Хууш ма-хиллара, тайп-тайпанчу кхоллараллин агIонашна тIетийжаш хуьлу бераш. Цхьадолчийн уьйр хуьлу спортаца, вукхеран дешарца, хелхаршца, иллешца, суьрташ дахкарца. ТIаьххьарчарах ю, дукха хан йоццуш, Соьлжа-ГIалахь дIаяьхьначу «Родники Кавказа» конкурсан толамхо Бисултанова Iалет.
Iалет, ша хаъал хилчахьана суьрташ дохкуш ю. Бераш тайнигех Iехалучу, ловзучу хенахь, карара къолам охьабиллина яц иза. ЙоIа жигара дакъалоцу юьртарчу а, кIоштарчу а школашкахь дIахьочу суьрташдахкархойн конкурсашкахь, толаман меттигаш а яьхна. Иштта нисделира «Родники Кавказа» хилелоран компанис дIахьочу конкурсехь цо дакъалацар а, хьалхара меттиг яккхар а. И толам цунна шен дахарехь, уггаре боккха а, мехала а кхиам хета.
– Ша цхьаьнга хьошалгIа йоьдуш, сурт дуьллуш Iедал ду кхуьнан, – дуьйцу нанас Мадинас. Ткъа безамна ша иза луш, доккха совгIат а хета. Кхуьнан кхетамехь совгIат ду-кх иза. Бакъду, суьрташдахкаре кхуьнан болу безам а, лаам а кхидIа кхио Iалашо-м ю тхан.
Оха къамел дечу юкъанна Iалет, гена доццуш охьа а хиъна, сурт дилла йолаелира. Яьлча, иза совгIатна схьа а делира. Цу тIехь – баьццара яьржина аре, къегина кхетта можа малх, доккха Iежийн дитт. Цунна уллохь ежаш лаьтта йоккха говр, нанна йисте теIа жима, самукъадаьлла бекъа. Цуьнан ирсе хилар, цуьнан даккхийчу бIаьргаш чохь кхоччуш схьагайтина йоIа.
– ХIун ду хьуна уггаре а чIогIа дуьнен чохь лууш дерг? – хаьттира оха цуьнга.
Iалета, сих а ца луш, жимма ойла йира, тIаккха шен суьрте хьаьжна, леррина жоп делира:
– ХIора беран дахарехь иштта малх а, екхна стигал а, уллохь нана а хуьлийла лаьа суна.
М.ДУДаева
№113, шинара, эсаран (октябрь) беттан 11-гIа де, 2016 шо