Кавказ: арахьара бIаьрг тоьхча…

Иван Васильевичан а, Соьлжа-ГIалин а цхьана а кепара вовшашца зIе яц

1818-чу шарахь Оьрсийн тIеман администрацис Соьлжан бердашца йоьгIна йолчу гIопан цIе «Грозная» тиллина. Иштта цIерш тахкар ламаст хилла Кавказехь йолчу Оьрсийн тIеман администрацин. Масала, Тарки олучу юьртахь (хIинца ХIинжа-ГIалин дакъа ду иза) йоьгIначу гIопан цIе «Бурная» хилла, ткъа Эндирей (Хасавюьртана гена йоццуш ю) олучу юьртахь йолчу гIопан цIе – Внезапная. «Грозная» гIопах гIала 1869-чу шарахь йина.

Берриге а кавказхой бусалба бац

Берриге а кавказхой бусалба бу аьлла а, мацах хилла аьлла а хеташ болу нохчий дуккха а бу. Амма иза данне а бакъ дац. Азаллехь дуьйна Кавказехь бехаш болу гуьржий а (Аджарера гуьржий бац царна юкъабогIуш), дуккха а бIешераш хьалха Кавказе баьхкина болу эрмалой а, хIирий а керста дин лелош бу. Цундела, церан а, бусалба дин лелочу Кавказерчу халкъийн а терахьаш дуьстича нисло, хIора шолгIа кавказхо бен бусалба цахилар.

Къилбаседа Кавказера республикаш кегий яц

Бакъду, Пятигорскера Соьлжа-ГIала воьдучу муьрехь, 3 сахьтехь диъ доза хадо деза. Кхузахь дагайогIу Бельгих лаьцна йолу забар: машенахь Бельги чукхачарца тормоз тIетаIо еза, цунна тIех ца эккхархьама. Амма схьаоьцур вай Дагестан. Иза Эрмалойчоьнал шозза йоккха а ю, Гуьржийчоьнал цхьажимма бен жима яц. Цул сов, Бельгел а, Голландел а, Швейцарел а, Словакел а йоккха ю иза. Цуьнан уггаре а къилбаседерчу кIоштара уггаре а къилберчу кIоште кхача лаахь, Москвана а, Санкт-Петербургана а юкъахь болччул некъ бан беза. Нохчийчоь а яц хIумма а жима – цул жима а йолуш, 50 сов йозуш йоцу пачхьалкх ю дуьненахь. Царах уггаре а евзаш ерш: Черногори, Кипр, Ватикан, Андорра, Люксембург, Лихтенштейн, Сан-Марино, Монако, Палестина, иштта кхиерш а.

Пятигорскехь пхи лам хилла ца Iа

Пятигорск – иза цхьана ломан пхи бохь бу: оцу гIалин цIе пхи бохь болчу Бештау ломан цIарах тиллина ю. Тюркийн меттанашкара гочдича, «пхи бохь» нисло иза. Билгалдаккха догIу гIумкаша а, ногIайша а, балкхароша а Пятигорсках хIинца а Бештау олуш хилар. Ткъа цигарчу лаьмнийн хьокъехь аьлча, уьш 17 лам бу.

Кавказхойн хелхар цхьа лезгинка дац

Лезгинка – кавказхойн хелхарийн могIарехь уггаре а девзаш долу хелхар ду. Амма хIирийн лезгинкех аьттехьа а тера догIуш доцу «симд» а «хонга» а ду, ткъа Дагестанерчу Акушинан кIоштахь украинхойн «гопаках» тера долу хелхар а ду.

И.АДАМОВ

№115, шинара, эсаран (октябрь) беттан 18-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: