Cоьлжа-ГIалин мэрехь III-чу кхайкхаман Депутатийн советан хьалхара кхеташо хилира. Цигахь дакъалецира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана, Нохчийн Республикин Парламентан Председатела Даудов Мохьмада.
Кхеташо дIайолош, хьалхара дош олуш, вистхилира Республикин Куьйгалхо.
«Хууш ма-хиллара, вайн махкахь кхажтасар юьхькIоме боллуш дIадаьхьна. Тахана вайн уггаре а коьрта декхар – иза халкъ маьрша а, ирсе а хилар ду, церан дахар дика хилийтархьама къахьегар а ду. Вайн мехкан паргIато йохо лууш, юкъара барт бохо къахьоьгуш дуккха а зуламхой бу. Барт цахилийтархьама и санначара дуккха а эладитанаш а, харц хабарш а юкъадоху. ТIаккха уьш даржош лела, шаьш дуьйцучух халкъ тешийта йолчу Iалашонца. Делахь а, ишттачарах теша мегар дац. Хийлазза, социальни тайп-тайпанчу сеташкахула, вайх лаьцна доцург дуьйцуш хабарш (аудио) дIасадохьуьйту. Ишттачу зуламхойх ларвала хьажа веза хIора а. Вайн дахар тодалийта къахьега дезаш ду вай. Шу, нахаца болх бан дезаш ду, цундела, цаьрга нийса дерг а, бакъдерг а дIакховдо декхарийлахь ду шу. Муьлххачу а гIуллакхехь коьртаниг – иза адамашна юкъахь барт хилар ду. Иза вай ца талхийчахьана, дерриге а дика хирг хиларх тешна ву со», – элира Р.Кадыровс
Кхеташонехь къайлах кхажтасарца Соьлжа-ГIалин Депутатийн советан куьйгалхо хаьржина Хизриев Заур. Цо баркалла элира Республикин Куьйгалхочунна шена тешам баларна.
«Суна доккха дозалла хета, сайна и тешам балар. ТIедехкина декхарш ницкъ кхочучу барамехь лардан хьожур ву со. Сайна хьалха хIиттийначу Iалашонашка кхача дуккха а къахьега кийча а ву», – элира цо.
З.ЛОРСАНОВА
№113, шинара, эсаран (октябрь) беттан 11-гIа де, 2016 шо