Дахаран некъан хьаьркаш

OLYMPUS DIGITAL CAMERA

Бексултанов Муса Эльмурзаевич (фамили а, ден цIе а шениг яц, «Муса» боху цIе йоцург: бакъйолу фамили Адамов ю, ден цIе Мози а йолуш) вина 1954-чу 1-чу июлехь  Кустанай олучу казахийн махкахь,  нохчийн къам ц1ера даьккхина итт шо даьлча. Церан доьзал, массо а бохург санна, 1957-чу шарахь бирзина Нохчийчу цIа, баха ховшар Олхазар-КIотарахь а долуш: ламарой шайн хиллачу ярташка – лам чу хьала ца бохуьйту, уьш Iедалан харцонна – обаргаш а хилла – дуьхьал бовларна кхоьруш. Олхазар-КIотарара юккъера школа 1972-чу шарахь чекхйоккху Мусас, оццу шарахь Нохч-ГIалгIайн Пачхьалкхан университете филологин факультетан къоман отделени деша а воьду.

Университет чекхъяккхар 1977-чу шарахь хуьлу. Яздан ойла жимчохь дуьйна кхоллало, пхийтта-ялхитта шераш долуш. Прозехь язйинчу еа книгин автор ву: «Мархийн кIайн гIаргIулеш», 1985 шо; «Юха кхана а, селхана санна», 1988 шо; «Наггахь, сайн сагатделча», 2004 шо; «Я хьан тухур буьйсанна хьан не1», 2005 шо. «Сан вешин т1ехьийза йо1» 2013 шо. Россин Яздархойн союзан декъашхо а, нохчийн халкъан яздархо а ву Муса, иштта Россин журналистийн союзан а, Дуьненаюкъарчу Яздархойн ассоциацин – Оьрсийн Пен-центран декъашхо а ву.

Iер-вахар Соьлжа-ГIалахь а, Олхазар-кIотарахь а ду. Зуда а, виъ доьзалхо а ву цуьнан: цхьа йоI, кхо кIант. Яздар нохчийн маттахь ду. ХIун яздар коьрта а ца лору, муха яздар бен.

Болх бар (1987-чу шарахь дуьйна схьа кху хене валлалц) «СтелаIад» цIе йолчу берийн журналехь ду.

Балхал чIогIа ца дезаш – сискална хан яйар – дуьненчохь хIума а дац, хьаьнгара елахь а – харцо йоцург.

Шен цIарах мостагI а вац, къоман юкъара воцург:  моттбетта нах. Дозанал арахь а ца хилла, набахте а ца кхаьчна, кхечу къоман мотт а ца хаьа, оьрсийн  маттах кхетар бен. Ша яздархо а ца лору – шех хила лиъна яздархо: Бунин а, Пруст а, Фолкнер а санна.

Сатийсам…

– Сатийсам цхьаъ бу-кх: нохчех цкъа къам а хилла, вайх хIора а цу къоман хьакъволу векал хилар,  – шеца хиллачу къамелехь дерзош цо аьлла дешнаш.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: