Нохчийчохь — даздарш

Кадыров Ахьмад-Хьаьжин хIолламна хьалха зезагаш дехкираIMG_6333

Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу «Сийлаллин аллей» мемориальни комплексехь дIадаьхьира Кадыров Ахьмад-Хьаьжин хIолламна хьалха зезагаш дахкар. Оцу гIуллакхехь дакъалоцуш вара Соьлжа-ГIалин мэр Хучиев Муслим, Россин тайп-тайпанчу регионашкара баьхкина дуккха а хьеший. Официальни дакъа чекхдаьллачул тIаьхьа оцу хиламан дакъалацархошна вай лакхахь хьахийначу мемориальни комплексан генеральни директоран заместитела Ахматов Висанпашас музей чухула экскурси йира. Кадыров Ахьмад-Хьаьжин хилла белхан кабинет гойтуш, хьешашна цуьнан дахарх лаьцна дийцира цо.
З.САГАЕВА

«Шира гIала» тобанан совгIат

Эсаран беттан 5-гIа де, баккъал а дезде хилла дIахIоьттира вайн республикехь. Цу дийнахь дуккха а гIуллакхаш хилира республикин пачхьенехь. Царах цхьаъ ю Соьлжа-ГIалара В.В.Путинан цIарах проспект, Мира урам къаьстачохь «Шира гIала» («Старый город») тобано елла концерт а.
Ялх декъашхочух лаьтташ яра тоба. Цара дIалекхира нохчийн, оьрсийн, ингалсан меттанашкахь эшарш. Музыкин аппаратура дIа а хIоттийна, эшарш, дийна аз долуш, дIалокхуш хиларна самукъадаьллера хьовсархойн. Цара юх-юха тIараш деттарца тIеоьцура церан хIора а йиш. Къаьсттина хьовсархошна дукхаезаеллера солистка Эльвира.IMG-20161005-WA0057
«Вай тахана билгалдоккхуш масех дезде ду, – бохура Эльвирас. – Уьш ду: Соьлжа-ГIалин 198 шо кхачар, Кегийрхойн де, Хьехархочун де, коьртаниг – вайн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан вина де. Оцу дерригенна а лерина вовшахтоьхна яра оха хIара концерт. Оха тхайн ницкъ ма-кхоччу къахьийгира. Тхан санна нехан а самукъадаьлла хилла хиларх теша лаьа».

Л.ДАУТОВА
Авторан суьрта тIехь: «Шира гIала» тоба

«Говзанчийн гIала» ярмарка-гайтам

Соьлжа-ГIалахь дIадаьхьначу даздарийн гIуллакхашна юкъахь берашна леринарш а дара. Иштта, «Майдан» ресторанна хьалхарчу майданахь берийн куьйгаговзаллин «Соьлжа-ГIала берийн бIаьргашца», «Къоначу говзанчийн гIала» аьллачу теманашна лерина ярмарка-гайтам дIабаьхьира.
Циггахь дIаяьхьира берийн суьртийн «Дуьнен тIехь уггаре а тоьлла гIала» цIе йолу конкурс а.
И гIуллакхаш вовшахтоьхнера Соьлжа-ГIалин мэрин дешаран департаментан гIоьнца.
Соьлжа-ГIалин кIошташкарчу школийн дешархойн белхаш бара гайтаме бехкинарш. Берийн экспонаташ тайп-тайпанчу гIирсех йина яра: кехат, тIаргIа, поппар, туьтеш, кхиерш.
Дуккха а бара ярмарке бIаьрг тоха баьхкинарш. Цара берийн говзаллин лаккхара мах а хадийра.
И гIуллакх дерзийначул тIаьхьа, экспонатийн авторш сийлаллин грамоташца билгалбехира.
Хь.ЭЛЬБЕРТОВА

«Антас» цирко самукъадаьккхира

Соьлжа-ГIаларчу Путинан цIарахчу проспектехь Соьлжа-ГIалин денна лерина программа гайтира Волгоградерчу «Антас» цирко. Хаза программа яра цара кечйинарг. Дуккха а башха номерш гайтира цара. Масала, дийнаташца йолу номерш а, тайп-тайпана трюкаш а, фокусаш а, иштта кхин а. «Антас» циркан артисташа дийцарехь, уьш дуьххьара баьхкинера Соьлжа-ГIала. Гуш дара цара гайтина номерш хьовсархошна хазахетта хилар.

Берийн гайтамехь хаза дара

Соьлжа-ГIаларчу Культурин департаментана хьалха Соьлжа-ГIаларчу исбаьхьаллин школин дешархойн суьртийн гайтам хилира. Хьовсархойн кхиэле дехкина дара Соьлжа-ГIаларчу исбаьхьаллин №1, №2 йолчу школийн а, Искусствийн коьртачу школин а, искусствийн №8 йолчу школин а, искусствийн №3 йолчу школин а дешархойн белхаш. Бераша дехкина суьрташ шайна тIехь тидам сацош дара. Оцу суьрташка хьаьжча хаалора уьш дохкуш бераша дуккха а къахьегна хилар.
З.ХАСИЕВА

№112, пIераска, эсаран (октябрь) беттан 7-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: