Кхин цкъа а гIиллакхах лаьцна

Цкъа юьхьанца хIокху деношкахь сайна гинчу цхьана хIуманах лаьцна дуьйцур ду ас.

Тхан юрт тIаьхьарчу хенахь йоккха хилла йогIу, ерриге а Нохчийчохь санна, дуккха а керла цIенош ду кхузахь деш, кхоллалуш къона доьзалш бу. Кегийчеран аьтто хилча, вайна, баккхийчарна, хазахета, уьш вайл а дика баха лаьа. Ткъа муха хуьлу церан вовшийн довзар а, дистхилар а, дагара хаийтар а? Хьалха санна, хинйистехь я синкъерамехь, ловзаргахь гар ма ца нисло хIинца. Гар, дистхилар дагахь доцчу меттигехь, цецваллал долчу хьолехь нислуш а хуьлу церан наггахь.92313_640

Со вехаш волчу урамна тIебогIучу боцачу урамехула цIа вогIуш ву со хьастагIа. Цу жимачу урамехь комаран дитта кIел аннех гIант дина тхан куьпарчу кхиазхоша. Сарахь цу гIанта тIехь сакъоьруш Iа уьш. Церан сакъерар муха хуьлу? Юуш чипсаш, морожниш, кхийолу хIуманаш, муьйлуш тайп-тайпана муттанаш хуьлу. Ерриге а нехаш, шишанаш оцу гIантана гуонах а, шайн когаш кIел а охьакхуьссу цара. Кегийнаш-м цхьанна а новкъа бац, шайга телефонаш лелаяйтичахьана, цхьана а деца бала а бац церан. Уьш масийтта велахь а, хIора а шен телефона «чохь воллуш» хуьлу. Иза ду церан сакъерар.

Дерриге а дика дара оцу кхиазхойн, шаьш Iачохь нехаш ца яржаяхьара. ТIехволучо ала а олу, оьзда лела олий, амма бохург дIалоцуш кIезиг бу царна юкъахь. ГIиллакх хIун ду а ца хаьа цхьаболчарна. Оцу гIиллакхах лаьцна дийца лаьара суна.

Иштта, со схьавогIучу хенахь дитта кIеларчу цу гIанта тIехь Iаш кхиъна даьлла кIанттий, йоIIий го суна. Схьагарехь, дагара дуьйцуш ду и шиъ. ХIинца кегийчара ма-аллара, «свидани деана». «Да ватIа шен делаI, кхин бегIийла меттиг ца карийна те кху шинна дистхила?  – олий, дагадогIу суна, генара царах бIаьрг кхетча. – Оцу нехийн чалхана юккъе а хиъна, цIена безам муха буьйцур бу?». Иштта оцу балхах цецваьлла волу со юххе нисвелча, гIиллакхна хьала а ца айадели и шиъ, ур-атталла схьа-м ца хьаьжи! Шаьшшиъ ма-Iарра, дуьхь-дуьхьал а дирзина, къамел деш IадIий-кха.

«ЦIе хала хьо белхан! И хIун дара суна гинарг? Кхузткъа шо гергга хIокху юьртахь вехаш, суна гина хIума ма дац иза. Нохчийн гIиллакх дIадаьлла те!?»  – ойла йо ас. Цкъа, сецна, шуьшиъ хьенан мила ду ала дог хуьлу сан, тIаккха а сел ледара долчу цаьргара суна цхьа а нийса жоп хир дац я цара дийцича а, я  арз эцна ваха а ца воллу, олий, дIавоьду со.

Мича дахана те нохчийн гIиллакх? Дала-м ца делла те иза? Вай даха, делла дIа ца даьллехь а, вуочу хьоле-м дирзина. ГIуллакх иштта дIагIахь, цуьнан лар а ца йиса там бу вайна юкъахь. Ткъа мила ву бехке, вайн гIиллакх дIадолуш хилча? Вай ду-кх, вай ваьш. Кхечу махкара баьхкинчу хийрачу наха дохош ма дац иза. Вай дохош ду. Лар ца дича, лела ца дича, кегийчаьрга Iама ца дайтича, доьхний ма ду иза.

Соьца (сан метта кхин милла а хила тарлора) оьзда йоцу кеп ялийначу кIантана а, йоIана а мелла а гIиллакхаш девзаш хила тарло. Делахь, а шайна ца вевза стаг тIехволучу хенахь хьала ца гIаьтти и шиъ, бехк лаьцна, тIехьа ца дирзи. Цара гIиллакх лелор дара иза шайн цIийца хиллехь, денна лелош а хиллехь. Вайна новкъахета кегийчара оцу тайпа ледарлонаш йийлийтича, уьш бен а доцуш лелча. Амма уьш кхиор, царна гIиллакхаш Iамор баккхийчаьргахь ду. Шен доьзалхо чохь а, арахь а муха ву те, цо хIун леладо те аьлла, бала кхочуш хила деза да-нана а, доьзалан верас а.

Хьалхалерчу заманашкахь оьрсийн халкъалахь леррина лелош хилла шайн къоман гIиллакхаш. Дас аьлларг кхочушдеш, цунна дуьхьал дош ца далош, чIогIа низам хилла церан доьзалехь. Шегара ледарло ялийтинчунна, цадогIург лелийначунна, жима я воккха вара аьлла ца Iаш, доггIу таIзар деш хилла. Шайн юкъараллехь а, лулахь а ширачу заманашкахь дуьйна схьадогIу дика гIиллакхаш лелош хилла оьрсаша. Цундела цу хенахь церан доьзалшкахь чIагIделла низам а, къепе а хилла.

Хан-зама яьлча, дуккха а хIума бIостанехьа хийцаделла оцу къоман гIиллакхашкахь. ХIинца церан кегийчара шайна луъург леладо, да-нана, йиша-ваша тергал а ца до, дукхахболчеран Делаца а, динца а бала а бац, гIиллакхаш а, оьздангалла а дIаяьлла йогIу.

Ас и масал хIунда далийна? Оьрсийн къомана а, нахана а вуониг ала гIерташ вац со. Церан метта муьлхха а кхин нах хила а ма тарло. Мел лерина лелийна хиллехь а, лар ца дича, тIаьхьене дIа ца делча, дIадолу муьлхха а гIиллакх, телха доьзалан юкъаметтигаш. Доьзал боьхча, юкъаралла а талха герга ю. Къам доккха я жима дара аьлла а дац иза. Нехан шен къоман культурица бала хилар, цуьнца доьзнарг Iалашдар, тIаьхьенашка, лардеш, дIакхачийтарца доьзна ду иза.

ХIора къоман шен тхьамданаш, лараме, бевзаш нах хуьлу. Уьш хила тарло баккхий политикаш, депутаташ, динан дай, бизнесменаш, яздархой, артисташ. Юкъараллин дахарехь дуккха а хIума ду церан балхах а, дуьнене болчу хьежамех а, къоман культуре церан йолчу уьйр-марзонех а доьзна, хIунда аьлча халкъ шен тоьллачу нахе хьожуш а, ладугIуш а ду. Церан дахарх масал эца гIерта могIарера адамаш. Халкъан векалша, наха лоручара дIакхехьа деза, аьлла хета суна, шайн культура а, цуьнца доьзна дерг Iалашдар а, даржор а.

Къаьсттина чIогIа ларбан безарг мотт бу. Зорбанан хьостанашкахь а, телевиденехь а, радиохь а вай дукха дийцина цунах лаьцна. Иза дийца а, тергонехь латто а дезаш гIуллакх ду, хIунда аьлча вайн къоман юкъара лазам бу иза. Тахана нохчийн маттаца долу хьал вайна ма-лаъара дика дац. Иза дика хилийта, ницкъкхочург, дерриге а дан деза вай.

Ненан мотт стенна оьшу бохург, дийца оьшуш а дац. Адамийн вовшашца уьйр латторан а, дахаран массо а агIо кхиоран а хьоста хилла ца Iаш, вайн гIиллакхаш лелоран, лардаран  гIирс а бу иза. Ненан маттехула девза жимачунна дерриге а диканиг, халкъан иэсехь гулделларг. Цу юкъахь къоман гIиллакхаш а ду. Цундела ду мотт ларбар Iаламат мехала а, оьшуш а гIуллакх.

Вай олу: «Цивилизацино йохайо къаьмнийн хьалхалера дахаран кеп». Иза бакъ ду. Цивилизацино хуьйцу вайн дахар, керл-керла хIуманаш юкъадалош,  адамийн юкъаметтигаш галморзахйохуш, уьйраш малъеш. Амма вай лелийча, лардича, цхьана а цивилизацино вайн гIиллакхаш дохор дац. Церан керла кепаш хила а тарло, уьш мелла а хийцадала а тарло, амма уьш дуьсур ду халкъалахь. Ткъа уьш лардар вайн уггаре а даккхийчех цхьа декхар ду.

Дерзош, ширачу заманахьлера цхьа масал дало лаьа суна.  Жимачу АтагIахь хилла бохуш, хезна суна иза. Iабдул-МутIелип цIе йолуш, цхьа жима стаг хилла оцу юьртахь вехаш. Эвлан лахахьа агIор, бенойн куьпахь, тIехьийза йоI хилла цуьнан. Тоьлла духар а духий, леррина шен дин а кечбой, йоIана ирахьIен воьдуш хилла Iабдул-МутIелип. Ша беной бехачу ураме дIакхаьчча, меллаша говрара охьа а вуссий, цуьнан юьхь лоций, гIаш дIавоьдуш хилла иза тIехьийза йоI йолчу. Цкъа-делахь, цу йоIе а, цуьнан нахе а шен ларам хилар, шолгIа-делахь, шен оьздангалла, дайн гIиллакхаш ша ларар гайтина оцу оьздачу къонахчо. Иштта яьхь йолу, гIиллакхе кIентий лаьттийла вайна юкъахь даима а!

Арсанукаев Муса

№113, шинара, эсаран (октябрь) беттан 11-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: