Цуьнан бехк – видеокийсак яржор

Республикин вахархочунна Генердукаев Зеламхина дуьхьал долийна долу гIуллакх суьде дIахьажийна. Иза бехкевеш ву социальни сета чохь Шемарчу боевикийн кхайкхам тIехь болу видеокийсак яржорна.

«Эсаран (октябрь) беттан 4-чу дийнахь Къилбаседа Кавказан окружной тIеман суьде дIахьажийна республикин вахархочунна Генердукаев Зеламхина дуьхьал долийна долу уголовни гIуллакх. Иза Россин Федерацин Уголовни кодексан 205.2 статьян 1-чу декъехь билгалдина долу зулам дарна бехкевеш ву (терроризман декъехь гIуллакхаш де бохуш я терроризм бакъ еш гуш-хезаш кхайкхамаш бар). Бехкевечунна 500 эзар соьмана гIуда тохар я 2–5 шо набахти чохь даккхар догIу», – аьлла, хаам баржийна Россин Талламан комитетан Нохчийчухула йолчу Урхалло.

Талламхоша билгалдаккхарехь, 2015-чу шеран оханан (апрель) баттахь бехкевечу З.Генердукаевс «ВКонтакте» социальни сета чохь йолчу шен агIонехь зорба тоьхнера Шемахь тIом бечу боевикийн кхайкхам тIехь болу видеокийсак. «Бехкевечо шен бехк тIе а лаьцна, ша динчунна дохко а ваьлла», – боху Талламан комитето баржийначу хаамехь.

Бехкевечо я цуьнан верасаша оцу хьокъехь, цкъачунна, хIумма а аьлла дац. Делахь а, оцу гIуллакхна юьстах ца Iийна социальни сеташкахь хан йойъуш болу нохчий.

«Къа ду оцу кIентан. Доьзалехь кхоччуш кхетам цабалар бахьана долуш, масех шарахь маьршачу дахарах хьега виси иза», – бохуш, яздо Мудищев ЛукIас.

«Нохчий гуттар а хилла шаьш аьллачунна жоп дала декхарийлахь. Хазахета, тахана а иза вайна юкъахь лелаш хилар. Бакъйиний терроризм – хан такха!», – боху Grajdanin Mira-с.

Мухха делахь а, оцу кIантана а, цуьнан нийсархошна а дуьйцучу гIуллакхах масал хирг хиларх а, кхидIа уьш зуламах ларлург хиларх а дегайовхо лаьтта.

И.АДАМОВ

№113, шинара, эсаран (октябрь) беттан 11-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: