билгалдаьккхира Нохчийчоьнан пачхьенехь
Стомара, эсаран (октябрь) беттан 5-чу дийнахь Соьлжа-ГIалахь дуккха а официальни нах, сийлаллин хьеший, Iедалан а, юкъараллин а белхахой бара Соьлжа-ГIалин денна леринчу даздаршкахь дакъалоцуш.
Эсаран беттан 5-гIа де Iуьйранна дуьйна самукъане доладелира. Вайн республикин пачхье Россин а, Нохчийчоьнан а байракхашца а, бес-бесарчу лоппагашца а, зезагашца а кечйина яра. Цул сов, гIалин майданашкахь концертан а, циркан а сценаш яра ехкина. Дийнна дийнахь гIали юккъехь хезаш самукъане мукъамаш бара. Россин а, нохчийн а эстрадин артисташ бара даздаршкахь дакъалоцуш. Пачхьалкхан симфонически оркестран а, къоман инструментийн оркестран а артисташ а бара бахархойн самукъадоккхуш. Иштта, кегийрхошна лерина рок а, рэп а концерташ хилира гIали юккъехь.
Спортан декъехь а дIадаьхьира даздарш. Велосипедаш тIехь къовсадаларш хилира, байкерша мотошоу гайтира. ГIали юккъехь хIаваан лоппагаш дара (воздушные шары) дуьйсина, луучеран цу тIехь хахкабала аьтто а болуш. Берашна лерина тайп-тайпана гIуллакхаш а дIадаьхьира оцу дийнахь.
Соьлжа-ГIалин мэрина хьалхарчу Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу майданахь йиллина шира юрт яра. Цигахь дакъалоцуш вайн республикехь мел дехачу къаьмнийн векалш бара. Шайн культура, шира йийбарш, бедарш, кхийолу хIуманаш яра цара гайтаме ехкина. Иштта, шира даарш а дара стоьлаш тIе хIиттина.
Де делкъенга ластале Соьлжа-ГIалин де схьадиллира оццу майданарчу Соьлжа-ГIалин бIаьхаллин сийлаллин хIолламна хьалха. Соьлжа-ГIалин мэра Хучиев Муслима республикин бахархой а, хьеший а декъалбира Соьлжа-ГIалин денца.
– Вайн Соьлжа-ГIалин тахана 198 шо кхаьчна. Тахана вайх хIораннан а, корта а айбина, ала йиш ю вайн гIала БIаьхойн сийлаллин цIе лелош ю аьлла. Вай таханлерчу маршоне кхачийнарг Нохчийн Республикин хьалхара Президент, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа хилар билгалдаккха лаьа суна. И бахьана долуш, тахана уггаре хазачу а, маьршачу а гIалахь дехаш ду вай. Шен дас дIаболийначу некъа тIера ца волуш, схьавогIуш цуьнан кIант, Нохчийн Республикин Куьйгалхо, Россин Турпалхо Кадыров Рамзан а ву. Иза шен мехкан а, халкъан а дуьхьа бIаьрла къахьоьгуш, схьавогIуш ву. Дала аьтто бойла цуьнан массо а хIуман тIехь! – элира цо.
Цул тIаьхьа, Россин бIаьхаллин сийллалин гIаланийн союзан председатела Горбань Сергейс а, Соьлжа-ГIалин мэра Хучиев Муслима а официально Соьлжа-ГIалин де схьадиллира.
С.Горбана Нохчийн Республикин бахархой декъал а бира, регионехь хиллачу хийцамех лаьцна а дийцира: «Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан а, республикин бахархой а даггара декъалбо ас Соьлжа-ГIалин денца. Суна тахана доккха дозалла хета шуьца хIокху даздаршкахь хилар. Нохчийчоьнан пачхье – Кавказан цIена жовхIар ду. КхидIа йолчу ханна кхин а баккхийчу кхиамашка кхачадойла шу!».
И гIуллакх дерзош, тайп-тайпанчу регионийн векалша Соьлжа-ГIалин бIаьхаллин сийлаллин хIолламна хьалха зезагаш дехкира.
Суьйре тIекхаьчча дуьйладелира коьрта даздарш. Соьлжа-ГIалин коьртачу майданарчу сцени тIехь концерт елира
Россин а, дозанал арахьарчу а артисташа. Циггахь леррина кечбинчу ша тIехь шайн хьуьнарш гайтира дуьненахь а гIарабевлла бевзачу фигуристаша.
Самукъане а, ирсе а гуора республикин бахархой. Хетарехь, цхьа а ца виснера оцу дийнахь Соьлжа-ГIаларчу даздаршка ца вогIуш. Цхьа а шеко йоцуш, бахархойн иэсехь дуьсур ду Соьлжа-ГIалин 198 шо кхачаран дезде.
Хь.БАХТАЕВА
№112, пIераска, эсаран (октябрь) беттан 7-гIа де, 2016 шо