Кадыров Рамзан цхьаьнакхийтира Деньгов Левца

Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан цхьаьнакхийтира Россин Пачхьалкхан Думин депутатаца Делимханов Адамца а, цуьнан гIоьнчица,  Россин Федерацин арахьарчу гIуллакхийн министран заместителан Богданов Михаилан лерринчу векалца Деньгов Левца а. Республикин Куьйгалхочо хаамбарехь, Богданов Михаилан а, Делимханов Адаман а векал волуш, Деньгов Лев Ливи а вахана, вухавирзина. Цигахь цо дийцаре дина «Чеботарев Михаил» танкеран экипаж маьрша яккхаран гIуллакхаш.

«Цуьнан цхьаьнакхетар хилла Ливин Президентан кхеташонан Председательца Сарадж Фаизца а, Пачхьалкхан Лаккхарчу кхеташонан куьйгалхочуьнца Суэхли Iабдурахьманца а, Прокуратурин Талламан комитетан куьйгалхочуьнца Ас-Сур Ас-Садыкъца а, Правительствон декъашхошца а. Цара тоьшалла дина, суьдан кхеташо дIаяьллачул тIаьхьа, Россин кхо вахархо вайн махка цIакхачорехь оьшуш дерг шаьш дийриг хиларна. Цул сов, Желтойчоьнан байракхца лелаш хиллачу «Теметерон» танкера тIехь хилла волу кхо россихо цIаверзор а дина дийцаре. Уьш а бу Ливехь суьдан сацаме ладоьгIуш», – яздо Р.Кадыровс.

Иштта цо билгалдаьккхира Л.Деньгов «Теметерон» танкеран экипажаца цхьаьнакхетта хилар а, церан хьокъехь бечу бартах лаьцна царна хаам бина хилар а.

Деньговца хиллачу шайн цхьаьнакхетарехь  Ливин куьйгалхоша Россица йолу юкъаметтигаш а, зIенаш а кхин а лаккхарчу тIегIане яха лууш шаьш хилар довзийтина хилар а чIагIдо Р.Кадыровс.

«Ас билгалдаьккхира  оцу гIуллакхашца болх беш Россин Федерацин кхечу арахьарчу гIуллакхийн министерство хилар. Ткъа Леонидан Левна ас баркалла элира. Вайн хIордахой цIаберзорехь хьалха дуьйна къахьоьгуш ду вай. И болх Россин Федерацин арахьарчу гIуллакхийн министерствоца бертахь беш бу. И собар а, хан а оьшуш хIума ду», – яздина республикин Куьйгалхочо.

И.ИСЛАМОВ

№113, шинара, эсаран (октябрь) беттан 11-гIа де, 2016 шо

 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: