Республикехь массарна а дика вевзаш вара журналист, яздархо, публицист, фольклорист, «СтелаIад» журналан коьрта редактор хилла Джанаралиев Iимран. Иза къаьсташ вара гIиллакхе, оьзда хиларца. Массаьрца а кIеда-мерза, массеран а гергара, адам дезаш, ша везийта хууш вара, оьшучунна, мичча хенахь а, гIо-накъосталла дан кийча а вара. Цундела Iимран массарна а везаш а, лоруш а вара.
Джанаралиев Iимран вина 1959-чу шеран чиллин (февраль) беттан 1-чу дийнахь, Веданан районерчу Гуьнахь. 1977-чу шарахь цо чекхъяьккхира оццу юьртара юккъера школа. 1978–1980-чуй шерашкахь Советийн Эскарехь гIуллакх дира. Цигара цIавеанчул тIаьхьа, 1981-чу шарахь Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан университетан филологин факультете деша вахара, ткъа 1986-чу шарахь цо иза чекхйоккху нохчийн меттан, литературин а, оьрсийн меттан, литературин а хьехархочун говзалла а луш.
Цул тIаьхьа, ша хьалха дешначу Гуьнарчу юккъерчу школехь нохчийн меттан, литературин хьехархочун болх бира. Ала деза школехь Iимрана берашна дешар Iамор дика вовшахтоьхна, дIахIоттийна хилар. Дешархоша чIогIа лоруш, сий деш тIеийцира керла хьехархо. Цаьрца бийца уьш дика кхеташ болу мотт карийра цунна. Цундела дукха хан ялале хааделира школахой дешарехь кхиар тодалар.
Бакъду, Iимран школехь болх беш, дукха хье ца велира. Хьехархо хилла цхьа шо а далале, 1987-чу шарахь цуьнга болх бан Веданан районан «Колхозан дахар» газетан редакце кхайкхира. Кхузахь а, йоццачу хенахь дика карабирзира цунна журналистан болх. Редакцехь хастош, мах хадабора цо язъечу очеркийн а, репортажийн а, статьяйн а, кхечу материалийн а. Регионан журналистикехь билгалъяьлла керла цIе ца гуш ца йисира республикин «Ленинан некъ» (хIинца «Даймохк») газетан редакцин куьйгаллина. 1989-чу шарахь «Ленинан некъ» газетан редакце балха веара Iимран. Цуьнан корматалле а, лааме а хьаьвсина, газетан культурин отделе корреспондент вохуьйту иза. Цу тIехь гIалат а ца бевлира. Хьехархочун корматалла йолуш волчу Iимранна дика евзаш яра дешар Iаморан тема. Цундела школийн балхах а, дешар Iаморах а лаьцна йолу материалаш дика нислора цуьнан. Корггера чулацам болуш, дика кхеташ, йоьшучарна шайх бала пайда болуш хуьлура цо культурех, искусствох, могашалла Iалашъярх, кхечу темех а лаьцна язъеш йолу материалаш. Уьш цхьанна а халахетар доцуш, гIиллакхехь, говза кечйора Iимрана. Цунна уггаре а гергара яра берех лаьцна йолу тема.
Цундела ларамаза дацара 1993-чу шарахь иза берийн «СтелаIад» журналан коьрта редактор хIоттор. Журналан болх йоццачу хенахь тобина дIахIоттийра цо. Iимрана боккха тидам тIебохуьйтура изданехь язъеш йолчу материалашкахь буьйцуш болу нохчийн мотт цIена, шера хилийтарна, берийн дахаран ерриге а агIонаш йовзийтарна. Iимрана гайтира ша белхан коллективан дика куьйгалхо, говза, хьекъале вовшахтохархо хилар.
Журналехь болх беш волуш, Iимрана дуккха а ницкъаш дIабелира нохчийн къоман барта кхоллараллин материал – дийцарш, туьйранаш, аларш, кицанаш, хIетал-металш, кхидерш а гулдарна а, дIаяздарна а, зорбатоьхна, арахецарна а. Цо иштта баккхийчаьргара дIаязйина, гулйира назманаш, арахийцира церан гулар.
Оьзда, волчарна а, юьртана а, махкана а юьхькIам болуш, шех дозалла дан хьакъ волуш вара Iимран. Цунах лаьцна дуьйцуш, суна дагайогIу сайн цкъа Сочерчу Дагомысе хилла командировка. ХIора шарахь гуьйранна ерриге а Россерчу журналистийн коллективийн векалш цхьаьна а кхетий, шарахь бинчу белхан жамIаш деш а, тIейогIучу ханна дан дезачух лаьцна дуьйцуш, журналисташ вовшах дагабовлуш а йолу меттиг ю иза. Тхо цига дIакхаьчна, автобуса тIера охьадиссина дукха хан ялале тхан тобанерчу цхьамма, тIе а веана, хаьттира соьга: «Муха хета хьуна, автобус лайн ахь?» «Дика схьакхечи со-м, автобус а лан хала яцара», – жоп делира ас. ШолгIачу дийнахь тIе а веана, кхечо хаьттира соьга сан могашалла муха ю. Ткъа кхозлагIчо хаьттича, ойла йира ас: «Ма чIогIа бала кхаьчна кхеран сан могашаллин».
– Ма чIогIа хоьтту аш соьга сан могашаллех лаьцна, лаа дуй-техьа иза? – хаьттира ас.
ТIаккха цо жоп делира:
– Делан дуьхьа, бехк ма биллалахь, Джанаралиев Iимрана аьллера тхоьга, вайн республикера Дагомысе баханчу журналистех хьо массарел а воккханиг ву, хьоьга хьовсуш а, терго еш а хилалаш. Цундела хоьттура ас-м хьан могашалла муха ю.
ТIаккха кхийтира со тхайн тобанерчу накъостийн сайн иштта бала кхачаран бахьанах. Иштта вара Iимран – массеран а гIайгIа беш, массарах а дог лозуш, шен са а, дог а нахана дIадала, массеран а диканан а, вуонан а дакъалаца кийча.
Iимран «Даймохк» газетан редакцехь болх беш хиллачу хенахь дуьйна, вовшашца гергарло лелош а, кест-кеста цхьаьнакхеташ а вара тхойшиъ. Цкъа, иза дара Iимран кхалхале цхьа-ши кIира хьалха, вайниг санна долчу ГIалгIайчоьнан берийн «СелаIад» журналан юбилей билгалйоккхучу кхайкхинера тхойшинга. Цигахь дика тIе а ийцира, хьошалла а дира. Новкъахь суьрташ а дехира. Доцца аьлча, цига вахарх чIогIа самукъадаьллера тхойшиннан. Цигара цIавеача, Iимрана со хестош, къамел дира. «ХIинца айхьа дийцинчун маьIна дехьа», – дийхира ас цуьнга.
– Тахана вайшимма цхьаьна яьккхина хан цкъа а йицйийр яц ас. Цунах суна боккха пайда белира. Ас тахана дика тергалдира хьан лелар а, къамелаш а. Тхо, кегийнаш, шух Iама дезаш ма-ду. Шун гIиллакхаш, дахаран зеделларг Iама а дина, тIекхуьучу тIаьхьене дIадала декхарийлахь ма-ду тхо. Цундела диканиг шуьгара схьаэца деза оха.
Шен оьздангаллина, адам дезаш хиларна, цул сов, гуттар а диканиг лоьхуш хиларна соьгара цхьа пайдехь дерг карийна а хила тарло цунна. Мухха а хиллехь а, цунна хиира суна товр дерг ала. Иштта вара Iимран.
Джанаралиев Iимран Россин Яздархойн союзан декъашхо, Россин Журналистийн союзан декъашхо вара. Дуккха а шерашкахь хьанал болх барна а, республикин юкъараллин дахарехь жигара дакъалацарна а «Нохчийн Республикин культурин хьакъволу гIуллакххо» аьлла, сийлахь цIе лелош а, Сийлаллин грамоташца дукхазза а совгIаташ дина а вара Iимран. Амма цунна а, журнал доьшучу берашна а, баккхийчарна а, иза везаш а, лоруш а хиллачу, Iимран гуттар а дагахь лаьттачу республикин интеллигенцина а уггаре а доккха совгIат ду иза кхелхинчул тIаьхьа арахоьцуш йолу журналан хIора номер хьалхарчу агIон тIехь цуьнан сурт тоьхна арайолуш хилар.
Джанаралиев Iимран кхелхина 2007-чу шеран кхолламан (январь) беттан 6-чу дийнахь. Дала декъалвойла иза.
С.МАГОМАЕВ
№118, пIераска, эсаран (октябрь) беттан 28-гIа де, 2016 шо