«Гуьйренан йоI»

ХIокху деношкахь С.В.Михалковн цIарахчу республикин берийн библиотекехь «Гуьйренан йоI» карнавал хилира. Цигахь коьрта хьаша яра «Гуьйренан йоI».IMG_6736

Баьхкинчаьрга маршалла а хоттуш, йистхилира библиотекин директор Сайдумова Зулай.

«Библиотекехь кхочушъеш йолу ерриге а проекташ берийн ешаре марзо кхолла йолчу Iалашонца юкъайохуш ю. ХIокху заманахь бераша а, кегийрхоша а шайн мукъа хан, дукха хьолахь, интернета чохь йоккхуш хилар бахьана долуш, книгаш ешарх хербелла уьш. Ткъа цо вуочу агIор тIеIаткъам бо царна, хIунда аьлча книгаш ешаро бен ца ло адамана хьекъал а, кхетам а. Гуьйренна лерина ду вайн таханлера цхьаьнакхетар. Шуна юкъахь а хир бу байташ язъян а, суьрташ дахка а Iемарш.  Вайна ма-хаъара, яздархойн ойла ир-кара хIоттош хан ю гуьйре. Шу кегий делахь а, со тешна ю, хIокху гуьйранна байташ язъян а, сурт дилла а шу хьовсург хиларх», – элира цо.

«Гуьйре – поэзехь а, прозехь а» аьлла йолу литературни программа кечйинера Гуьйренан йоIа. Цу тIехь цунна гIо дира библиотекин ешархоша. Гуьйренах, цуьнан хазаллех, башхаллех лаьцна байташ йийшира цара. Цул тIаьхьа шайна леринчу книгийн гайтаме хьаьвсира бераш. Берийн кхиэле ехкинера «Антоновские яблоки» (И.Бунин), «СтелаIад», «Отчего и почему» журналаш, иштта кхин а.

«Гуьйренан йоIа» ешархошна лерина «Угадай» викторина дIаяьхьира. Гуьйренах лаьцна дуккха а хIетал-металш делира цо берашка. ХIора а хIетал-метална аьлча санна, жоп дала кийча хуьлура ешархой. Циггахь гучуделира цара книгаш йоьшуш хилар. ХIора а ешархочо жигара дакъалецира оцу викторинехь. Нийса жоп дел-деллачунна совгIатна карточкаш (кегий суьрташ) лора. Викторинин цхьаболчу дакъалацархошна цхьа карточка кхаьчна ца Iара.IMG_6731

Цул тIаьхьа билгалбехира гуьйренах лаьцна тоьлла сочинени язйина конкурсан толамхой: Гузаев Амерхан (№60 йолчу школин 8-чу классан дешархо), Батукаев Алихан (№66 йолчу школин 8-чу классан дешархо), Медиев Iабдурахьман (№65 йолчу школин 9-чу классан дешархо), Хашума Раяна (№66 йолчу школин 8-чу классан дешархо), Миназаев Дени (Президентски лицейн 8-чу классан дешархо), Докаев СаIид (№66 йолчу школин 8-чу классан дешархо). Библиотекин директора грамоташ а, совгIаташ а делира царна.

ГIуллакх дерзош, марзонех юьзначу стоьла хьалха хевшира бераш. Оцу стоьла тIехь уггаре а мерзаниг хорбаз яра. Берашна дикка дагахь лаьттар ю «Гуьйренан йоI» карнавал.

З.ЛОРСАНОВА

Авторан суьрташ тIехь: Карнавалан дакъалацархой 

№113, шинара, эсаран (октябрь) беттан 11-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: