ХIокху деношкахь Соьлжа-ГIаларчу Радион цIийнехь дIадаьхьира «Юкъараллин барт бацахь, доьзалан барт хир бац» цIе йолчу темина лерина цхьаьнакхетар. Цигахь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министран заместитель Элембаев Iалихан а, Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министран заместитель Усманов Ахьмад а, Нохчийн Республикехь берийн бакъонаш ларъярехула Векалан аппаратан белхахо Гайрбеков Турпал а, «Зударий кхиорехьа» автономни коммерчески йоцчу организацин директор Базаева Липхан а.
Гулбеллачара дийцаре дира кегийрхой террористийн гIуллакхашна юкъабахарна кхерам хилар а, кегийрхошлахь радикальни ойланаш цахилийтаран Iалашонца дан дезачех долуш долу хьал, граждански юкъараллина довзийта дезаш хилар а.
Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министран заместитела Элембаев Iалихана билгалдаьккхира, кегийрхошлахь, шайна юкъахь мехкарий а, къона зударий а болуш, кхоллалуш йолу радикализм нохчийн гIиллакхашца а, Iадаташца а йогIуш цахилар а, нохчаша шайн бераш къоман гIиллакхаш, ламасташ марздеш, ийманехь кхиош хилла хилар а. Бераш кегий долуш дуьйна кхетош-кхио дезаш хилар а хьахийра цо.
– ХIара тайпа хаттарш нохчашна юкъахь кхолладала дезаш а дацара, хIунда аьлча вайн къоман гIиллакхаша даима а емалдеш хилла и тайпа хIуманаш – кегийрхоша къоман гIиллакхаш дицдар а, зударий радикализман кхерамечу новкъа бовлар а. Делахь а, вайн махкахь лаьттинчу шина тIеман муьрехь кегийрхойн дийнна цхьа чкъор хьалакхиъна, вайна юкъара цхьадолу гIиллакхаш дIадевлла. И гIиллакхаш юхадендан деза. Оцу халачу муьрехь, къоман дог ира-карахIоттош, мехкан доладан хьалхавелира вайн хьалхара Президент Кадыров Ахьмад-Хьаьжа. ТIом сацор, къоман бартбар, къоман культура а, гIиллакхаш а дендар яра цуьнан Iалашо. КхидIа вайн декхар – вайн хIинца волчу вайн республикин Куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна накъостий а хилла дIахIиттар ду, – элира Элембаев Iалихана.
Цо иштта дийцира мехкарий а, къона зударий а радикализмана юкъаэхар, цхьаболчара билгалдоккхуш ма-хиллара, доьзалехь царна ницкъбар бахьанехь хуьлуш цахилар. Цо дийцарехь, кхераме ойланаш церан кхоллаяларан бахьанех цхьаъ иза делахь а, коьртаниг дац иза.
Дагадовларан кепехь дIадаьхьира цхьаьнакхетар. Дийцаре дехкинчу гIуллакхех лаьцна чулацаме къамелаш дира цхьаьнакхетаран дакъалацархоша.
I.ГАЙРБЕКОВ
№112, пIераска, эсаран (октябрь) беттан 7-гIа де, 2016 шо