И тешам цуьнан сица бу…

Хьалха-Мартан кIоштарчу ГIойтIахь Iаш ю Зараъ. Яц иза лаккхарчу дешаран заведенеш чекхъяьхна а я кандидатийн диссертацеш чIагIйина а, яц лакхарчу даржашкахь белхаш бина я боккха доьзал кхиийна, царна юкъахь турпалхой бевлла, церан хьуьнарш бахьанехь гIараяьлла. Дац цуьнан дахарехь цхьа а тамаш бан, цецвийла меттиг йолуш хилла хIума а, делахь а, цхьа а шеко яц цуьнца йолу къонахалла а, нохчалла а, адамалла а бахьанехь, цунах дозалла дан а, цунах юьззина нохчийн зуда ала а мегарг хиларх.IMG-20161010-WA0032

Дудаева Зараъ йина 1955-чу шеран мангалан (июль) беттан 4-чу дийнахь Казахстанерчу Усть-Каменогорск гIалахь. Вайн дукхах болу махкахой санна, 1957-чу шарахь шайн юьрта ГIойтIа цIабирзира церан доьзал. Зараан да а, нана а къинхьегамхой бара. Цара леладора дукха даьхни а, латта а. СадаIар хIун ду хууш а, я садаIа Iамийна а бацара церан доьзал. Йоккхах йолу Зараъ цхьайтта шо кхачаза яра, юьртара туька йохош, пен тIе а хаьрцина, цуьнан нана леш, хIокхул жима кхин а виъ доьзалхо а вуьсуш. Оцу дийнахь, баккъал а, йоккха хилира иза. Оцу дийнахь дуьйна тIедоьжна доккха дукъ дIакхехьа, йижаршний, вежаршний нана хилла латта дийзира, шен ойла ян хан а йоцуш я ницкъ ца кхочуш. Йиша-ваша кхиа доьлча, уьш шайн дола дан а, шайн дахаран некъаш къасто а боьлча, шен хIусам кхолла дийзира цуьнан.

Бакъду, керла кхоьллина доьзал а ирсан седа хилла ца къегира. Ши шо даьккхира халонаш, иэшамаш ловш, ца йоха гIерташ, къурдаш деш. Делахь а, бархI бутт кхаьчна йоI охьа а юьллуш, араяла дийзира оцу хIусамера. Цул тIаьхьа еана  зама кхин а лазаме яра: оьгIазбаханчу дехоша йоI ца гойтура, цхьаьннан а дехаршка ла а ца дугIура. Шен кийрахь къийлинчу хорамах лазар хилира. Зараан ах дегI болх бечуьра сецира, иза заьIапхойн гIудалкха чу хиира. Молханаш, дарбанаш лоьхуш, оцу ханна Казахстане дIабаханчу вежарша шаьш болчу дIайигира. Масех шо лазар токхуш  даьккхира цо. Делан къинхетам хьалхабаьлла, юха а когаяхара иза, болх а, некъ а карийна, цигахь сецира. Амма тIедогIучу шарахь цIа ян ойла яра цуьнан, сагатдора. Оцу юкъана вешин доьзал буьйхира, хIусамнана дIаяхара. Цуьнан шина кIентан доладар Зараана тIехь дисира, Кавказе богIу некъ юха бехкабелира. Бакъду, шен цигахь бисина агIо, шен йоI цкъа а йицъелла-м ца Iара иза, шен вежаршна хьалха цкъа гучу ца ялахь а. Иштта дIаделира ткъе пхи шо. Замано дог а чIагIдира, амал а, дуьнене болу хьежамаш а хийцира. Иза ша а хийцаеллера.

Зараан йоI а йоккха хиллера, маре а яханера.  Цу шарахь иза Казахстанера цIа еанчу юкъана цхьаьнакхетар нисделира цу шиннан. Лерина шен йоIе хьоьжура иза. Цуьнан юьхь шен нийсархойн санна, маьрша елаелла, екхаелла ца гуора цунна, къамел а ца тасалора цу шиннан, дукха хьолахь тийналлехь йоьдура хан. Вовшашка ала дош доцуш санна, хIора шен бала кийрахь хуьйдина Iара и шиъ. Нохчийчохь шолгIа тIом болало хан яра иза. ЙоI шеца дIайига ойла а кхоллаелира Зараан, бакъду цо иза тIе а ца дитира. Амма, хIара шиъ къаьстачу дийнахь чIогIа йилхира йоI. Цо шен ден дохковалар дIахаийтира цуьнга, дийхира, дуьххьара дийхира  ша цхьаъ висинчу шен дех схьакхетар.

– Сайн дуьхьа ас ца доьху хьоьга, – элира  цо. – Сан ден дуьхьа! Ша ву иза, цхьалха ву, миска ву. Йиша йоцуш, ваша воцуш, со бен кхин доьзал боцуш, гIийла ву иза. Иштта цхьалха хьо а ма ю. Хьо массо а кхиийна а, чуверзийна а яьлла. Дисина тхойшиъ ду. Ши а цхьалха ду. Со буьйса яккха йогIу хIусам шийла ю. Иза даима а хилла хьо араяьлчахьана шийла а, меца а, еса а. Яц цу чохь мерзачу кхачанан хьожа, бац чам… Суна хаа а ца хаьа ахь бечу кхачанан чам. Суна ненан йовхо а ца хаьа муха хуьлу, – шен карарчу бере хьаьжира иза.

ЙоI дIаяхара. Цунна моьттура шен ненан дог дац, цуьнан амал болат ю, цунна ца гора шена тIаьхьа цуьнан елхар, цунна цкъа а ца гинера иза ша бахьанехь йоьлхуш. Делахь а, Iен ца елла вокзале еара йоI ненан Iодика ян. Ненахошна юкъахь шен карара жима бер бахьанехь озаелла, юьстах лаьттара иза. Тахана сеца ца дора цо шен елхар, гIийла ненан бIаьра хьоьжура. Меллаша, массеран Iодика а йина, дIайолаелира. Зараъ шен карара билеташка а, тIаккха генайолучу йоIана тIаьхьа а хьаьжира. Цунна гира охьаяхана, елхарна эгайо белшаш, гIийла болар, маракъуьйлу доьлху жима бер… Иза кхийтира ша арабаьккхина некъ нийса боцийла, шен дахаран Iалашо хIинца дуьйна кхин юйла…

Гуобаьккхина лекхачу могIарехь нисделла лаьтта таьллаш. Царах хьакхалуш, ловзуш, уьдуш охьадогIу хаза хи. Оцу хийистехь, соьналлин, IиндагIийн кIоргенехь туьйранахь санна лаьтта цIа. Йоккха, баьццара куз санна, яьржина уьйтIе, цIенна гуонаха дIадийна тайп-тайпана зезагаш, дехьуо йоккха Iежийн, кхорийн беш. Дуьненан уггаре а хаза маьIиг. Елаелла, екхаелла гучуйолу Зараъ. Цунна гуонаха уьду бераш, ду уьш ирсе, самукъане доьлуш, ловзуш, уьдуш…

– Со цкъа а ца яьхна сайн дуьхьа, – боху цо. – Я дохко а ца яьлла. Цкъа сайн доьзална яьхна со, йижаршна, вежаршна, тIаккха вешин берашна, хIинца сайн беран берашна ехаш ю. ХIорш сан дуьненан бахам а, дозалла а, самукъа а ду. Сайн дахар ас кхарна дIаделла, хетарехь, уггаре а ирсе зуда ю-кха со тахана.

Беран бераш дIасадахача, ша юьсу Зараъ йоккхачу кертахь. Масийтта шо ду хIусамда дIаваьлла. Делахь а, хаьа цунна буьйса дIаяьлча Iуьйре йогIий а, мел чIогIа догIа дарах, иза дIадаьлча малх кхетий а. И тешам цуьнан сица бу, цуьнан дахаран сирла седа бу. Кхерч латтош йолчу массо ненан дог ду цуьнан кийрахь дерг а.  Дахар шен доьзална, гергарчунна, хIусамна дIадалар… Дуй-те оцул доккха нохчийн зудчунна кхочушдолу дакъа?..

М.МАГОМАЕВА

№113, шинара, эсаран (октябрь) беттан 11-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: