ЗаьIапхошна юкъахь – спартакиада

Дукха хан йоццуш Нохчийн Республикин заьIапхойн реабилитацин туьшахь заьIапхошна юкъахь спартакиада хилира. Иза вовшахтоьхнера Нохчийн Республикин къинхьегаман а, белхан меттигаш нисъяран а, социальни кхиоран а министерствос. Ерригроссин заьIапхойн юкъараллин региональни отделенин декъашхой бара цигахь дакъалоцуш. Спартакиада йолаялале а цунна дукха лерина кечамаш беш гора дакъалацархоша. Яххьаш тIера белакъажар дIа ца долура церан.061020152

Ерригроссин заьIапхойн юкъараллин нохчийн региональни отделенин председатела Аздаева Рабус тхоьца хиллачу къамелехь билгалдаьккхира:

«ЗаьIапхошна юкъахь хIара тайпа спартакиада дуьххьара дIахьош яц. ХIора шарахь вовшахтуху хIара гIуллакх. Бакъдерг аьлча, цуьнга сатесна а хуьлу дуккха а бераш-заьIапхой шайн могашалла ледара елахь а, царна а лаьа нахана шайн хьуьнарш гайта. «Даймохк», «Вайнах», «Башлам» командашна декъна ду бераш. ЗаьIапхой белахь а, хIора шарахь а дика жамIаш гойту цара».

Могашалла ледара елахь а, спартакиадин дакъалацархоша дикачу агIор гайтира шаьш. Къийсадаларш чекхдовллалц, мало ца еш, жигара дакъалецира цара оцу гIуллакхехь. Уггаре а дика хеташ дара, шайн хIора а гIулч самукъадаларца цара йоккхуш хилар. ЖамIаш динчул тIаьхьа, билгалъелира тоьлла команда. «Башлам» командин декъашхоша баьккхира толам. ШолгIа меттиг «Вайнахо» яьккхира, кхоалгIачу меттехь яра «Даймохк» команда.

З.ХАСИЕВА

№113, шинара, эсаран (октябрь) беттан 11-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: