Полицин белхахошна совгIаташ дийр ду

Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана республикин чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон куьйгаллина тIедиллина хIокху деношкахь Гуьмсан кIоштахь зуламхошна дуьхьало еш билгалбевллачу бакъонаш ларъяран органийн белхахошна совгIаташ дар.497

– Ас тIедиллина оцу тасадаларехь дакъалоцуш хилла полицейскиш пачхьалкхан а, кхечу а совгIаташна хьалхататтар. Цара, шайн дахар ца кхоош, кхераме зуламхой хIаллак а бина, оцу зуламхойн Iалашонаш кхочушхиллехь, иттаннаш маьршачу бахархойн хир долу баларш юха а тоьхна. Бакъонаш ларъяран органийн белхахоша шаьш турпалхой хилар гайтина, – яздо Кадыров Рамзана инстаграмерчу шен агIонехь.

Республикин Куьйгалхочо билгал ма-даккхара, и зуламхойн тоба хIокху тIаьхьарчу шина-кхаа баттахь, харжамийн деношкахь а, кхечу дезачу деношкахь а, Нохчийчохь шен боьха Iалашонаш кхочушъян дагахь хиллера. Делахь а, бакъонаш ларъяран органаш сема хилар а, уьш кийча хилар а бахьанехь, республикехь и зуламхойн тоба цхьана а кепара гучуяла аьтто боцуш яра.

– Оцу леррина дIаяьхьначу операцин жамIаша тоьшалла до, вайн бакъонаш ларъяран органийн, бахархоша шайгара гIо-накъосталла деш хилча, лаккхара кхерамазалла латто ницкъ кхочуш хилар, – билгалдаьккхира Р.Кадыровс.

Дагадоуьйту, масех де хьалха, Гуьмсан кIоштан Гезлой-Эвла – Энгал-Юрт автомобилийн некъа тIехь полицин белхахой, таллам бан, ши машен сацо гIоьртина. Машенийн дайша, полицейскиша аьлларг а ца деш, царна тIе герз детта долийна. Полицин белхахоша, тIелатар юхатохар бахьанехь, ший а машен хIаллакйина. ТIелатар динарш 8 стаг хилла. Церан цIерш, машенаш яьгна хиларна, хIинца а хууш яц. Оцу хиламца доьзна, Россин Талламан комитетан Нохчийн Республикехула йолчу Талламан урхалло уголовни гIуллакх долийна. Оьшуш долу талламан гIуллакхаш ду деш. И тасадалар бахьанехь, лазийна, больнице кхаьчна полицин 4 белхахо. ХIинца уьш дикачу хьолехь а бу, церан дахарна кхераме хIумма а дац. Лоьраша дийцарехь, чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон белхахой герггарчу хенахь шайн балха юхабоьрзур бу.

Нохчийн Республикехула йолчу чоьхьарчу гIуллакхийн министерствос бечу хаамца, церан ведомстве, бакъонехь йоцу тIеман тобанаш Дагестанера Нохчийчу сехьаевлла хиларх болу хаам кхаьчнера. Гуьмсан кIоштан Гезлой-Эвла а, Энгал-Юрт а ярташна гена боццуш хилла зуламхой. Оцу тобанна коьртехь хилла федеральни лехамехь волу Демильханов Iела. Нохчийчохь цхьамогIа террористически тIелатарш дан кечъелла хилла и зуламхойн тоба.

I.МУРТАЗОВ

№113, шинара, эсаран (октябрь) беттан 11-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: