Иза шен белхан пхьар ву

Муьлххачу а регионан экономикин коьрта дакъа некъийн индустри ю. Таханлерчу дийнахь хIетте а маьIне ду регионехь дика некъаш хилар.   Тахана майрра ала йиш ю вайн, Россин Федерацехь уггаре а тоьллачарех некъаш Нохчийчохь ду аьлла. Республикехь мел долчунна тIехь санна, некъийн индустри тIехь а сема терго латтош ву Нохчийн Республикин Куьйгалхо, Россин Турпалхо Кадыров Рамзан. Цундела бIаьрла кхиамаш бу вайна гуш.IMG_3797

Некъашна ремонт ярна а, церан хьашташ кхочушдарна а тIехь къахьоьгуш бу Нохчийн Республикин автомобилийн некъийн министерствона юкъайогIучу Некъан-эксплуатацин Грозненски пачхьалкхан унитарни предприятин белхахой. Цара некъаш тIехь терго латтийна ца Iа, церан предприятис тIайш тохку, уьш то а до. Даима а некъаш а, тIайш а тIехь кхерамазалла латтайо. Предприятин тоьллачу белхалойх цхьаъ ву некъан комбинированни машенан шофер Бисултанов Бадрудди.

Казахстанехь вина а, кхиъна а ву вайн турпалхо. Нохчийн гIиллакхаш, Iадаташ дезаш а, лелош а хиллачу доьзалера ву иза. Цундела, хийрачу махкахь кхиънехь а, вуьззина нохчи ву Бадрудди.

Цо дийцарехь, жима волуш дуьйна техникица гергарло долуш хилла иза. Школа чекхъяьккхинчул тIаьхьа, автослесаран курсашка деша вахна Бадрудди. Цул тIаьхьа шоферан курсаш а яьхна цо.

Ткъа цуьнан некъа тIехь болх бар 1987-чу шарахь дуьйна Некъан ремонтан-гIишлошъяран урхаллехь водителан даржехь доладелла, цул тIаьхьа некъбиллархочун болх а бина цо. 1990-чу шерашкахь республикехь хьал хийцаделла. ТIеккIал хиллачу тIеман шина кампанис кIур хIоттийна Нохчийчохь. Кхиберш санна, оцу хенахь хаьдда Бадрудди а шен балхах.

Вайн махкарчу муьлххачу а доьзале санна, баланаш а кхаьчна церан доьзале а. И ирча тIеман хан дагаяийта а ца лаьа шена бохуш, дуьйцу Бадруддис.

– ДIа мел дахна диканиг дагахь а латтош, вуон мел дерг диц а деш, ваха веза дуьнен тIехь, – дуьйцу Б.Бисултановс. – Иштта веха со а. 2003-чу шарахь сайн хьалха хиллачу балха юхавеара со. ЦIе хийцаялар бен, кхин хIумма а ца хийцаделлера балхахь. ХIинца – Пачхьалкхан некъан эксплуатацин Грозненски унитарни предприяти ю хIара. Некъашдахкархойн болх атта бацахь а, суна со карийна оцу балхахь. Сан болх бу иза.

ТIеман кампанеша аьтта республика меттахIоттор 2003-чу шарахь дуьйна доладелла. Оцу хенахь дуьйна Пачхьалкхан некъан-эксплуатацин Грозненски унитарни предприятис доккха дакъалаьцна республика меттахIотторехь. Оцу предприятин белхалошца цхьаьна Б.Бисултановс а.

Вайн республикерчу ерриге а кIошташкахь некъашна ремонт еш дакъалаьцна цара. Iуьйранна гIаттарца а, буьйса юккъеяханчул тIаьхьа а, йовхонехь а, шелонехь а белхаш бина цара республикин некъан бахам меттахIоттош.

– Нохчийн Республикин автомобилийн некъийн министерствон коьртехь Тумхаджиев Абубакар а волуш, тхох тешийна дуккха а хIума ду. Цундела, вайн республика лаккхарчу тIегIанехь хилийтарехь а, тхайн тIедехкина декхарш дика дIакхехьарехь а къахьоьгуш ду тхо, – элира Б.Бисултановс.

Нохчийн Республикин автомобилийн некъийн министерствос масийттазза Сийлаллин грамоташца билгалваьккхина ву Б.Бисултанов.

Пачхьалкхан некъан-эксплуатацин Грозненски унитарни предприятин директор Хасаев Юсуп оцу даржехь болх беш волу масийтта бутт бен бацахь а, ша Автомобилийн некъийн министерствехь болх бина хиларе терра, оцу предприятера белхахой дика бевзаш ву.

– Кхузара белхан коллектив Iаламат дика а, белхан низам лардеш а, болх дика беш а ю. ХIора белхахо шен декъехь говзанча ву, – дуьйцу Ю.Хасаевс. – Бисултанов Бадрудди хьанал шен болх беш схьавогIуш ву. Шена тIедехкина декхарш, кхин сагатдан ца оьшуш, дика чекхдоху цо. Дика накъост а ву Бадрудди.

Цо шен йоккхачу комбинированни машенца болх беш, цуьнга хьоьжуш а хазахета тхуна. Цо сиха, делахь а, чIогIа лерина бо шен болх. И тайпа машен лело чIогIа хала ду, Бадруддинна дика карайирзина иза, цо санна атта цхьамма а лелайо хир яц иза.

Бадруддин белхан накъоста Элиханов Идриса элира цунах лаьцна: «Бадрудди шен говзаллица, хьанал къахьегарца, адамаллица вевза коллективехь. Цундела иза массарна а дукхавеза, лара а лору. Цуьнан техника даимна а дика болх беш хуьлу, хIунда аьлча цо лерина лелайо иза, цу тIехь галдаьлла цхьа хIума хилча, иза ша дIа а тойо цо. Шен белхан пхьар ву Бадрудди».

Ша лелош йолу машен дукхаеза Бадруддина, оцу шен машенах лаьцна хуьлу цуьнан дукхах долу къамел.

– Муьлххачу а некъа тIехь болх бан дика машен ю хIара. Тайп-тайпанчу меттигашкахь лело таро ю хIара тайпа машенаш. Цхьацца оьшу гIирсаш тIе бехкича, Iаьн тIехь ло дIадоккху машен хуьлу хIокхунах. БIаьста, гурахь некъаш диларан, нораш хьакхаран машен а хуьлу, – дуьйцу Б.Бисултановс.

Некъашдахкархойн муьлххачу а хенан хIоттамехь болх бан безаш хуьлу. Цул сов, церан белхан де муьлххачу хенахь доладала а, чекхдала а там болуш ду. Цхьанхьа Iаламан хилам хилча, и меттиг кепе ялаяллалц болх бо цара. Оцу декъехь болчу нехан ницкъ а, могашалла а, болх бина баллалц къар цавалар а хьалхарчу меттехь хила дезаш ду. Иштта ву Бадрудди а.

Таханлерчу дийнахь говза некъбиллархо-Бадрудди аьлла цIе яккха йиш йолуш ву иза.

Доьзал мелла а тIаьхьуо кхоьллинехь а, тахана кхо доьзалхо ву цуьнан. ХIусамнана Разет Республикин клиникин больницехь операционни чохь медйиша ю. Церан воккхах волу кIант школехь 8-чу классан дешархо ву. Иза а ву, шен да санна, йоккхачу технике безам болуш. Бадруддис кест-кеста шеца балха вуьгу иза.

– Кегий болуш дуьйна болх бан Iамо деза кегийрхошна. Дош дац хIинцалерчу кегийрхоша лелош дерг, оцу телефонашний, компьютерашний чу а бевлла. Дас-нанас магийта ца деза оцу тайпа эрна хан яйар, – элира Бадруддис.

Таханлерчу дийнахь Пачхьалкхан некъан-эксплуатацин Грозненски  унитарни предприятехь болх беш 26 стаг ву. Цара Iуналла дечу некъийн барам 32,1 километр ю. Царах асфальт йолуш – 18,8 километр, тIулгийн некъ – 13,3 километр. Предприятехь 11 техника ю. Коллективана доккха дозалла хета 1-чу категорин некъа тIехь Iуналла дар шайх тешор. И некъ Соьлжа-ГIали чу вогIучу кевнашкара болалуш бу (Соьлжа-ГIалара Устрада-Г1ала кхаччалц). Цара Iай а, аьхка а дикачу хьолехь латтабо шайх тешийна некъ.

Некъашхоша беш берг Iаламат мехала, юкъараллина оьшуш болх бу. Цундела царах лаьцна дика дош кест-кеста ала а деза, уьш шайн цIершца бовзийта а беза.

 

М.САЙХАДЖИЕВА

№113, шинара, эсаран (октябрь) беттан 11-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: