«Вайнах» ансамбль – Неврахь хьошалгIахь

895db52c7c37498ce9ae74eb45f4842b072ae26a

Невран районан Культурин цIийнехь дIаяьхьначу  концерте хьовса баьхкинарш тIехдукха хиларна, зала чохь охьахаа а, ирахь латта а меттиг ца йисинера. Нохчийн пачхьалкхан «Вайнах» ансамблан хIора а хелхар шен башхачу хазаллица, исбаьхьаллица бIаьрг хьостуш, дог ир-карахIоттош дара. Хьовсархошна юкъахь бен ца хеташ цхьа а ца висира. Эххар, шайн меттигашкара хьала а гIуьттуш, зала чохь хелхабуьйлура цхьаберш.

Концертан программи юкъахь яра  : «Нийсархой», «Кура ког», «Хи йистехь цхьаьнакхетар» хелхаран композицеш. Уьш гайтира Нохчийн Республикин хьакъволчу артиста Шабаев Адама а, Дудаева Зараас а. Нохчийн Республикин хьакъволчу артиста А.Авторхановс а, Д.Музакаевс а керлачу кепехь хIоттийна «Дошло» хелхар а гайтира ансамбло. «Хи йистехь» а, «ГIазгIумкхийн хелхар» а йоIарийн а, «Ламанхой» хелхар кIентийн а тобанаша хIоттийра. Иштта, воттанца «Башламанхой», «Лаьмнийн мукъамаш» хелхарш гайтира хьовсархошна.

Нохчийн Республикин хьакъволчу артиста Гаджиев Зулгуджис кехат-пондар локхуш, Садыханов Ахьмада вота тухуш, кавказан мукъамаша хазйира концертан программа. Концерт ерзош, Нохчийн Республикин хьакъболчу артисташа Музакаев Хьадиса а, Чупалаева Румисас а хелхаран «Даймохк» композици хIоттийра.

Невран районан бахархошна хаза кхаъ хилира «Вайнахан» концертах. ХIора а хелхар дехха куьйгаш деттарца тIеийцира цара.

Материал кечъеш  пайдаэцна ansamblvaynah.com сайтах.

Зорбане кечйинарг – А.ВАХАЕВА

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: