ПохIме поэт а, бакъволу нохчи а ву иза

ХIокху деношкахь Айдамиров Абузаран цIарахчу къоман библиотекехь дIадаьхьира вевзаш волчу поэтан, гочдархочун Ахматукаев Адаман 55 шо кхачарна лерина цхьаьнакхетар. Иза дIахьош вара Нохчийн Республикин халкъан яздархо Минкаилов Эльбрус.IMG_6984

Къоман библиотекин фойе юьзна яра бевзаш болчу яздархойх, Iилманчех, Ахматукаев Адаман поэзиезархойх, накъостех, гергарчу нахах. Автор похIме поэт, оьзда стаг, бакъволу нохчийн къонах хиларан тоьшалла дара иза. Цхьаьнакхетар долийра Къоман библиотекин къоначу ешархочо Сугаипов Сурхос авторан «Нана» байт ешарца. Билгалдаккха лаьа поэто дена, нанна лерина, кIорггера цулацам болуш, дуккха а байташ язйина хилар.

Берриге а нохчийн яздархойн цIарах Ахматукаев Адам декъалвеш, цунах лаьцна довха дош олуш, вистхилира Нохчийн Республикин Яздархойн союзан председатель Ибрагимов Канта: «Де дика хуьлда шу, массо марша догIийла. Хууш ма-хиллара, Адам филолог вац, иза физик-математик ву. Амма цуьнан кхолларалла лаккхарчу тIегIанехь ю. Иза цуьнан доккха похIма хилар ду. Дала хIора стагана а цхьабосса делла  похIма, ткъа цхьамма иза кхиадо, вукхара иза доьжна дуьту. Адам тоьлла яздархо, поэт, дика гочдархо, оьзда стаг ву. Яздархойн цIарах миччанхьа а вахийта мегар долуш, ша ваханчохь, хуьлийла иза Санкт-Петербург, Воронеж, Москва, башхалла а яц, нохчийн дика цIе яккхийта хууш, тешаме накъост ву иза. Соьга хаьттича, литературин уггаре а хала агIо берийн поэзи ю. Амма Адам оцу агIор а кхиъна вогIуш ву. Суна уггаре а боккха кхаъ хилларг хIокхо М.Ю.Лермонтовн «Мцыри» поэма нохчийн матте гочъяр ду. Иза аш а ешна хила тарло, хIокху деношкахь «Даймохк» газетехь зорбане яьлла иза. Поэма кхул хьалха а маситтаммо гочйина ю. Адам дика ларийна аьлла хета суна ша хьалха хIоттийначу Iалашонца. Дала декъалвойла, тIаьхье беркате йойла хьан!», – дерзийра цо шен къамел.IMG_6962

Цул тIаьхьа «Мцыри» поэма Ибрагимов Кантас оьрсийн маттахь а, Ахматукаев Адама нохчийн маттахь а йоьшуш, хазийтира цхьаьнакхетарехь хиллачарна. Яздархойн союзан председатела П.Захаровн цIарахчу мидалца совгIат а дира поэтана.

Цуьнан кхоллараллин белхан лаккхара мах хадош, дош элира  Кусаев Iадиза, Нунуев Сайд-Хьамзата, Бурчаев Хьаьлима, Борхаджиев Хожбаудис, Дакаев СаьIид-Бека, Исмаилов Абус, Яралиев Юсупа, Айдамирова Машара, Вагапова Асета, Халикова Асета, кхечара. Иза цхьа шатайпа оьзда, гIиллакхе, бевзачара лоруш, адамашца гергарло дезаш, хила ма-веззара нохчийн къонах хилар а билгалдаьккхира цара.

Цхьаьнакхетар дерзош, вистхилира оцу гIуллакхна куьгбехкениг «Со лара а лерина, шайн хан йойъуш, кхуза дахкарна баркалла, Дела реза хуьлда шуна, Дала сий дойла шун массеран а! Тахана аш суна дина тоьшалла боккха бахам бу. Аш суна динчу тоьшалле ладоьгIча, айса тIелаьцна гIуллакх кхидIа а дIакхехьа дезий хаьа суна.

Со нохчи вуйла а хууш, суо дIаваханчохь вайн къоман яхь, гIиллакх, оьздангалла ларъян хьаьжна со. ХIинцачул тIаьхьа  хьожур а ву. Юха а Дела реза хуьлда шуна», – элира цо.

 

З.САГАЕВА

Суьрташ тIехь:

Ахматукаев Адаман 55 шо кхачарна лерина

цхьаьнакхетар

№117, шинара, эсаран (октябрь) беттан 25-гIа де, 2016 шо

 

 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: