Берийн садаIар Нохчийчохь хир ду

Чекхбовла герга бахана Шелан кIоштарчу Сиржа-Эвлахь берийн садаIаран лагерь яран белхаш.

Хьалха дуьйна а садаIарна чIогIа бегIийла хьелаш долуш ю Сиржа-Эвла: ламанан цIена хIуо, хиш, хьаннаш. Ларамаза дацара советийн заманахь кхузахь берийн садаIаран масийтта лагерь хилар а. Цул сов, Соьлжа-ГIаларчу яккхийчу предприятийн тойина шайн садаIаран меттигаш а яра.

ХIокху шеран бIаьстенан юьххьехь хьалха берийн лагерш хиллачохь гIишлошъяран белхаш буьйлабелча, баккъал а кхаъ хилира республикин бахархошна, къаьсттина, берийн дай-наношна. Вайн цIахь, гена дIаса а ца дохуьйтуш, дешархошна садаIа а, могашалла меттахIотто а меттиг хилар маьIне хIума ма ду.

Дукха хан йоццуш, гIишлошъяран белхаш дIабахьаран хьал талларан Iалашонца кхузахь хиллачу Нохчийн Республикин къинхьегаман, белхан меттигаш нисъяран, социальни кхиоран министра Ахмадов Мохьмада дийцарехь, лагеран коьрта объекташ йина йовла герга яхана. Вайн республикерчу берашца цхьаьна, кхузахь садаIа таро хир ю Россин кхечу регионашкарчу дешархойн а.

«ХIара берийн лагерь Казказехь тоьллачех цхьаъ хир ю, берийн садаIарна, могашалла меттахIотторна, кхетош-кхиоран балхана оьшу дерриге а хьелаш хир ду кхузахь. ХIинца тIейогIучу бIаьста дешархойн хьалхара тобанаш тIеэца кийча хир ю лагерь», – элира М.Ахмадовс.

Чохь Iеран корпусел сов, лагеран кертахь хир ю амфитеатр, маьждиг, спортзал, спортан майданаш, кхоъ бассейн (шиъ къевлина, цхьаъ арахь). Цхьанаметта кхузахь садаIа йиш хир ю 6 шарера 15 шаре кхаччалц хенаш йолчу 300 сов беран. Церан хьашташ кхочушдеш хир ву 100 сов белхало. Оццул белхан меттигаш хилар а ду мехала хIума.

Министро билгалдаьккхира Хул-Хулон исбаьхьчу бердан йистошца берийн лагерш меттахIиттор Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан тIедилларца дIадолийна хилар.

Баккъал дика гIуллакх ду долийнарг. Кхечу регионашка а, мехкашка а бераш хьийсо дай-наношна атта ца хуьлура. «Новкъахь хIун нислур те?», «ДIакхаьчча садаIаран хьелаш муха хир те?», – бохучу хаттарша садуура церан.

Цхьана дашца аьлча, муьлхха а учреждени, предприяти болх бан йолаялар маьIне ду кхуьуш йолчу вайн республикина.

Хь.ДОВКАЕВ

№115, шинара, эсаран (октябрь) беттан 18-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: