Иштта цIе йолу Хьалхара дуьненаюкъара гастрономин фестиваль дIахьур ю Соьлжа-ГIалахь
2016-чу шеран эсаран (октябрь) беттан 8–9-чуй деношкахь Нохчийн Республикин пачхьенехь – Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу коьртачу майданахь – Россин гастрономин туризман декъехь билгал хилам хир болу кхача кечбаран а, жигара садаIаран а Хьалхара дуьненаюкъара «ШАШЛЫК-МАШЛЫК» фестиваль дIахьур ю.
Иза вовшахтухур ю Туризмехула йолчу федеральни агентствос а, Нохчийн Республикин Правительствон туризмехула йолчу комитето а.
Россин Федерацин регионашкара хилла а ца Iаш, кIоран тIехь жижиг кечдаран хьал долчу ламасташца гIарадевллачу мехкашкара (Юккъерчу Азин мехкашкара, ГIажарийчуьра, Болгарера, Сербера, Испанера, Эрмалойчуьра, Гуьржийчуьра, Азербайджанера) тоьлла кулинараш бу кхайкхина.
Фестивалан программина юкъадогIу: гриль а, барбекю а тIехь кхачанаш кечбарехула йолу мастер-классаш, кхачанийн чоме хьажар, поварийн тобанашна юкъахь кIоран тIехь тоьлла кхача кечбарехула къийсадаларш, иштта «Оьрсийн радион» йоккха гала-концерт, спортан къоман а, ламасталлин а кепашкахула къийсадаларш, иштта дуккха кхидерш а. Фестивалан гурашкахь поварийн тобанаша дуьненахь уггаре а йоккха шашлык кечъяр а ду лерина, цунах маьхза чамбаккха таро хир ю даздаран берриге а хьешийн.
Цу тайпанчу гастрономин хиламаша хаъал туристаш алсамбовлуьйту, бахархошна гулбала а, самукъадаккха а меттиг хуьлуьйту, Къилбаседа Кавказехь гастрономин декъехь хилла а ца Iаш, дарбалелоран-могашаллатояран а, лаьмнийн-лыжийн а, культурин-довзаран а, кхийолчу кепара а туризм кхиорехь хилла болу дика хийцамаш гIарабовлуьйту, керла инвестицеш юкъаяло хьелаш кхуллу. Ткъа, и дерриге а Къилбаседа Кавказан бахархойн белхазалла лахъярехь а, экономика лакхаяккхарехь а, социальни хьал тодарехь а мехала дакъа ду.
«Нохчийчохь туризм кхиор – пачхьалкхан уггаре а коьртачарах цхьа Iалашо ю. Къовсадала таро йолу (конкурентоспособные) туризман сурсаташ кхолларна а, садаIаран тайп-тайпана кепаш вовшахтохарна а дика бух бу регионехь. Масала, гастрономин декъехь долу Нохчийчоьнан ламасташ довза ца лууш Россера а, дозанал арахьара а цхьа а стаг хир вац. Со тешна ву, «ШАШЛЫК-МАШЛЫК» фестиваль Россин туризман хиламех уггаре а коьртачех цхьаъ хилла дIахIуттург хиларх», – билгалдоккху Ростуризман куьйгалхочо Сафонов Олега.
А.ВАХАЕВА
№112, пIераска, эсаран (октябрь) беттан 7-гIа де, 2016 шо