Кхана, 16-чу майхь Аргун гIалахь даздаран хьолехь дIахьур ду Кадырова Айманин цIарах долу маьждиг а, «Аргун-Сити» лекхачу гIишлойн комплекс а схьалеллар. Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана массех де хьалха цу хьокъехь хаам барх боккха кхаъ хилла бу Аргун шахьаран а, ерриге а республикин а бахархой.
Оцу мехалчу хиламна лерина дIаяьхьначу вовшахтохараллин комитетан кхеташонехь дакъалоцуш хиллачу Кадыров Рамзана элира: «Баккъал а деза де дан деза вай маьждиг а, дуккха а гIаьтнаш долу цIенош а схьаделларх. Цигахь дакъалоцуш эзарнаш адамаш хир ду. Сий-лараме хьеший богIур бу Россин субъекташкара а, дозанал арахьарчу мехкашкара а. Царна юкъахь хир бу цIеяххана Iеламнах, нашидашалархой, цхьамогIа кхиберш. Вай дерриге а дийр ду, дан а дина и де нехан иэсехь дисийтархьама».
Шена тIехь бIаьрг сацош, шен исбаьхьаллица йийсар веш ду кхузара маьждиг. Хетарехь, цу тайпа маьждиг дуьненахь а дац. Шен хазаллица Аргун шахьар а къагийна дIахIоттийна цо. Цу чохь лаххара а пхи эзар стеган жамIатехь ламаз дан аьтто хир бу. Ткъа кхана цу чохь дуьххьара рузбан ламаз дийр ду вайн махкахоша а, хьешаша а. Дуьххьара хьехамаш бийр бу, хутIба а доьшур ду, АллахIана хастам беш Iамал-Iибадаташ а, доIанаш а дийр ду.
Кхин масане ду уьш кхана Аргун гIалахь дан леринарш. Цаьрга сатесна Iаш бу Нохчийчоьнан бахархой. Цунна мел оьшург дина даьлла, цхьа а хIума хьесапера ца далийтина. Вайн республикин бахархошна и совгIат кечдина маьждиг деш хиллачу «Инкомстрой» фирмин говзанчаша, Маьждиг дарна ахча къастийначу Нохчийчоьнан хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу регионан юкъараллин фондо. Дела резахуьлда царна!
Хь.САИДОВ
