Ерриге Россехь а уггаре а дарбанечех цхьа санатори

Москва – Баку боккхачу некъа тIера Энахишка дIа а вирзина, юьртах чекхваьлла, лаьмнийн раьгIнашна юккъе кхаьчча, дикка генара  гучуйолу «Серноводск-Кавказский» курортан-санаторин керла йина, исбаьхьа, хаза гIишло.

Курорт шен йоккха истори йолуш ю. Иза вайн махкахь уггаре а ширачех цхьаъ ю. Советийн хенахь шен хишца массарал а тоьлла ларалуш а яра иза. Цигарчу дарбанан хийн хьостанех меттигерчу бахархоша пайдаоьцура,кха а хьалха дуьйна. Нах хи чохь ца луьйчура, цара хьостанийн Iаьнарца дарбанаш леладора.DSC_0241

Энахишкарчу дарбанан хьостанийн башхаллех лаьцна дуьххьара яздира 1717-чу шарахь Петр Хьалхарчун лейбмедика Шобера. Цул тIаьхьа дуккха а талламхой баьхкира кхуза. ТIаьхьуо, дIадахана бIешо юккъе даханчу хенахь дуьйна, Россерчу дуккха а лоьраша, Iилманчаша  талла а теллира, дарбанаш  а лелийра оцу хьостанашца.

XIX-гIа бIешо чекхдолуш арахецначу Кавказах лаьцна йолчу ерриге а справочникашна тIехь билгалдаьккхина ду Энахишкара хьостанаш уггаре а дарбане хилар. Цара дарбадо дегIан меженийн а,  чкъуран а, нервни системин а, гинекологин а, урологин а, чуьйрийн-зорхан а цамгаршна.

XIX-гIа бIешо чекхдолуш республикехь хиллачу тIемаша, регионера дуккха а кхийолу гIишлош а санна, чIогIа йохийра санатори. Амма цуьнгахь республикин бахархойн доккха хьашт хилар хьесапе а эцна, 2009-чу шарахь меттахIоттийра курортан хьалхара дакъа. Иза 50 меттиг йолуш дара. Цул тIаьхьа, республикехь а, Россин регионашкахь а курорт чIогIа оьшуш а, дарбане хилар а тидаме а эцна, йира дарбанан учрежденин коьрта гIишло. Иза схьайиллира 2014-чу шеран оханан (апрель)  баттахь. Курорт йира республикин  Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан тIедилларца а, цо гIо-накъосталла деш а. Иза доьазза тIекIел йина ю, процедурни кабинеташ чохь йолчу гIишлон ларма ца лерича а. Учрежденин таро ю цхьана хеннахь 300 а, цул сов а стагана дарбанаш лело. Церан хьашташ кхочушдеш бу шайн гIуллакхан баккхий говзанчаш, зеделларг долу лоьраш, медйижарий, массажисташ,  кхиберш а, верриге а 80 стаг.

Цомгашчарна оьшуш долу дерриге а хьелаш чохь долуш, кечйина ю цигахь нах чохь беха чоьнаш. Уьш чохь  цхьаъ а, шиъ а, кхоъ а меттиг йолуш ю, иштта ю «люкс» чоьнаш а. Царна чохь кхузаманахьлера, хаза, бегIийла йийбар  ю. ХIора номерехь бу стагана дахарехь оьшуш болу берриге  а гIирсаш (телевизорш,  холодильникаш), довха а, шийла а хиш, кхийолу бегIийлаш  а.IMG_1637

Тайп-тайпана беснаш долчу лампанашца къегаш ю санаторина хьалхара майда а, уьйтIе а, гуо а. Массанхьа а дIахIиттийна  гIанташ ду. Буьйсанна хан яллалц царна тIехь, цIеначу хIонехь, садоIуш Iа курорте баьхкина хьеший. Лахахь тIулгашна юккъера охьадолу седа санна сирла хи. Тайп-тайпана чухчареш хуьлий, стелаIад  хIоттадой, лаха чудуссу иза – ма исбаьхьа хаза сурт ду иза. Массанхьа а уьйтIахь тайп-тайпанчу беснийн зезагаш ду – цIена ялсмане ю-кх иза.

Дарбанаш лело а, садаIа а баьхкинчеран хьашташ кхочушдеш ю тайп-тайпана процедурни кабинеташ: саьнгалан хин ваннеш, чIураматерапи, магнитотерапи, хи бухара душ-массаж, дегIан меженийн массаж, хаттан кабинет, кхиерш а. Цул сов, болх беш ю луьйчу бассейн.

Санаторе баьхкинчу нахана дарбанаш лелор а, церан хьашташ кхочушдар а тодарна тIехь хаддаза болх беш ву учрежденин куьйгалхо Абдулаев Шамхан. Оцу декъехь юкъадаладо керланиг, дарбанаш лелоран керла кепаш. Масала, болх беш йолчу процедурни кабинетел сов, кхузахь  схьайиллина керланаш: туьханан хьех, SPA-салон, кхиерш а.

Учрежденин директоран дарбанаш даран декъехула йолчу заместитела Евлоева Любас дуьйцу цомгашчеран могашалла меттахIотторехь санаторин лоьраша а, медйижарша а бечу балхах лаьцна.

Цомгашчаьрца чIогIа кIеда-мерза йолуш, ша еш йолу процедура царна пайдехь хилийта гIерташ хуьлу ваннин отделенин администратор Итаева Татьяна, гидромассажан кабинета чуьра медйиша Бахаева Луиза, физкабинета чуьра  медйиша Музаева Залина, хаттан кабинета чуьра медйиша Акуева Деши, массажисташ Губанов Зураб, Ачханова Зарема, кхиберш а.

Хастаме дош ала лаьа санаторин столовин балхах лаьцна. СадоIучеран таро ю шайн диете хьаьжжина дийнахь доьазза кхача баа. Иза чомехь а, токхе а хилийтаран  гIайгIа беш ю шеф-повар Астамирова Роза. Наха кхача буучу хенахь, иза гуттар а царна юххехь ю. ХIора а стоьла тIе  йоьдий, хотту цо: «Кхачанан чомана реза вуй хьо? Кхин хIун юур яра ахь? Хьайна лууш дерг дийца?»

СадоIуш берш резахуьлучу кепара шайн болх вовшахтоьхна, церан хьашт дуьззина кхочушдеш, болх беш ю столовин повар Исмаилова Зараъ а, официанткаш Жилегова Румиса а, Кикаева Мадина а, кхиберш а.IMG-20160908-WA0003

Дийнахь еш йолу процедураш чекхйовлий, суьйранна кхача биъна а бовлий, арахь, санаторина хьалха зезагашний, дитташний юккъе хIиттийначу гIанташна тIе, цIеначу хIонехь, садаIа охьаховшу хьеший. Оцу хенахь лаха чохь йолчу клуба чуьра схьахеза исбаьхьа хаза аз. Иза клубан заведующи йолчу Джабраилова Айзана ша куьйгалла дечу культурин кхерчан неIарш схьаелларан билгало ю. СадоIуш берш, собар дайна, хьуьйсуш хуьлу суьйре тIекхачаре а, клуб схьаелларе а. Ала деза хIора суьйранна керланиг хилийта гIерташ, похIма долу кегийрхой шена гуонаха гулбина, садоIучеран самукъадоккхуш Айзан хилар. Кхузахь хеза хаза эшарш, го тайп-тайпана хелхарш. Ткъа цо йиш локхучу хенахь, тешна хуьлу,  цхьаццаболу, цIеяххана бевзаш бу бохуш болу артисташ цуьнан озаца а, лела хаарца а цуьнца къийсалург цахиларх.

Де дийне даларца алсамбовлуш бу санаторе садаIа а, могашалла тоян а богIучеран барам. Нагахь санна, цхьа-ши шо хьалха кхуза богIуш берш, коьртачу декъана вайн республикера бахархой хиллехь, ткъа хIинца Москвара а, Санкт-Петербургера а, Россин кхечу регионашкара а хилла ца Iаш, вайн мехкан дозанал арахьара а бу: Казахстанера, Азербайджанера, дуккха а кхечу меттигашкара а. СадаIа   а, дарбанаш лело а баьхкинчара билгалдоккху  «Серноводск-Кавказский» санаторин хьостанийн хиш чIогIа дарбане хилар а, цуьнан белхахойн коллективо цига баьхкинчарна дарбанаш лело а, садаIа а дика хьелаш кхоьллина хилар а.

С.Магомаев

Асуев Рашидан суьрташ 

№113, шинара, эсаран (октябрь) беттан 11-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: