иштта, театран кхиам хилла дIахIиттинчарах ю режиссеро Хациев Лом-Iелас Нохч-ГIалгIайн драматически театран сцени тIехь хIиттийна «Сан зудчун майра», «Сан стун-нана» цIерш йолу спектаклаш а. ХIирийн драматурга Хугаев Георгийс изза цIерш йолуш язйинчу пьесаш тIехь хIиттийна комедеш яра уьш. Цхьадолу  хIуманаш вайнехан оьздачу гIиллакхашца догIуш дацара пьесашкахь а, царна тIера гIалаташ нисдеш шена хало ца еш, режиссеро хьовсархойн кхиэле  йохкучу  спектаклашкахь а.  Амма башхачу актерийн говза ловзаро, церан зевнечу забарша хьулдора цхьадолу кхачамбацарш. Пьесийн чулацам тергал ца беш, актераша сцени тIехь самукъане дIахьочу ирсечу адамийн зовкхечу дахаре хьовса баьхкинарш хаалора ишттачу спектаклашкахь. Магомадов Сайхан, хIусамненан когакIело хилла, хене вуьйлучу Дженан васт кхуллуш вара оцу комедешкахь. Актеро говза гойтура сонтачу куралло хIусамненан а, кавказхойн зударийн оьздачу хотIах херйинчу зудчун лай хилла веха и пекъар, забаречу хоршахь кхоьллинчу вастаца ерриге а спектакль серлайоккхуш. Актерана хаьара муьлххачу а спектаклехь хьовсархойн син кIоргене кховда, церан даг тIе кхача беркате некъалар харжа.

Делахь а, режиссеро схьакховдийначу хьелашкахь сцени тIехь говза васт кхоллар а, зевнечу ирсо кIеж туьйсу нехан дахар, забарийн басарш ца кхоош, хьовсархойн  дог хьостуш, гайта хаар цхьаъ дара, ткъа шен дахарехь къелла мискаллица юцуш, хене вийлар кхин дара.

Ткъе итт шо кхаьчна гIеметтахIоттаре вирзина къонах вара Магомадов Сайхан ХХ-чу бIешеран 70-гIа шераш дуьйлалуш. Амма шен долахь тховкIело яцара цуьнан. Театран юкъарIойлехь цхьа  чоь  еллера, кестта дукха гIаьттанаш долчу цIийнехь петар лур ю бохуш, дуьйцуш хабарш а дара. Амма и «кестта» тIе ца кхочуш, масех шо дIадаьллера. Эххар а, театрера дIавахара актер, масийтта белхан меттиг а хийцира, ГIалмакхойчу вахана масех шо а даьккхира.

Амма  Соьлжа-ГIалех ваьлла цхьанхьа Iалур волуш ца хиллера вайн турпалхо. ПохIме актер хиларал сов, иштта похIме поэт вара Магомадов Сайхан. ДагадогIий шуна, цо дешнаш яздина, ша мукъам баьккхина дIаолуш хилла Даймахках долу илли?

Тхан дайша ларбина,

Наноша хазбина

Сийлахь Даймохк!

Хьан лекха лаьмнаш,

Шера аренаш

Хьоме Даймохк!

Ишта-м, вайна массарна дукхадезаш долу «Бож-Iела» спектаклера илли а ду Магомадов Сайхана мукъам баьккхина. Хазахета иллиалархойн къоначу чкъуро карладаьккхина и илли хIинца а халкъалахь дехаш долуш, заманан йохалла исбаьхьаллин нур ца довш, иза схьадогIуш а, вайн лерса хьоьстуш а. Цкъа мацах нохчийн къоман театран сцена серлайохуш , самукъанечу вастийн дахарца «ваьгначу» актеран Магомадов Сайханан безам бу иза а.

Хаза ю ламанца буьйса.

Батто стиглахь нека до.

Ойла ю тоелла тховса,

Безам кийрахь ийало.

Собардехьа, дIа ма гIохьа,

Ши дош ала бакъо лохьа.

Сайн дагахь дерг дийцийтахьа,

Еза, йола алийтахьа…

Ткъа и тайпа сирлачу ойланашца веха кхоллараллин стаг Даймахках ваьлла Iалур вацара, мел йоккха хIонс шена цигахь карайогIург хиларх. Ца Iавелира гIалмакхойн махкахь Сайхан а. КхидIа а, дуьнен чохь яккха йисинчу ханна,  шен цхьалла Даймахкахь тIакха цIавирзира нохчийн похIме актер. Амма, мел халахеташ делахь а, оьмар Iаламат йоца хиллера-кх цуьнан. Бераллехь лайначу халоно а, дукхабезачу балхах къастаро а ницкъ бина, 1977-чу шарахь детталучуьра сецира похIмечу актеран экаме дог. Шен 37 шо дузале бакъдуьнена вирзира, къизачу кхолламо дера чехийнарг. Делахь а, вайца даха дисина цо безамца кхоьллина исбаьхьа васташ.  Нохчийн къоман театран искусствон мах боцу беркат хилла царах. Уьш бахьанехь лаьтта хьовсархойн иэсехь хьуьнаречу актеран сирла амат. Заманан йохалла иза дицлур дац, Дала мукъ лахь! ХХ-чу бIешеран 70-чу шерашкахь вайнехан къоман театрехь кхиамца болх бинчу тоьллачу актерех цхьаъ вара иза. Сирлачу седанца йоьхье дуьйлуш,  лепара цуьнан исбаьхьа похIма, оцу мурехь. Къоман театран искусство серлаяьхначу башхачу актерех вара Магомадов Сайхан.

 

А.ГАЗИЕВА

 

№112, пIераска, эсаран (октябрь) беттан 7-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: