Буру-ГIалин В.Тхапсаевн цIарахчу пачхьалкхан академически театрехь, хIокху деношкахь, хилира цIеяххана евзаш йолчу шина хелхаран коллективан – Къилбаседа ХIирийн Республикин пачхьалкхан хелхаран «Алан» ансамблан а, Нохчийн Республикин пачхьалкхан хелхаран «Вайнах» ансамблан а «ДоттагIаллин тIай» цIе йолу концерт.
Оцу вовшахтоьхначу концертан шен билгалонан маьIна ду. Шина кхоллараллин коллективана юкъахь доттагIалла долу дукха хан хилар ду иза.
Оцу концерто юха цкъа а гайтира шина ансамблана юкъара кхолларалин уьйраш де-дийне чIагIлуш хилар. Юьззина аншлаг йолуш, боккхачу кхиамца чекхъелира концерт. Нохчийн а, хIирийн а хелхарийн амало а, артисташа хореографин произведенешкахь гайтинчу культуро а Iаламат боккха тIеIаткъам бира хьовсархошна.
Сих-сиха «Браво» бахарой, деттачу тIарашший гойтура и ши коллектив хьовсархоша езаш тIеэцар.
Концерт чекхъяьлча, Къилбаседа ХIирийн Республикин культурин министерствон векалша доккха баркалла элира «Вайнах» ансамблана а, Нохчийн Республикин куьйгаллина а. Массара а тIечIагIдийриг цхьаъ дара: оцу кхоллараллин проекто чIагIйо вайн халкъашна юкъара уьйраш.
Р.ИБРАГИМОВ
№115, шинара, эсаран (октябрь) беттан 18-гIа де, 2016 шо