«Колос» госхозан техника тІаьхь-тІаьхьа алсамйолуш ю. Техникин парк карлаяккхаран некъ кхочушбеш, «Росагролизинг» компанехь эцна К-744, МТЗ-1221 тракторш а, царна тІаьхьатосу гІирсаш а.
Кестта цара «Колосехь» бина ца Іаш, Нохчийн Республикин кхечу бахамийн аренашкахь а болх бийр бу.
Керлачу техникин дикалла теллира Нохчийн Республикин Правительствон Председателан заместитела – юьртан бахаман министра Дадаев Мусас.
– Республикехь хаалуш ду дуьйш-дерзош долу латтанаш оху еза техника чІогІа цатоар. Цундела хІокху шарахь «Колос» госхозан буха тІехь оха «Росагролизинг» компанера эцна кхузаманахьлера техника. К-744 итт трактор а, МТЗ-1221 30 сов трактор а, царна тІаьхьатосу гІирсаш а кестта болх бан арабохур бу аренашка. Оцо дикка аттачубоккхур бу юьртабахаман къинхьегамхойн болх. Масех трактор оха сублизинган гІолехьчу хьелашкахь арендаторшка а, госхозашка а дІаелла. ХІинца тхан коьрта гІуллакх хилла дуьсуш ду ялта чудерзош йолу комбайнаш эцар. Со тешна ву и гІуллакх кестта кхочушдан тхешан таро хирг хиларх, – элира М.Дадаевс.
Министра дийцарехь, хІокху цхьана шарахь билгалдеш ду ялта чудерзоран мур тІекхачале белхан лаккхара эвсаралла йолу 50 гергга техника эцар, шайна юкъахь дуга чудерзо а, буракаш чуерзо а техника а йолуш.
– Бакъду, оцу ерриге а технико кхочушдийр дац республикехь цаьрца долу хьашташ. Амма техника цатоар цо 30–40 процентана лахдийр ду аьлла хета суна, – элира министра.
«Колос» госхозан директора Муртазалиева Анисас дийцарехь, эцначу технико таро лур ю гурахь дуьйчу ялтех 90 процент сов дерг шен хеннахь дІаден.
– ХІокху шарахь ялта чудерзочу муьрана дика кечам барца тІекхочур ду а, ялташ чудерзоран тІаьхьенаш хьалхарчу шерашкахьчул лакхара хир ю а аьлла хета суна, – билгалдаьккхира цо.
Нохчийн Республикин юьртан бахаман министран заместитела Моллаев Джамалдис дийцарехь, министерствон куьйгалло билгалдо хасстоьмашлелорна а техника – культиваторш а, хасстоьмаш дІабоь гІирсаш а – эцар. Юьртабахаман техника эцарна «Колос» госхоз къасторан коьрта бахьана ду и бахам республикехь финансийн декъехь алссам таро йолуш а, «Росагролизинг» ОАО-н берриге а лехамашца йогІуш а хилар.
Д.Моллаевс билгалдаьккхира эцначу техниках республикерчу муьлххачу а кепарчу долаллин бахамаша сублизинган принципаца пайдаэца тарлуш хилар.
Юьртабахаман техникин парк карлаяккхаран гІоленаш билгалъехира министерствон ораматашлелоран, химизацин, механизацин департаментан директора Матуев Ханпашас а.
– Кхузаманахьлерчу лерринчу техниках пайдаэцаро таро ло ялташ кхиор алсамдаккха а, болх санехь бан а, делахь-хІета, юьртабахаман декъехь бизнес лелор пайдехь хилийта а. Республикин юьртан бахамехь кестта юкъаевр йолу Германехь арахецна буракаш чуерзо комбайнаш лаккхара белхан эвсаралла хиларца къаьсташ ю. Иштта цхьана комбайно таро ло цхьана дийнахь 17 гектар майданара сов буракаш чуерзо, – билгалдаьккхира Х.-П.Матуевс.
ХІокху шарахь техника эца а, цунна ремонт ян а республикин юьртабахаман белхахошна луш долу дерриге а ахча 100 миллион сом сов хир ду. Юьртан бахаман министерствон куьйгалла республикин агротехпарк карлаяккхар тІейогІучу хенахь а лаккхарчу боларшца дІадахьа ойла йолуш ду.
«Грозный-информ» агентство