Даймахках долу мерза гIан…

Кхузткъе уьтталгIачу шерашкахь, цхьана хазачу бIаьстенан суьйранна, Урдунерчу, масийтта къам дехачу, цхьана шахьарахь, ворхI шо кхачаза цхьа нохчийн йоI яра урамехь берашца ловзуш. Цхьаьнгара буьрка ядош, важа дIатоттуш, уьдуш лелара иза. Ткъа, буйнахь цхьа хIума а йолуш, геннара вогIуш шен дех бIаьрг кхетча, массо дIатесна, цIайоду жима йоI.IMG-20161003-WA0029

ЦIахь массо а цхьана патифонна гуонах хевшина, чIогIа хазачу а, гIийлачу а озаца, генарчу Даймахках олучу иллига ладоьгIуш карабо йоIана. Лерина ладоьгIу цара иллин дешнашка: «Вайн ДегIаста йицлур яц суна…». ЙоI, и дешнаш цхьа тамашийна  дагах кхетий, шен нене хьожу. Нана, сихъелла, шен бIаьрхиш дIахьоькхуш го. Да а, вежарий а, хIолламаш санна, тап аьлла, иллига леррина ладоьгIуш хуьлу.

Жима йоI, меллаша чуьра ара а яьлла, уьйтIахь гIайгIане ойланаш ян хIутту: «ХIара хIун ду-те? Нана йоьлхуш хIунда яра? Да а, вежарий а худабевлла ладоьгIуш хIунда бара оцу иллига?»…

ЙоIана хаа-м хаьара шен дай цхьана генарчу махкара Урдуне баьхкиний, зуламех бевдда, шайн дин лардан, делахь а, шен нехан Даймахках оццул хьегам хилар дуьххьара гуш дара.

ТIаьххьалц, шийлачу буьйсанашкахь къена а, къона а нохчийн зударий тIергIах хIуманаш еш гуллора Урдунехь. И гуламаш цкъа а чекх ца бовлура, коьртачу декъана Даймахках болу хьегам а, цIера кхаьчна хабар а, цигахь дерш-хилларш ца дуьйцуш… Дуьненахь йолу шайн яйна ялсамани хетара массарна а Даймохк.

И дерриге а хууш дара жимачу йоIана  Iалошна. ХIетте, Iалошан дог тешна дара тахана ша Урдунехь йина елахь а, шен са оцу генарчу Даймахках хоттаделла хиларх.

Шо шаре мел долу, Iалоша дукха ойланаш йора Даймахках лаьцна: «Муха бу-те сан Даймохк? Муха хьийза-те аьрзунаш сан Даймахкарчу  исбаьхьчу лаьмнийн баххьашкахь? Шал шийла дуй Нохчийчуьра шовданаш?». Синан тулгIенаш хьийзара Iуьйранна а, суьйранна а цигахь…

Ойланашка яьлча, Iалошна хеталора ша цхьана хазачу нускалан пIелгах нохчийн бустамца кечдина дато мухIар санна. Хеталора, техьийзачу йоIе сатуьйсучу илланчин карахь мерза пондар а, буьрсачу нохчийн тIемалочун карахь тоьпан молха а, ийманах вуьззинчу къаночун белшаш тIехь верта а, самукъане берийн ага а.

И жима Iалош, со ю, хIинца къанлуш елахь а, и хаттарш гуттар а сан дагахь лаьтта. Даймахках  догдахар цкъа а гIел ца ло. Даймахках долу и сан мерза гIан маца тидалур ду-те?..

Яздархо (Iаьрбийн маттахь) : Iалья Исхьакъ Шишани

Талмаж (гочдархо): Бакир Iабдул-Хьамийд

№113, шинара, эсаран (октябрь) беттан 11-гIа де, 2016 шо

 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: