(16-гIа октябрь – Некъан бахаман белхахойн де)
Эсаран (октябрь) беттан кхозлагIчу кIирандийнахь некъан бахаман белхахоша билгалдоккху шайн корматаллин дезде. Кестта тIекхочучу оцу денна лерина республикин автомобилийн некъийн министран декхарш кхочушдечу Тумхаджиев Абубакарца къамел хилира тхан.
– Абубакар, вайна ма-хаъара, кризис хIинца а лаьтташ ю. Карарчу 2016-чу шарахь республикин некъийн декъана финансировани ярехь муха тIеIаткъам бина цо?
– Мел халахеташ делахь а, кризис некъан бахамах а хьакхаелла. Некъийн а, тIайн а дикалла кхин а лакхарчу тIегIане яха дуьйладеллачу муьрехь, и кризис бахьана долуш, финансашца йоьзна йолу халонаш гучуйийла йоьлла тхуна. Ткъа финансашца халонаш хилча, куьйгалло тхуна хьалха хIиттийна долу декхарш кхочушдан хала ду. Делахь а, федеральни а, республикин а бюджеташкара луш долу ахча тоьаш доццушехь, вайн некъаш кхин а дика а, кхерамазалле а дарехь къахьегар лахдан дагахь дац тхо. Иза тхуна республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана тIедиллина декхар ду.
– Карарчу шарахь шайна уггаре а коьрта хеташ йолу объекташ йовзийта йиш юй газет дешархошна?
– «Соьлжа-ГIала – Шуьйта – Итон-Кхаьлла» некъан 32-чу километрехь Орга хинна тIехула деш долу тIай уггаре а мехала лара мегар ду. И объект 2015-чу шарахь ян йолийна оха. Цунна финансировани федеральни а, республикин а бюджеташкара еш ю. Ахча а, оьшуш болу гIирс а шен хеннахь схьакхочуш хилар бахьана долуш, Дала мукъ лахь, цхьана баттахь дина дер долуш ду и тIай.
И тIай дар бахьана долуш, «Соьлжа-ГIала – Шуьйта – Итон-Кхаьлла» некъ цигарчу токхамашна а, Республикин берийн туберкулезан «ЧIишка» санаторина а дикка генабаккхар нисло. Иза мехала хIума ду.
Цул сов, республика социальни а, экономикин а агIор кхиарехь стратегически маьIна долуш ду Хьачарахь еш йолчу лыжаш хахкаран курортана тIебоьдуш болу «Соьлжа-ГIала – Шуьйта – Итон-Кхаьлла – Хьачара» некъ тобар а. Иштта, оцу некъо Соьлжа-ГIалица цхьаьнаюзу Шаройн а, Шуьйтан а, Итон-Кхаьллан а, Шелан а, Грозненски а кIошташ.
И некъ тобар дIасадекъна ду. 2013–2014-гIий шерашкахь оцу некъан хьалхара 10,6 км тойина. 2015-чу шарахь – 10,6 км. тIера 28 км. тIекхаччалц болу некъ. Карарчу шарахь 38 км. тIера 54,8 км. тIекхаччалц йолу меттиг ю оха тIехь болх беш.
Оцу некъана реконструкци яро а, 32-чу км. тIай даро а республикин бахархошна а, хьешашна а къаьсттина дика таронаш кхуллур ю лаьмнийн кIошташка баха-бахка. Иштта Iалашо ю Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана тхуна хьалха хIоттийнарг.
– Кхин муьлхачу кIошташкахь а, объекташкахь а болх беш бу карарчу шарахь шун белхалой?
– Карарчу шарахь Грозненски кIоштахь «НогIамирзи-Юрт – Лаха-Невре – Правобережни» некъан 69,5 км. тIера 74 км. тIекхаччалц болу некъ тобина оха. Оцу некъаца Iохкуш дуккха а ярташ хилар бахьана долуш, и некъ сих-сиха тобан безаш хуьлура. Иштта хьал дара карарчу шарахь а цу тIехь.
Соьлжан а, ТIехьа-Мартан а кIошташкахь а тоян йолийна «Эна-Хишка – Соьлжа-ГIала» некъан 12,6 км. Оцу некъо Соьлжан а, ТIехьа-Мартан а, Грозненски а кIоштийн ярташкара Соьлжа-ГIала кхачар дуккха а аттачу доккхур ду. Цул сов, оцу некъаца машенаш дIасалеларо мелла а парг1атбаьккхина М-29 «Кавказ» (хIинца Р-217) цIе йолу федеральни некъ.
Шелковски кIоштахь тхан белхалой къахьоьгуш бу «Ищерски – Оьрза-ГIала – Шелковски – Дагестанан доза» некъ тобарехь. Оцу некъо цхьаьнаюзу Ставрополан край а, Нохчийчоь а, Дагестан а. 2015-чу шарахь оцу некъан 13 км. тойинера оха. Карарчу шарахь кхин а 40 км. тойина.
Иштта, Хьалха-Мартан кIоштан Шалажа юьрта боьдучу некъана а капитальни ремонт йина.
– Абубакар, къайле яц республикин Куьйгалхочун декхарш кхочушдарехь шун белхалоша дукха белхаш беш хилар. Оцу декъехь хIун болх бина аш?
– «Бенойн бIаьсте – 2016» фестивалана кечамбарехь, тхан белхалоша республикин Куьйгалхочун декхарш кхочуш а деш, Нажи-Юьртан кIоштан некъийн инфраструктура меттахIотторехь дакъалаьцна.
«Сесана – Бена – Беной-Ведана» а некъашна тIе асфальт йиллина, «БIачи-Юрт – Ялхой-Мохк – Нажи-Юрт – Дагестанан доза» а, «Нажи-Юрт – Зандакъа – Симсир» а, некъаш тIехь а болх беш бу.
Сесана а, Ташу-Хьаьжин (Воккха-Хьаьжа) зератана а, Сесанарчу маьждиге а доьлхучу некъашна тIе а йиллина асфальт.
Ерриге а Нажи-Юьртан кIоштахь карарчу шарахь 51,9 км. некъана тIе йиллина нислуш асфальт.
Иштта, карарчу хенахь, республикин Куьйгалхочун лаам кхочушбарца нийса а догIуш, тхан белхалой Беной-Ведана тIебоьдучу некъа тIехь керла тIай дарехь къахьоьгуш а бу.
Шаройн кIоштахь 6,3 км. некъана асфальт йиллина. ХIинццалц оцу кIоштахь асфальт йолуш некъ хилла а бацара. Цул сов, оцу кIоштахь карарчу шарахь, тхан белхалоша 55 сов км. некъ тобина.
– Абубакар, некъаш дахкарх ца тоьа, уьш Iалашдан а деза. Цуьнца муха ларадо шу?
– ЧIогIа нийса боху ахь. Некъ гуттар а терго еш, ларбан а, Iалашбан а безаш бу. Цундела Iа а, бIаьсте а ца къестош, республикин автомобилийн некъийн министерствон долахь йолу 23 предприяти оцу декъехь денна а къахьоьгуш ю. Иза боккха а, хала а болх бу.
Министерствон балансехь 3 052,3 км. некъаш ду. Царах 1 603,5 км. некъашна тIехь асфальт а, 1 221,3 км. тIехь жагIа а бу. Цул сов, тхан балансехь 237 тIай а, биргIанех лаьтташ йолу 1 355 дехьаволийла а ю.
Къаьсттина хала ду лаьмнашкарчу а, токхамаш хила кхерам болчу а некъашна терго яр. Нагахь санна оцу некъашна тIехь я уллохь Iаламан бохам хилахь, цо дина зен дIадаккхалц, цигахь буьйсанаш а йохуш, болх бо тхан белхалоша. Билгалдаккха лаьа, и болх хала, кхераме хиларх а ца къехкаш, белхалоша шайн белхан декхарш кхачам боллуш кхочушдеш хилар.
– 2016-чу шарахь маса километр некъ тIекхетта шун балансе?
– Карарчу шеран 9 баттахь асфальтах лаьтташ долу некъаш 16,4 км. а, жагIа боьхкина болу некъаш 6,3 км. а тIекхетта тхуна.
– Iа а ду тIекхача герга. Цунна хIун кечамаш беш ду шу?
– Тхан долахь йолу ерриге а предприятеш оьшучу техникица кхачам болуш ю. 8 эзар м3 гIум а, 2,5 эзар тонна туьха а эцна хIинцале. Цундела, ца кхоьрруш ала мегар ду, республикин некъан бахаман белхалой Iаьнна кийча хилар.
Интервью эцнарг – ИРЗАХАНОВА Айзан
(Оьрсийн маттера гочйина ХАСАХАНОВ Ислама)
№113, шинара, эсаран (октябрь) беттан 11-гIа де, 2016 шо