Нохчийн Республикин Кегийрхойн денна лерина Соьлжа-ГIалахь дIадаьхьира даздаран гIуллакх. Маяковскийн а, Орзамиев Хьамзатан (Люксембург Розин) а урамаш къаьстачохь йолчу сквере шайна лерина дезде билгалдаккха гулбеллера республикин лаккхарчу дешаран заведенийн студенташ а, юкъараллин а, кегийрхойн а организацийн а, Нохчийн Республикин кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу министерствон а векалш. Иштта, оцу цхьаьнакхетарехь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин кегийрхойн гIуллакхашкахула волчу министран декхарш кхочушдеш волу Ибрагимов Iийса а.
Кхузахь вовшахтоьхначу гайтаме бехкина бара тайп-тайпанчу темашна лерина болу исбаьхьаллин белхаш. Хьовсархойн кхиэле ехкинчу исбаьхьаллин говзаршна тIехь гайтинарг Соьлжа-ГIалин хазалла а, къоначу чкъуран дахар а дара. Даздарин программехь дара спортан а, интеллектуальни а ловзарш, конкурсаш, викторинаш, зиэраш, иштта вовшахтоьхнера вайн республикин къоначу «рок» а, «рэп» а кепехь иллиалархойн йоккха концерт.
– Тахана вайна гуш ду вайн республикин Куьйгалхочо кегийрхойн гIуллакхашна боккха тидам тIебохуьйтуш хилар. Шайн корматалла лакхаяккха а, кхио а мел оьшу хьелаш долуш ду вайн. Оцу гIуллакхийн вай хама бан а беза, цуьнан тешам а, дегайовхо а ларъян а еза, – билгалдаьккхира шен даздаран къамелехь Нохчийн Республикин кегийрхойн гIуллакхашкахула волчу министран декхарш кхочушдеш волчу Ибрагимов Iийсас.
Хууш ма-хиллара, 2006-чу шарахь дуьйна, Нохчийн Республикехь хIора шарахь эсаран (октябрь) беттан 5-чу дийнахь билгалдоккхуш ду Нохчийн Республикин Кегийрхойн де. И де дIакхайкхоро дика Iаткъам бо республикехь кегийрхой социальни агIор кхиорна а, юкъараллин дахарехь церан жигаралла айарна а.
I.МУРТАЗОВ
№112, пIераска, эсаран (октябрь) беттан 7-гIа де, 2016 шо