Кегийрхойн дийнахь Хоси-Юьртахь гулбеллера ерриге а республикера велосипедахой. 300 сов стаг вара дезачу денна леринчу велосипедаш хахкарехь дакъалаца кечвелла, шайна юкъахь бераш а, баккхийнаш а, бIаьргашна са гуш воцу цхьа велосипедахо а волуш. Кегийрхойн дог ира-карахIотто цига веанера Нохчийн Республикин спортан министр Хизриев Хасмохьмад.
Некъан шина а агIор дIахIиттина юьртан бахархой а болуш, новкъабевлира баьхкина хьеший. Коьртачу декъана велосипедаш хахкарехь дакъалоцуш республикерчу кегийрхойн клубийн декъашхой бара.
Хоси-Юьртара дIабуьйлабелла велосипедахой тIехбевлира БIачи-Юьртана, Майртуьпана, Курчалой-Эвлана, Гелдаганна, Цоци-Юьртана, Мескер-Эвлана, Аргунна. Соьлжа-ГIала кхаччалц цара бинчу некъан йохалла 65 километр ю.
Соьлжа-ГIалахь велосипедахой тIеийцира къеггинчу концертаца. Цигахь шайн похIма гойтуш яра кхоллараллин тобанаш а, нохчийн эстрадин артисташ а. Бакъду, коьрта хазахетар велосипедаш езархошна хилира царна юкъахь дIаяьхьначу лотерейхь. Цигахь цара мехала совгIаташ дехира.
I.АДЛАНОВ
№112, пIераска, эсаран (октябрь) беттан 7-гIа де, 2016 шо