Спортан мастерийн могIарш дебаш ду

ХIокху деношкахь Тырныауз гIалахь (ГIебартойн-Балкхаройчоь) дIаяьхьира СССР-н спортан хьакъболчу мастершна Ю.Байзулаевна, Х.Мирзоевна лерина греко-римски кепара охьатохархлатарехула  Ерригроссин турнир. Россин кхечу регионашкарчу охьатохархлатархошца цхьаьна, къийсадаларшкахь дакъалоцуш вара Нохчийчуьра 11 спортсмен. Къийсадаларш дIадаьхьира кхаа дийнахь. Турнирехь боккхачу кхиаме кхечира вайн охьатохархлатархой: 3 дашо а, 1 йоьзан а мидалш ехира цара.image-300x200

Хьалхара меттигаш ехира: Мучураев Шемала (75 кг.) – РДЮСШ, Курбанов Сидекъа (80 кг.) – ДЮСШ №3, Акаев Лом-Iелас – ШВСМ.

КхоалгIа меттиг яьккхира Мусаев Сайд-Мохьмада (75 кг.) – ШВСМ.

Ала деза, Къилбаседа Кавказехь хIара цхьа турнир ю хьалхара меттигаш яьхначарна «Россин спортан мастер» цIе яла бакъо луш.

Толамхой билгалбехира кубкашца, мидалшца, Сийлаллин грамоташца.

З.Шишханова

Авторан сурт

№113, шинара, эсаран (октябрь) беттан 11-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: