Нохчийн Республикин автомобилийн некъийн министерствона юкъайогIучу 32 предприятех цхьаъ ю Оьрза-ГIалин некъан-эксплуатацин пачхьалкхан унитарни предприяти. Цуьнан орамаш советийн замане доьлхуш ду, генарчу 1946-чу шаре. ХIетахь, №417 йолчу некъан декъо санна дIаболийнера цо шен болх. Цигара дуьйна схьайогIуш ю республикин некъан бахаман истори а.
Оьрза-ГIалин некъан-эксплуатацин пачхьалкхан предприятин производствон-техникин отделан хиллачу куьйгалхочо Кузнецова Татьянас дийцарехь, цуьнан дедас Куприянычев Василийс 1946-чу шарахь дуьйна 1959-чу шаре кхаччалц болх бина №417 йолчу некъан декъахь.

Оцу некъан декъан Iалашо хилла Шелковски кIоштарчу региональни а, меттигерчу а некъийн хьашташ кхочушдар. Декъан дуьххьарлера куьйгалхо хилла Мойбенко Николай. 1960-чу шарахь цуьнан метта Казакин Анатолий хIоьттина. ХIеттахь, №504 йолчу некъан службина юкъадахана и дакъа, тIаьхьуо кхоьллинчу некъан масех предприятица цхьаьна. 1966-чу шарахь №417 йолчу некъан декъах №505 йолу некъан-эксплуатацин дакъа хилира, ткъа 1975-чу шарахь – Оьрза-ГIалин некъан ремонтан-гIишлошъяран урхалла.
Вай лакхахь хьахийна йолу Кузнецова Татьяна 1979-чу шарахь йолаелла цигахь болх бан. Шен дедас болх бина хиларна, хьоме хеташ хилла цунна и меттиг. «Со жима йолчу хенахь дада Василийс дуьйцура соьга, некъан белхахой нахана юкъахь чIогIа сий долуш а, лоруш а бу бохуш. Цуьнан дешнаш бакъ хиларх кхийтира со Некъан ремонтан-гIишлошъяран урхаллин могIаршка суо хIоьттича. Тхо баккъал а лорура, тхуна хетарг тидаме а оьцура. XX-чу бIешеран 80-чу шерашкахь тхан урхалло хьашташ кхочушдеш 500 километр гергга некъаш дара. Некъан белхахойн болх сиха а, атта а хилийта кIоштан тайп-тайпанчу ярташкахь дина некъан говзанчийн 10 цIа дара. Некъан говзанчаш боцурш, цаьрца хIоранца а 10–15 стаг хуьлура болх беш. Тхан коьрта база Оьрза-ГIалахь яра. Урхаллехь верриге а 150 белхахо вара», – дуьйцу Т.Кузнецовас.
1985-чу шарахь, вай лакхахь хьахийначу Казакин Анатолийн метта, Кормильцев Виктор хIоьттира некъан урхаллин куьйгалле. Кхин ши шо даьлча оцу дарже хIоттийра Хасханов Ширвани.
Нохчийчохь болчу тIеман хиламашка хьаьжна доцуш, шайн болх бина некъан бахаман белхахоша. 2002-чу шарахь, республикин кхийолчу некъан предприятех а санна, Оьрза-ГIаларчу некъан ремонтан-гIишлошъяран урхаллех Некъан-эксплуатацин пачхьалкхан унитарни предприяти хилира.
ТIеман хиламаша йина чевнаш ерзош яра республика. Некъан предприятеша шайн йохийна техника вовшах а етташ, дийнахь а, буьйсана а болх бира республика меттахIоттош. Цхьа бохам хилча а дахар сецна ца дуьсу. Нохчийн халкъо, куьйгаллехь Кадыров Рамзан а волуш, далур дац аьлла хеттарг дира – йоццачу хенахь Нохчийн Республика саьлнашкара гIаттийра. Цу юкъахь доккха дакъа ду республикин некъан предприятийн, цара тодира вайн дохийна долу некъаш, тIайш. Керла автомобилийн техника юкъаяларца а, иза алсамъяларца а некъан болам жигарабелира. ТIаккха некъан сеташ кхио а, кхин а дика некъаш дан а дийзира. Иштта шорделира Шелковски кIоштарчу некъан службо кхочушдеш хилла хьашташ. Царна тIекхийтира капитальни ремонт а, тIайш дахкар а.
Иштта, Оьрза-ГIалин некъан-эксплуатацин предприятис федеральни Iалашонан программин гурашкахь республикехь уггаре а доккха тIай тиллира Теркана тIехула, Оьрза-ГIала – Соьлжа-ГIала некъан 4-чу километрехь. Некъан белхахойн дозалла хилла дIахIоьттира и тIай. Цуьнан йохалла 266 метр ю, шоралла – 14,5 метр. Кхин а масийтта тIай республикин лаьмнийн кIошташкахь тиллина Оьрза-ГIалин некъан службо.
2010-чу шарахь Нохчийн Республикин автомобилийн некъийн министран Тумхаджиев Абубакаран тIедилларца, министерствона юкъайогIучу кхийолчу ведомствийн гIоьнца, Шелковски кIоштан ерриге а ярташкахь муниципальни некъаш тодинера. Дукхакъаьмнийн ларалуш йолчу кIоштан дахарехь башха хилира 2013-гIа шо – Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана Шелковски кIоштан шо ду аьлла, дIакхайкхийнера иза. Оццу шарахь кIоштан региональни а, муниципальни а дерриге а некъаш тодина, кечдина, оьшучохь асфальт йиллина, жагIа боьхкина, дIахIиттийра. Оццу шарахь Моздок – Крайновка некъа тIехь, Бороздиновски станицина уллохь, тIай тиллира, иштта, кIоштара доьхна долу кхо тIай а тодира.
Карарчу хенахь предприятис хьашташ кхочушдеш региональни ларамалла йолу 290,2 километр автомобилийн некъаш ду. Царах 156,9 километр некъаш тIехь асфальтобетон йолуш ду, 133,3 километр – жагIа боьхкина. Иштта, 26 тIай а ду, 93 биргIанийн дехьаволийла а ю предприятин Iуналлехь.
Оьрза-ГIалин некъан службин шайн балхана оьшуш мел йолу некъан техника а, гIирсаш а бу. Цаьрца кхачояр дIахьош ду республикин автомобилийн некъийн министерствон гIоьнца. Шен асфальтобетонан завод хилар бахьанехь, шен Iуналлехь долу некъаш сиха а, харжаш лахара йолуш а тодан таро хуьлу предприятин. 2012-чу шарахь дуьйна Оьрза-ГIалин некъан-эсплуатацин предприятин директор Тураев Бек-Мохьмад ву. Цуьнан коллективехь цхьабосса, бертахь къахьоьгуш тайп-тайпанчу къаьмнийн векалш бу: нохчий, оьрсий, гIумкий, ногIий. Царна юкъахь некъан бахамехь къахьегарехь доккха зеделларг долу белхахой а бу. Предприятин тIаьхьарчу итт шеран тоьллачу белхахошна юкъахь ву коьрта инженер Исмаилов Вахит, некъан белхало Элиханов Илес, некъан белхало Бошанов Супьян, некъан декъан говзанча Дибиров Камалуддин, коьрта бухгалтер Ладыка Инна. Къоначу белхалошна юкъахь дегайовхо кхуллуш ву некъан белхало Зурабов Рустам.
Предприятин дуккха а белхахойн къинхьегам Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а, Автомобилийн некъийн министерствон а, Шелковски кIоштан администрацин а грамоташца билгалбаьккхина 2007-чу шарахь Урхалладаран дуьненаюкъарчу академис дIаяьхьначу конкурсехь «Урхалладаран инновационни кепаш» номинацехь толам баьккхина Оьрза-ГIалин некъан-эксплуатацин предприятис.
Шен къинхьегаман бехачу новкъахь республикехь тоьллачех йолуш схьаеана Шелковски кIоштан некъан служба. Тахана, 70 шо даьлча а, оццу тIегIанехь болх беш ю иза.
А.ИРЗАХАНОВА
№113, шинара, эсаран (октябрь) беттан 11-гIа де, 2016 шо