(16-гIа октябрь – Некъан бахаман белхахойн де)
Лараме некъан бахаман белхахой, хьомсара ветеранаш!
Даггара декъалдо шу вайн корматаллин цIейца – Некъан бахаман белхахойн денца! Хьалха шерашкахь а санна, Нохчийн Республикин некъашхоша 2016-чу шарахь а боккха болх бина юкъара пайдаэцаран керла некъаш дохкуш, долуш дерш тодеш, царна ремонташ еш, некъан боламан кхерамазалла айарна тIехьажийна гIуллакхаш деш. Иштта дукха къахьегна некъашдаран керла технологеш юкъаялош а.
Некъашхойн дезачу дийнахь даггара баркалла ала лаьа шуна массарна а, шаьш шайн ца кхоош, Iай, аьхка а, аш хьанал къахьегарна. Белхан йоккха говзалла йолуш, болх безаш, махкана хьалха долчу жоьпаллех кхеташ, цхьа доьзал хилла дIахIиттарна, вай кхиамца ларадо республикин куьйгалло тIедехкинчу мел чолхечу а декхаршца.
Даггара лаьа шух хIораннан а, балха тIехь кхиамаш болуш, ондда могашалла йолуш, хIусамашкахь барт-беркат лаьтташ, ирсе дахар хуьлийла. Дика мел дерг хуьлда шуна а, шун доьзалшна а!
Республикин берриге а некъашхойн цIарах дезачу денца даггара декъалван лаьа Россин а, Нохчийн Республикин а сийлаллин некъашхо, Нохчийн Республикин Куьйгалхо, Россин Турпалхо Ахьмадан Рамзан!
Лараме Ахьмадан Рамзан! Къера хила деза, иштта дика а, боккхачу барамехь а болх тхоьга кхочушбалур бацара республикин некъан бахам кхиор, ахь хьайн тидамехь латтош ца хилча. Дела реза хуьлда хьуна, гуттар а тхуна гIо-накъосталла дарна а, белхан хьелаш кхолларна а! Вайн халкъан а, мехкан а дуьхьа беркате къахьега Дала хьуьнар а, могашалла а лойла хьуна, дахарехь ирс-аьтто нислуш, айхьа дIадолийначу гIуллакхашкахь кхиамашка кхочуш, Дала дуккха а шерашкахь вахавойла хьо!
Ахьмадан Рамзан, хьо а, республикин берриге бахархой а тешна хуьлийла лаьа, республикин некъаш а, тIеш а хила ма-деззара хилийтархьама, Нохчийн Республикин автомобилийн некъийн министерствон бертахьчу коллективо шен ницкъкхочург дерриге а дийриг хиларх.
А.ТУМХАДЖИЕВ,
Нохчийн Республикин автомобилийн некъийн министр
(Некъан бахаман белхахойн денна материалаш еша 2-чу агIон тIехь)
№113, шинара, эсаран (октябрь) беттан 11-гIа де, 2016 шо