Кхузаманахьлерчу турпалхойх цхьаъ Iабдул-Хьамидан Iаламад а ву. Иза махкана а, халкъана а пайдехь стаг ву. Нохчийчохь телерадиовещани керлачу тIегIане яьккхинарг ву иза. «Болх даггара бечуьнга дика бало», – олуш ду-кх вайнехан, цо санна доггах и болх беш кхин цхьа а хир вуй-те аьлла, жоьпалле а, дика а ларош ву иза.
Ельсаев Iаламад вина I967-чу шеран бекарг (март) беттан I-чу дийнахь Хьалха-Мартан кIоштарчу Мартан-Чохь. Цигахь дIаихна цуьнан бераллин шераш а. Кхиамца школа чекхъяьккхина цо шайн юьртахь.
Iабдул-Хьамида а, Езирас а шайн доьзал ийманехь, исламехь, нохчийн гIиллакхашца, Iадаташца кхиийна. Цундела хир ду Iаламадехь иштта нохчалла хилар.
Шена бераллехь дуьйна гиначарах, лайначарах, дезначарах лаьцна дийцира Iаламада «Даймохк» газетана ша еллачу интервьюхь.
– Iаламад, вайн республикехь хьо ца вевзаш стаг дукха хир вац. Хьан кхоллараллехь а, телерадиокомпанехь а ахь яьхначу гIулчех а лаьцна дукха хезна тхуна. Цундела, вайн таханлерчу къамелехь жимачу Iаламадан синкхетам кхоллалучу хенахь хилла болу дуьненан хьежамаш бовзийтахьа.
– Хьан хаттаро дуккха а шераш хьалха хиллачу сайн бералле, хьомсарчу Мартан-Чу кхачий со, – дIадоладо Iаламада шен къамел. – Ма ирсе хилла вай бераллехь. И хан дагаеача а даге йовхо хьоду. Жима волуш школе воьдуш хазахетара суна, тхайн хьехархой дукхабезара. Школехь волуш, дуккха а книгаш йоьшура ас, цундела библиотекарца доттагIалла дара, сан уггаре а самукъадолу меттиг яра иза юьртахь. Керланиг довза лаьара, гуттар а хаарш дузуш йойъура хан. Иштта, хIора дешархочо санна, перемене, спортан ловзаршка са а туьйсура. ДIадахнарг дерриге а ду хаза.
I-чу классера дуьйна тхайн хIора хьехархо дагавогIу суна, сайца цхьаьна дешнарш а. Оха цхьаьна мел лелийнарш лаьтта бIаьргашна дуьхьал.
ХIинца санна дагадогIу суна, тхо 6-чу классехь долуш, Хьава Ахмедовна бохуш керла классан куьйгалхо еана. И яр бахьана долуш барт, беркат даьржира тхан классехь. Цо цхьа тоба а, вовшашна накъостий а хила Iамийра тхуна. Иштта Малика Имрановна а, Нура Гилаевна а хилира тхан хьехархой. Цара Iилма Iаморал сов, дахарехь оьшу дуккха а хIуманаш довзийтира. Нахана юкъахь корта айбина хила Iамийра.
Доккха самукъа хуьлура школе бевзаш болу яздархой, поэташ баьхкича. Уьш ойланаш кIорггера, син шорталла йолуш нах хуьлура. Церан хIора дош а деза хетара. Цара дог дузура, кхидIа а юьхьарлаьцначу некъа тIехь дIаваха дог доуьйтура. Айдамирова Марем школе еана дагадогIу суна, и цхьаьнакхетар хIинца а сан иэсехь деха.
Кхин цхьаъ ала лаьара суна. Оха школехь доьшучу хенахь, I974-чу шарахь дуьйна хиллачу хьехархойн коллективо ерриге а юьртана а йоза-дешар Iамийра. Уьш бахьана долуш, дуккха а кегийрхой нахана юкъабевлла, шайн гIуллакхаш дIакхехьа таро хилла. Делахь, ма дика хьехна тхуна цара. Школера дешна ваьллачул тIаьхьа, цкъа а цIийвала ца дезна сан, кхечерачул дуккха а сов хуьлура сан хаарш.
– Бераллехь лайначарех хьуна уггаре а дазделларг хIун хилла?
– Даима сан иэсехь карладуьйлуш цхьа хIума ду, суна ницкъ бина. ХIинца ойла йича, ма доккха дог долуш хилла со, олий хета суна (воьлу Iаламад). Оха доьшучу хенахь буоберашна тIеюха маьхза хIуманаш йохьура школе. Царна юкъара харжа олий, ерриге а классана хьалха дIакхойкхура соьга, со тIехь да воцуш кхиъна хиларе терра. ТIехь да воцуш кхуьуш хиларх, со царал оьшуш хIунда ву олий, ойла йора ас. Сан нанас, вежарша вуон ма ца лелаво со. ТIе-кога юха ма ю сан. Цул сов, аьхка айса болх бора ас (хьечаш, теш, бIараш, иштта кхиерг а юхкура), школе ваха хIуманаш эца ахча гулдан. Со схьа ца эца гIуртура сайн дакъа, хьехархошна халахетара со иштта дуьхьалваьлча, цара хьехарш дой, схьаоьцура оьцуш ерг а. Бакъду, лела-м ца йора, ца лелалора… Сайна деш дерг диканиг доллушехь, тIе ца диталора соьга и тайпа хIума. Цундела хир ду сан хIинца а кхечеран чоьтах бехачарах цецвийлар.
– Iаламад, ахь школа чекхъяьккхинчул тIаьхьа, хьо эскарехь гIуллакх деш хилла хилар хаьа тхуна. Хьайн лаамца вахарий хьо цига? Эскарехь гIуллакх динчул тIаьхьа, дахар муха нисделира хьан?
– Жималлехь массо а хIуманах самукъадолура сан, школехь а, эскарехь гIуллакх деш а, мукъачу хенахь мел дечух а, балхах а. Со эскарехь гIуллакх деш волуш, тхайн юьртара дуьххьара со вара дозалардархойн эскаршкахь хиллачарах. Ма чIогIа дезара суна и тIемалочун гIуллакхаш, ма хаза дIаяьхьира ас и хан. Цул тIаьхьа журналистике деша вахар а, юьртахошна юкъахь дуьххьара нисделира сан. Цхьа хIума юкъах ца дита гIерташ, дийшира ас цигахь. Хаза хан яра университетехь яьккхинарг а. Цул тIаьхьа балхах а самукъадолура. Сан ирс хилла дуьнен тIехь сайна дезаш долу хIума дIакхехьа.
Хьалхарчу классехь дуьйна, эскарехь гIуллакх деш а, университетехь а, юьртахь а, гIалахь а, со мел леллачахь а даима суна юххехь нислуш болу нах дика а, оьзда а, гIиллакхе а хилла, цаьргара дуккха а диканиг схьаэцна ас.
– Хьайн дахарехь хилла болу дика доттагIий тхуна а бовзийтахьа, Iаламад?
– Баккхий а, кегий а хуьлура сан доттагIий. Даима а дагахь лаьтта суна, тхан юьртарчу цхьана гу тIехула чувоьссича Iаш хилла йоккха стаг. Цхьа безамехь йоккха кхорийн беш яра цуьнан. Со шен кетIахула тIехволуш, схьа а кхойкхий, кхораш лора цо суна. Цуьнан цIе Пия яра. ХIинца санна, дагабогIу суна оцу кхорийн чам, ма мерза хуьлура уьш. Пияс хIоразза а «Схьавоьл, Iаламад, хьо-м хьаха ву сан доттагI. Схьагулдел хьайна кхораш. Хьо сагIанах кхетча, ялсамане бахьийтича санна, сагIа хир дара аьлла хета суна» олий, чIогIа вазвора со. ТIаккха баккъал а айса цунна деш дерг доккха хIума ду моьттуш, со вуьзча а юхаверза ца кхетара со (воьлуш дуьйцу Iаламада).
Иштта даккхий доттагIий хилира тхох. Пияс гуттар а дог хьостура сан. ГIиллакх долуш, оьзда зуда яра иза. Пияца ас доттагIалла лелош, цуьнца цхьаьна Пиян доьзало а, I0 класс чекхъяьккхира. Цул тIаьхьа со эскаре гIуллакх дан вахча, конверт чу а дуьллий, шен пенсех, 3–5 сом ахча доуьйтура суна тIаьхьа. Пиян дикалла цкъа а йицлур яц суна. Сан даг чохь довха лаьтта цуьнан амат.
Иштта баккхий доттагIий кхин а бара сан юьртахь. Оцу хенахь Къуръан Iамо вахьар доккха хIума дара. Сан хьехархой бара Мартан-Чуьра АбдулаевгIеран Махьмадий, Бакуй. Цара Iамийра суна Къуръанан деза йоза. Уьш хьехархой хилла ца Iара сан, цара шаьш ма-аллара. Сан баккхий доттагIий бара уьш. Дуккха а диканиг делла цара суна. ХIинца а тешар вац со, тхайн юьртара цхьамма суначул шен юьртахо дукхавеза аьлча. Сайн ойланашца даима а юьртахь ву со. Цига со юхавоьрзур вуй хаьа суна. ХIусамаш еш ву со Мартан-Чохь, Iаш Соьлжа-ГIалахь велахь а. Цхьана а минотана хер ца велла сайн дай баьхначу меттигах я хер а лур вац.
– Iаламад, массара а балха тIехь низам дезаш, хьайн балха богIу нах низам лардеш хуьлийла лууш ву олу хьо. Иза стенца доьзна ду?
– Сан нана Езира школехь техничка болх беш яра, со школехь доьшуш волчу хенахь ду иза. Бераша кехат охьакхоьссича, чIогIа ца лалора соьга, хIунда аьлча, суна хаьара, иза сайн нанас схьаэца дезар дуй. Оцу хенахь ма хала бара церан болх. Генна хьуьн чуьра дечиг лахьо а, иза схьада а, даккха а, кIора бассо а, геннара хи кхехьа а дезара церан. Хатт болчу хенахь и хи бех моссазза ло а хийца дезара. Шийлачу хенахь, бераш школе схьадахкале, школа йохъян а езара церан. Ма къахьегна цара, ма дукха хIуманаш лайна.
Ас даима а гIо дора нанна балхахь. ГIанташ хьаладохкуш, хи чу дохьуш, кхидерг деш. Оцу хенахь Iемина низам хIинца а лардан гIерташ хуьлу со.
Хала хенаш гина тхуна а, хIора нохчичунна санна. Чуьра юург дIаяьлла, алапа схьадаллалц тIедиллина шекар, чай, бепиг, кхиерг эца ваха везаш хуьлура со. ЧIогIа ца дезара суна иза, эхь хетара, школехь лидер а волу, иштта доккха дог долу со, муха гIур ву аьлла хетара. Делахь а, нене «хIан-хIа» ца ала воьдура со туькана. Туьканахь болх беш Кука бохуш цхьа дика зуда яра. Цкъа а ас деана гIуллакх гIара ца доккхуш, мелхуо а, ша и къайла хьуш, оьшург лой, схьавоуьйтура со. Ас иза хIинца дийцаран бахьана, сайца дика хиллачу нехан дикалла гайта лаар ду, сайн къайленаш йица-м ца лаьара суна (воьлу Iаламад), делахь а, оцу нехан деган хазалла, гIиллакх, оьздангалла гайта лаьа.
– Iаламад, хьан дуккха а кхоллараллин белхаш бу арабийлина: «Мать», «Верный», «Судьбы деревьев», «Женщины», и. дI.кх. Царна тIехь болх маца бина а, хьайн кхоллараллин болх дуьххьара стенна тIера дIаболабелла а довзийтахьа?
– Школехь волуш язъян волавеллера со. Туьйранаш, байташ, сайн ойланаш язъеш цхьа тептар дара сан. Иза цхьанна а гойтуш дацара. Эхь хетара, цул сов, лаа а ца лаьара сайн уьш цхьамма а йоьшийла. Айса сайна язъеш яра уьш.
Цхьана дийнахь тхан хьехархочо Духаева Маликас талла тетрадаш схьаоьцуш, ца хууш, сан «къайлаха» тептар а схьаэцна хиллера. Цо дешнера цу тIехь дерг. ШолгIачу дийнахь Маликас элира соьга: «Iаламад, хьан белхаш суна чIогIа дика хийтира. Хазахеташ йишира ас хьан хIора байт а, туьйранаш а дара сюжет хаза йолуш. Вай хьан произведенеш Соьлжа-ГIаларчу Яздархойн союзе яхьа еза». Кхечу хьехархочо Дагаева Нурас а тIечIагIдира цуьнан дешнаш. Со реза ца хилира цара бохучунна. Цара иза схьаэцарна а чIогIа оьгIазвахна вара со. Делахь а, цара со тешийра и белхаш дика хиларх. Кхин дукха хан ялале, тхо цхьаьний Яздархойн союзе дахара. Цу хенахь доладелла сан кхоллараллин дахар. Цул тIаьхьа университетехь а тесна ца дитира ас и гIуллакх.
Бакъду, дахаран некъ хоржучу хенахь со Айдамиров Абузаран, Мамакаев Мохьмадан, кхечеран тIегIане кхочург цахиларх кхийтира со. Цара лелош йолу цIе лело хьакъ воций хаьара. Ша деш долу хIума цара санна дика дан деза я ца деш Iан веза. Доцца аьлча, цаьрца цхьаьна и цIе лело хьакъ вац со аьлла, дитира ас и гIуллакх. И бахьана долуш, Яздархойн союзе кхайкхича а, юкъа ца вогIуш, Iаш ву со.
Кега-мерса хIума язйо ас хIинца а. Хан хилахьара, кхин а язйийр яра.
– Iаламад, хьан студенчески дахар а, журналистикин декъехь дуьххьара болх бар а стенна тIера доладелла а дийцахьа тхуна.
– Дона-тIера-Ростован пачхьалкхан университетехь журналистикин отделенехь со доьшуш волуш, тхан курсехь 75 студент вара. Ростован телевиденера баьхкина харжамаш дIабаьхьира тхуна юкъахь. Цара 10 студент хоржур ву аьллера, кхидIа практика ян а, цул тIаьхьа болх бан а дIа а вуьгуш. Цара 6 бен ца хаьржира тхуна юкъара, царна юкъахь нисвелира со а. Цигахь дика практика а хилира, болх а бира. Цигахь цхьажимма ахча вовшах а тоьхна, цIа а веана, Нохчийчохь сайн долахь студи схьаелла лаам бара сан. Нийсса оцу хенахь Даймахкахь тIеман хиламаш буьйлабелира. Генара дуьйцуш кхин а ирча хетара, сагатдора. ЦIерачарна со цIа ван ца лаахь а, кхин хьием ца беш, гергарчарна улло схьавеара со.
ЦIа веача гуш дерг ирча сурт дара. Дуккха а нах цIерабевллера. Дан амал доцуш биснарш бара. Нехан бIаьргаш чуьра нур дIадаьллера, уьш кIадбеллера. Мацалла, гIело, тешнабехк, дахарехь дерриге а гина, балано лаьцна карийра суна сайн къам. Сан хьалха хилла йолу ойланаш, кхечу махкахь болх бар, пана махкахь сайн ирс лахар а, дерриге а хийцаделлера оцу миноташкахь.
Ас ойла йора, Нохчийчуьра берриге а хьехархой, лоьраш, кхечу дакъошкара нах дIаэхахь, вайн махкахь бисинчара хIун дийр ду, бохуш. Сан даг чохь сирла сатийсам кхоллабелира Нохчийчохь журналистикин декъехь гIуллакх дан. Иза керлачу тIегIане яккха.
Иштта, I995-чу шеран мангалан (июль) беттан 3-чу дийнахь балха хIотта заявлени яздира ас. ШолгIачу дийнахь аравелира со балха. Таханлерчу дийнахь а юкъара ца волуш, схьавогIуш а ву. Суна юххехь дуккха а дика накъостий бара оцу хенахь а, хIинца а бу. Оха цхьаьна дуккха а къахьийгира тележурналистика кхиорехь.
– Хьайн белхахошна юкъахь уггаре а тоьлларг билгалваккхахьа.
– Иза уггаре а суна халахетарг ду. ХIунда аьлча дика белхахой дуккха а бу. ПохIме белхахой бу кхузахь болх беш: корреспонденташ, операторш, монтажераш, режиссераш, технически персонал, кхиберш. ХIара болх беза а безаш, белхан низам лар а деш болх беш бу уьш. И ду суна уггаре а коьртаниг. Иштта лаккхара белхан говзалла а йолуш, гIиллакхе а, оьзда а бу уьш.
Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас ша дийна волуш, республикехь массеран а санна, тхан белхахойн а лерина терго йора. ХIинца цуьнан кIанта Нохчийчоьнан Куьйгалхочо, Россин Турпалхочо Кадыров Рамзана и ламаст цуьнгара схьаэцна жигара дIакхоьхьуш ду. И терго хиларо тхуна цхьанна а ледара болх бан некъ ца буьту.
Iаламадан хIора дашца а цуьнан оьздангалла яра гуш. ДIахаьттинчу хаттарна луш долчу жоьпехь, цо билгалйоккхура шена гуонаха хиллачу нехан дикалла. Иза адам ша цIена а, оьзда а хиларан билгало ю.
Цуьнан кхиамаш бийцина вер вац. Цо Нохчийчоьнан дуьхьа динарш дуккха а ду.
Хь.АВХАДОВА
№117, шинара, эсаран (октябрь) беттан 25-гIа де, 2016 шо