Археологашна карийнарш
МАЙКОП. Адыгейн Республикехь экспедицехь хиллачу хенахь археологашна карийра дукха хьалхалерчу палеолитан муьрехь цигахь адамаш даьхна хилар чIагIдеш йолу хIуманаш.
Майкопски кIоштарчу Семияблоневи хи чохь талларш дIахьочу хенахь исторически Iилманийн кандидатана Дороничева Екатеринина а, регионан къоман музейн Iилманан белхахочунна Недомолкин Андрейна а карийра 150–200 эзар шо хьалха тIулгах йина хIуманаш. Царна юкъахь яра шина а агIор ирйина мокхазах йина дагаран куьцехь хIума а, неIарна дабагI даран гIирсаш а, мокхазан арсаш а.
Iилманчаша чIагIдарехь, и тайпа наггахь бен карош йоцу хIуманаш кароро кхечу кепара хьажа доьзуьйту хьалхалерчу заманахь цигахь адамаш даха ховшаран гIуллакхе. Оцу хийистехь дIадаьхьначу талларша гойту цигахь адамаш мосуьйттазза даха хевшина хилла хилар.
Археологаша бинчу талламаша гойту хIетахь цигахь баьхначара цIарах пайдаоьцуш хилла хилар а. Иза чIагIдан бакъо ло цIе ягийна меттигаш карийна хиларо. Ткъа оцу хенахьлерчу ораматийн йинчу анализо гайтира 150 эзар шо хьалха хIинцачул мелла а шийла хилла хилар.
Къаьмнийн культура йовзуьйту
ХIинжа-ГIала. «Лекхачу а, доьналла долчу а лаьмнийн махкахь» аьлла цIе йолуш, Дагестанан культурин кIира дIадолийна Владимирски областехь. Даздаран хьолехь иза схьадиллира областан берашна а, кегийрхошна а лерина йолчу библиотекехь.
Пхеа дийнахь регионан бахархошна йовзуьйтур ю Дагестанан культура, гIиллакхаш, кухня. Республикин юкъараллин «Дагестанан юкъараллин-культурин туш» аьлла йолчу организацин председатела Дибиров Завурбега дийцарехь, шаьш долчохь бехаш дуккха а къаьмнийн векалш хилар хьесапе а оьцуш, массо а къаьмнийн культура, гIиллакхаш довзийта хьовсур бу регионан векалш.
Ларамаза дац иштта денош оцу областехь вовшахтохар. Юкъараллин организацин куьйгалхочо чIагIдарехь, Владимирски областехь вехаш цхьа эзар сов дагестанхо ву. Кхо шо хьалха кхоьллира регионехь оцу векалийн къоман юкъараллин организаци. Ткъа кху шеран аьхка цхьаьна гIуллакхаш даран хьокъехь болчу бартана буха куьйгаш яздира Владимирски областан а, Дагестанан а куьйгалхоша.
Хинйолчу тIаьхьенан дуьхьа
НЕСАРЕ. Йина яьлла ГIалгIайчохь дуьххьарлера перинатальни туш. Цуьнан болх дIаболорна кечамбарехь а, иза дIаболорехь а, схьаелларехь а меттигерчу Iедалша гIодар дийхира Хабаровски перинатальни туьшан хьалха хиллачу куьйгалхочуьнга Ступак Валерийга.
Иза дарца регионехь хьесапе оьцура оцу кепара йолчу медицинин учрежденин болх вовшахтохарехь кхайкхинчу говзанчин доккха зеделларг хилар. Билгалдаккха деза тахана неонатологин декъехь уггаре а тоьллачу говзанчех цхьаъ иза хилар. Хабаровски перинатальни туш схьаелларал сов, цуьнан ницкъ кхечира бераш даран а, бераллин а службехь медицинин гIо дарехь кхаа тIегIанан система кхолла.
Республикехь дегайовхо йолуш бу ноналла а, бералла а Iалашдаран гIуллакх шаьш долчохь керлачу тIегIане даккха говзанчас гIо дийриг, шена оцу балха тIехь зеделларг меттигерчу лоьрашка дIакхачориг хиларх. Махкахь вевзаш волчу говзанчас хаийтира ша цу тIехь мало йийриг цахилар.
Берашна ловза меттигаш
ЭЛИСТА. Регионан Юкъараллин палатин а, гIалин администрацин а дIадолорца, ГIалмакхойчоьнан пачхьенан ерриге а микрорайонашкахь а, кIошташкахь а берашна ловзаран меттигаш йина. Царна уллохь дай-наношка садаIийта, хазъеш, куьце ялийна гуонахара меттигаш а.
Юкъараллин палато юкъаяьккинчу оцу проектан коьрта Iалашо ю тIекхуьуш долчу чкъуран кхерамазаллина кхачояр. Цхьана баттахь «Ларло! Берийн майда» аьлла дIаяьхьначу акцин гурашкахь палатин декъашхоша билгалдаьккхира оцу декъехь долчу хьолах гIалахошна хетарг. Цо таро хилийтира ловзаран меттигашкахь долу хьал ма-дарра довза а, кхераме меттигаш гучуяха а. Цуьнца цхьаьна билгалделира майданашкахь болу спортан, ловзаран гIирсаш муьлхачу хьолехь бу а.
ДIадолорхой шайн коьртачу Iалашоне кхаьчна ала мегар ду. ДуьххьалдIа Элистахь товбецан (сентябрь) баттахь кхоьллина 16 меттиг. Ткъа дийнна республиках дерг аьлча, уьш 42 майда ю. Цу тIехь болх сацо дагахь а бац – гIалин администрацис шен планашкахь билгалдина майданашкахь спортан Iалашонан гIирсаш хIиттор.
Лисицианан цIарах конкурс
Буру-ГIала. Кхузахь шен болх чекхбаьккхина дуьненахь гIараваьлла вевзаш волчу Лисицианан цIарахчу дуьненаюкъарчу вокальни конкурсо. Иза дIаяьхьира «Гергиева Лариса йолчохь хьошалгIахь» аьлла йолчу фестивалан гурашкахь.
ХIинца доьазлагIа гулбеллера тайп-тайпанчу мехкашкара вокалисташ Буру-ГIала. Фестиваль вовшахтохархочо концертмейстера Гергиева Ларисас дийцарехь, хIора шарахь тIеттIа алсамболуш бу конкурсехь дакъалоцуш болчу вокалистийн барам. Билггалчу бакъдолчаьрца тIе а чIагIдо ша аьлларг: нагахь хьалхарчу шерашкахь дакъалоцуш 3–4 махкара векалш бен ца хиллехь, кху шарахь конкурсехь дакъалецира 16 махкарчу вокалисташа. Царна юкъахь яра Украина, Эрмалойчоь, Узбекистан, Германи, Голланди, Итали, Чина, Монголи, кхиерш. Цо гойту цуьнга долу хьашт тIеттIа алсамдолуш хилар.
Шина номинацехь дIаяьхьира конкурс. «Классический вокал» номинацехь лауреаташ хилира Петряник Ярослав (Росси), Якутера Чернецов Григорий, Козловский Вячеслав (Беларусь), Оостерхоф Гульнара (Голланди). «Камерное пение» номинацехь тоьлла лерира Сулейманова Юлия (Украина).
Толамхошна а, дакъалацархошна а совгIаташ динчул тIаьхьа гала-концерт хIоттийра.
Юха а зазадаьккхина каштанаша
СТАВРОПОЛЬ. Шатайпанчу хиламан тешаш хилира крайн коьртачу гIалин бахархой. Товбецан (сентябрь) бутт юкъал тIехбаьллачул тIаьхьа урамашкахь зазадаккха долийна каштанаша. Тидам шашаха тIебоьду дукхах долчу дитташна тIера дукхах долу гIа доьжна хиларна.
Цул сов, гIалин ботанически бешахь а, цхьайолчу дачашкахь а сиренин кондарша а долийна зазадаккха.
Говзанчаша чIагIдарехь, кхузахь цецдийла оьшуш хIума дац. Каштано зазадаккхар, масала, доьзна ду аьхкенан муьрехь цунна зуламечу сагалмато зиэн дина хиларца. Ткъа сирень дукха догIанаш эхар бахьанехь мелла а хьалха садаIа доладелира. Iаламан хиламаш бу уьш.
ЗаьIапхойн фестиваль
НАЛЬЧИК. КхоалгIа шо ду Къилбаседа Кавказан регионашна юкъара заьIапхойн кхоллараллин фестиваль дIахьош йолу. ДIадаханчу шарахь иза тIеийцира Кхарачойн-Чергазийн Республикехь, тIедогIучу шарахь Соьлжа-ГIалахь дIахьур ю. Цуьнан коьрта девиз ю: цхьабосса таронаш – массарна а хьакъ доллу дахар.
ГIебартойн-Балкхаройн Республикин берийн социально-реабилитацин «СтелаIад» туьшахь фестивалан дакъалацархоша вовшашна дийцира заьIап баккхийнаш а, бераш а юкъараллин дахарна юкъаозоран зеделлачух. Масала, регионан диабетикийн юкъаралло хьалха хIоттийра «Говзанчийн гIала» проект. Цуьнан гIоьнца бераш Iема шайн куьйгашца цхьацца ловзо хIуманаш ян.
Цуьнан дакъалацархоша иштта дийцаре дира фестивалан хиндерг а.
«АВТОБУС» операци
ЧЕРКЕССК. Иштта цIе йолуш ю Кхарачойн-Чергазийн Республикин пачхьенехь дIайолийна профилактикин операци. Билгалъяьккхина цуьнан коьрта Iалашо а: адамаш дIасалелош болчу водительша некъан боламан бакъенаш талхор цахилийтар.
Регионан МВД-н пресс-службо бечу хаамца, операцин гурашкахь иштта толлур ду маршруташка йовлуш йолчу машенийн технически хьал. Гучу а йохуш, адамаш дIасакхийлар доьхкур ду шайн конструкцехь хийцамаш бинчу машенашна. Сацам боллуш къийсам баржор билгалдина лицензеш тIехь харцонаш лело гIертачарна дуьхьал. Дийнна схьаэцча оцу гIуллакхо некъашкахь йолу къепе хаъал тоян ницкъ кхочур бу аьлла хеташ бу гIалин администрацехь а, бакъонаш ларъяран органашкахь а.
Хаамаш кечбинарг – Л.МАГОМАЕВ
№112, пIераска, эсаран (октябрь) беттан 7-гIа де, 2016 шо