«Нохчийн пондар» – хIорашеран фестиваль

ХIокху деношкахь Нохчийн Республикин культурин министерствон Халкъан кхоллараллин туьшо Димаев Iумаран цIарахчу Хьалха-Мартан кIоштарчу Культурин цIийнехь  дIаяьхьира, ламаст хилла дIахIоьттина йолу, «Нохчийн пондар» хIорашеран регионашна юкъара фестиваль-конкурс. Безымянный

ТIекхуьучу чкъуран къоман культуре хьашт хилийтаран а, I.Димаевн мукъамаш шуьйра бовзийтаран а Iалашонца дIахьош ю иза.

ХIора шарахь а санна, луларчу регионашкара – Къилбаседа ХIирийчуьра, Дагестанера, Кхарачойн-Чергазийчуьра – пондарчаш бара фестивале баьхкина. Оцу маьIнечу гIуллакхан  лараме хьаша вара Димаев Iумаран кIант, Нохчийн Республикин а, ГIалгIайн Республикин а халкъан артист Димаев Iела.

КIоштан Культурин цIийнан зал хьовсархойх юьзна яра. Хаза, цIена, нохчийн къоман культурин сурт гойтуш, кечйинчу сцене хьаьжча а хуур дара хIокху кхерчахь дIахьошберг башха хилам хилар.

Фестиваль схьайиллира I.Димаевн дахарх а, кхоллараллах а лаьцна видеоролик гайтарца. Цул тIаьхьа хьешашка маршалла хоттуш, вевзаш волчу пондарчин цIарах йолчу фестиваль-конкурсан  мехалла йовзуьйтуш, вистхилира Хьалха-Мартан кIоштан Администрацин куьйгалхочун хьалхара заместитель М.Мустаев а, Халкъан кхоллараллин туьшан директор Р.Даудов а. Ткъа Димаев Iумаран хиллачу доттагIчо, Хьалха-Мартан кIоштарчу Гихтарчу вахархочо Цегаев Мадас шен сирлачу дагалецамашкахь хьовсархошна вовзийтира нохчийн похIме пондарча.

Фестивалан дакъалацархоша I.Димаевн дуккха а мукъамаш балийра. Хьовсархоша боккхачу лаамца, безамца ладуьйгIира цаьрга. Балийначу мукъамийн мах хадош, толаман меттигаш билгалйохучу жюрина юкъахь бара бевзаш болу культурин а, искусствон а гIуллакххой: Нохчийн а, ГIалгIайн а Республикийн  халкъан артист, жюрин председатель Айдамиров СаIид, Нохчийн а, ГIалгIайн а Республикийн халкъан артист Сагаипов Iумар, пондарча  Цегаев Мада. Цхьаьнакхетар дерзоле хьалха жюрин декъашхоша билгалбехира толаман меттигаш яьхнарш.Безымянный2

Хьалхара меттиг яьккхира Салпагаров Ислама (Кхарачойн-Чергазийн Республика), шолгIа меттиг – Каркусова Ларисас (Къилбаседа ХIирийн Республика – Алания), кхоалгIа меттиг – Амхадов Асруддис а (Нохчийн Республика), Зауров Заура а (Дагестан).

Фестивалан толамхошна дипломашца а, кубкашца а совгIаташ дира.

З.САГАЕВА

№113, шинара, эсаран (октябрь) беттан 11-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: