Эсаран (октябрь) беттан 5-чу дийнахь Кадыров Ахьмад-Хьаьжин кIант Рамзан Нохчийн Республикин Куьйгалхочун дарже дIахIоттарна лерина, Соьлжа-ГIаларчу пачхьалкхан театрально-концертан залехь дIабаьхьира Нохчийн Республикин Парламентан беза гулам.
Цигахь дакъалацархьама, республике дуккха а хьеший баьхкинера: Къилбаседа Кавказан федеральни округехь юьззина бакъонаш йолу Россин Президентан векал О.Белавенцев, Россин премьер-министран заместитель А.Хлопонин, Россин Къилбаседа Кавказан гIуллакхашкахула волу министр Л.Кузнецов, Россин чоьхьарчу гIуллакхийн министран заместитель А.Савенков, Россин Къоман гвардин директоран хьалхара заместитель С.Меликов, Бахрейн пачхьалкхан Россехь волу векал Ахьмад Iабдулрахьман Махьмуд ИсмаьIал Аль-Саати, Къилба ХIирийчоьнан президент Л.Тибилов, Абхазин вице-президент В.Габния, Кавказан бусалба нехан урхаллин куьйгалхо Пашазаде Аллахшукюр Гуммет оглы, Россин субъектийн векалш, спортсменаш, артисташ, иштта дуккха кхиберш а.
Цул сов, зала чохь Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан Кадыров Ахьмад-Хьаьжин хIусамнана а, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан нана а йолу Кадырова Аймани а яра.
Шеца цхьаьна О.Белавенцев а, А.Хлопонин а волуш, зала чу веара Кадыров Рамзан. Билгалдаккха догIу иза нохчийн къоман духарца кечвелла хилар а, цуьнан некха тIехь Россин Турпалхочун дашо седа а, Кадыровн орден а цхьаьна кхозуш хилла хилар а.
Цул тIаьхьа зала чу сийлаллин карауло Россин а, Нохчийчоьнан а байракхаш а, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Штандарт а еара. Иштта чу еара Россин а, Нохчийчоьнан а Конституцеш.
Нохчийн Республикин Парламентан Председатела Даудов Мохьмада Парламентан еза кхеташо схьайиллина хилар дIакхайкхийначул тIаьхьа, Кадыров Рамзана Нохчийн Республикин Конституцина тIе куьг а диллина, чIагIо йира.
«Ас чIагIо йо Нохчийн Республикин Куьйгалхочун декхарш кхочушдечу муьрехь бахархойн а, гражданийн а бакъонаш лара а, Iалашъян а, Россин Федерацин Конституци лара а, Нохчийн Республикин Конституци лара а, Iалашъян а, республикин дукхакъаьмнийн халкъан дуьхьа къахьега а», – элира Кадыров Рамзана.
ЧIагIо йинчул тIаьхьа, Парламентан Председатела Даудов Мохьмада Кадыров Рамзанна Нохчийн Республикин Куьйгалхочун удостоверени даларца билгалдаьккхира иза Нохчийн Республикин Куьйгалхочун дарже дIахIоьттина хилар.
Цунах кхаъ а хилла, «Дала беркате войла хьо тхуна, Ахьмад-Хьаьжин Рамзан», «АллахIу Акбар», «Хьо тхуна а, тхо хьуна а муьтIахь дойла Дала» бохуш, маьхьарий диттира зала чохь гулбеллачара.
Цул тIаьхьа халкъе вистхилира Кадыров Рамзан а.
«Нохчийн халкъо шен лаамехь кхаж а тесна, тIедогIучу пхеа шарахь Нохчийн Республикин куьйгаллехь болх бан декхарийлахь вина со. Ас даггара баркалла боху сайна тешам беллачарна. Шуьгара гIо-накъосталла суна хаалуш ду! Халкъо хаьржина хиларал деза хIума данне а дац. Цо ницкъ а ло, дикачу некъа тIехь къахьегаран лаам лакха а боккху», – элира Р.Кадыровс ша республикин Куьйгалхочун дарже дIахIоьттинчул тIаьхьа.
Цул тIаьхьа безачу хьешашка дош а луш, Нохчийн Республикин бусалба нехан урхаллин председатела Межиев Салахь-Хьаьжас доIа дарца дIаерзийра Кадыров Ахьмад-Хьаьжин кIант Рамзан Нохчийн Республикин Куьйгалхочун дарже дIахIоттарна лерина йолу республикин Парламентан еза кхеташо.
И.ХАСАХАНОВ
№112, пIераска, эсаран (октябрь) беттан 7-гIа де, 2016 шо