Нохчийчохь дуьххьарлера зиплайн

Ерриге а Кавказехь дуьххьарлера эсктриман спортан муьшана тIехь йолу транспорт–зиплайн схьайоьллур ю герггарчу хенахь Веданан кIоштарчу спортан-туризман «Къоьзан Iам» комплексехь.

14369107_1640189696311778_1702508091_n

Россехь а, Европехь а уггаре а йоккхачарах ю Къоьзан Iомана тIехула йиллина йолу зиплайн.

Дуьххьара кхерамазалла толлуш экстриман спортан муьшана тIехула хахкавелла оцу проектан автор голландхо Бругес Руле. Иза резахилира шаьш бинчу балхана.

Къоьзан Iоман ши берд вовшахтосу болатан муьшца. Цо 15 тонна йозалла ловр ю боху говзанчаша.

И конструкци дIатосуш Словенера балийна говзанчаш бара. Цара шайн болх лаккхарчу тIегIанехь дIа а баьхьна. Карарчу хенахь цигахь болх беш кхерамазаллин техника Iамийна нохчийн инструкторш бу. Цара зиплайн хохкучохь низам латтор ду.

Нохчийн Республикин туризм кхиорехула йолчу координационни советан председатела Магомаев Юсупа ма-аллара, Нохчийчу туристаш схьаэхар кхин а алсамдер ду экстриман спортан зиплайн транспорт йилларца.

– Дуккха а хуьлу Нохчийчуьрчу Iаламе хьовса богIу туристаш, царна юкъахь экстриман спорт езарш а хуьлу. Ткъа хIара спорт кхерамазаллин ю, цуьнца цхьаьна шовкъ луш а ю. Зиплайн спорт цкъа евзинчул тIаьхьа, хьанна а езалур йолуш ю, – дийцира Ю.Магомаевс.

Спортан-туризман «Къоьзан-Iам» комплексехь зиплайнан 4 некъ бу. Царах уггаре а бехачу некъан йохалла 840 метр ю. Нохчийчуьра зиплайн хIинцале а шен йохаллица а, исбаьхьчу Iаламехь йиллина хиларца а дуьненахь уггаре а тоьллачу кхаанна юкъахь ю.

Словенера веанчу говзанчас, «Бовец» аттракционийн паркан директора Сной Улуша шен Нохчийчоьнах кхоллаелла ойланаш йовзийтира: «И болатан муш беха хилла а ца Iаш, инзаре беза а бу. Цундела и дIатосуш дикка къахьега дезна белхалойн. Нохчийчуьрчу Iаламах цецдевлла ца довлу тхо хIинца а. Суна дуьххьара гуш ю Iома тIехула йолу иштта еха зиплайн. Цхьа а шеко йоцуш, доллу дуьнен тIехь гIараер ю Нохчийчуьра исбаьхьчу Iаламехь йиллина йолу экстриман спортан транспорт».

И меттиг схьаелларан деза гIуллакх герггарчу хенахь дIадахьа лерина ду.

Хь.БАХТАЕВА

№115, шинара, эсаран (октябрь) беттан 18-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: