ХIокху деношкахь М.Лермонтовн цIарахчу оьрсийн драматически театрехь Хьехархочун денна лерина даздарш хилира. Цигахь дакъалецира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана, Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министра Байханов ИсмаьIала, иштта кхиболчу официальни наха а.
Республикин хьехархой шайн корматаллин денца декъал а беш, вистхилира Кадыров Рамзан. Цо билгалдаьккхира Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента Кадыров Ахьмад-Хьаьжас дешаран къепе меттахIоттор коьртачех лоруш хилар.
«Вайна дика дагайогIу вайн махкахь хилла чолхе зама. Школаш, больницаш, хIусамаш, и дерриге а дохийна, хIаллакдина, чIогIа ирча сурт дара хIетахь вайн республикехь хIоьттинарг. Дай-наной шайн бераш школе дахийта ца даьхьара. ХIетахь халонаш, баланаш лайна, амма тахана вайгахь маршо ю. ХIора а шарахь дешаран декъехь дикачу агIор хуьлуш хийцамаш бу, схьайоьллуш дуккха а школаш ю. Суна хазахеташ ду тIаьхьарчу хенахь вайн берийн а, церан дай-нанойн а хьежамаш хийцабелла хилар. Бераш дешарна тIегIерташ а, Iама лууш а ду. Иштта, церан дай-наноша а къахьоьгу шайн доьзалшка дешийтарна а, уьш нийсачу новкъа бахарна а тIехь. Хьехархочо доккха дакъа дIалоцу муьлххачу а беран дахарехь. Цуьнан коьрта декхар – иза ийманехь кхетош-кхиор а, цунна хаарш далар а. Ас дехар до шуьга, берашна урокаш елла а ца Iаш, цаьрца кхетош-кхиоран болх барна тIехь алссам къахьегахьара аш. Дешаре а, культуре а, спорте а, суртдилларе а марзо кхолла еза берийн. Аш бийриг атта болх бац. Вуно чIогIа собар оьшуш болх бу иза», – элира Р.Кадыровс.
Цул тIаьхьа, Республикин Куьйгалхочо хьехархошна совгIаташ дира. «Нохчийн Республикин дуьхьа хьуьнарш гайтарна» мидалца совгIат дина Дешаран а, Iилманан а белхахойн профсоюзан Нохчийн Республикин организацин председательна Герзелиев Хизирна, Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министран хьалхарчу заместительна Тааев Илесана. «Нохчийн Республикин халкъан хьехархо» сийлаллин цIе елла Президентски лицейн оьрсийн меттан а, литературин а хьехархочунна Эниева Маккина. «Нохчийн Республикин хьакъволу хьехархо» цIе яларца совгIат дина: Гуьмсан кIоштан Гезлой-Эвларчу №2 йолчу юккъерчу школин биологин хьехархочунна Гезимагомадов Майрбекна, Гвардейское юьртарчу №1 йолчу юккъерчу школин ингалсан меттан хьехархочунна Ибрагимова Фатиматана, Шелковски станицерчу №3 йолчу юккъерчу школин оьрсийн меттан а, литературин а хьехархочунна Манчаева Хасрина, Соьлжа-ГIаларчу №53 йолчу юккъерчу школин оьрсийн меттан а, литературин а хьехархочунна Мусостова Разитина. Кхин а 10 хьехархочунна совгIаташ дира Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Сийлаллин грамоташца.
Цхьаьнакхетаран официальни дакъа чекхдаьллачул тIаьхьа, нохчийн эстрадин артисташа концерт елира.
З.ЛОРСАНОВА
№112, пIераска, эсаран (октябрь) беттан 7-гIа де, 2016 шо