Омаев Дагун: «Шен къоман синмехаллаш евзаш хила веза актер»

Шаьш ца кхоош, дахарехь шаьш юьхьарлаьцначу новкъахь – культурехь, спортехь, журналистикехь – къахьоьгуш дуккха а адамаш ду вайн махкахь. Царах цхьаъ ву вайн къоман дозалла, шен белхан говзанча, РСФСР-н хьакъволу, Нохч-ГIалгIайн АССР-н халкъан артист Омаев Дагун. Карарчу шеран товбецан (сентябрь) баттахь премьера хиллачу «Тэли и Толи» фильмехь (комедехь) ХIиричун (Базин) роль ловзийна вевзаш волчу актера. Россин кинон «Амурская осень – ХIV» Уральски фестивалехь оцу балхана «Боьршачу стеган тоьлла роль ловзорна» дипломаца совгIат дина Омаев Дагунна. «Даймохк» газетан цIарах и совгIат дарца актер декъалвеш, цуьнца цхьаьнакхетар хилира тхан.IMG-20161027-WA0018

 – Дагун, уггаре хьалха тхуна тхайн газетан цIарах декъалван лаьа хьо «Боьршачу стеган тоьлла роль ловзорна»  дипломаца  совгIат дарца. Иза, хьуна хилла а ца Iаш, дерриге а нохчийн къомана юьхькIам бу. Дала тIаьхье беркате йойла хьан!

– Дела реза хуьлда шуна а!

– Дагун, мичахь яра оцу фильман съемкаш? Дукха хан ярий уьш юьйлаелла?

– 2014-чу шарахь дуьйна болийна бара «Тэли и Толи» фильм яккхаран белхаш, ткъа премьера товбецан (сентябрь) баттахь бен хилла яц. Хууш ма-хиллара, соьца цхьаьна коьрта роль ловзош вевзаш волу театран а, кинон а гуьржийн актер Кавсадзе Кахи вара. Цунна а дина суна санна, «Боьршачу стеган тоьлла роль ловзорна» дипломаца совгIат. Ткъа съемкех дерг аьлча, уьш ХIирийчохь, Гуьржийчохь лаьмнашкахь йина ю. Ша фильм йоккхуш ши шо гергга хан яьллехь а, сан а,  Кавсадзе Кахин а съемкаш 24 дийнахь бен яцара. Вуьшта, фильмашкахь цхьа «картина» доккхуш бутт, ши бутт хан оьшу. Ткъа кхузахь дика аьтто белира. Ша фильм цхьана сахьтехь ткъе вуьрхIитта минотехь лаьтташ ю.

– Хьо оцу фильме кортачех цхьаъ йолу роль ловзо кхайкхарх лаций дийцахьа, Дагун?  

– И роль ловзо цкъа хьалха вевзаш волчу эрмалойн актере Джигарханян Армене кхайкхина  хиллера. Ткъа съемкаш, ас хьалха ма-аллара, лаьмнашкахь яра. Цо цигахь хала хир ду, ша лаьмнашкахула лелалур вац аьлла, иза реза ца хилла. Цул тIаьхьа соьга элира, хIиричун роль ловзор ярий ахь, аьлла? Бакъдерг дийцича, дагна операци йина дукха хан яцара суна а, дукха лела ца мега а аьллера. Делахь а, со реза хилира.

– Хала дарий съемкашкахь? Хьуна хьайна муха хийтира фильм? 

–  Атта дара аьлча а нийса хир дац. Лаьмнашкахь мелла а хала дара, бердан йистош йолуш меттигаш нислора. Делахь а, суна а, Кавсадзе Кахина а гIо деш нах бара, съемочни тоба а шен болх дика хууш, жигара тоба яра. Цул сов, К.Кавсадзе похIма долуш, говза, шен болх дика хууш артист ву, цундела цуьнца цхьаьна атта дара болх бан.62478

Ас 50 гергга фильм яккхарехь дакъалаьцна, амма и санна барт болуш, вовшашца йоьзна съемочни тоба суна гина яцара. Iуьйранна бархI сахьт даьлча съемкаш ян арадовлий тхо, хIума яа бен, юкъара ца довлуш, шолгIачу дийне а довлура.

«Тэли и Толи» фильман сценари дика хийтира суна. Хетарехь, хьовсархоша иза дика тIе а ийцира. Даима а халонаш, тIемаш гинчу вайн къоман адамашна оьшуш яра иштта комеди.

– Дагун, хууш ма-хиллара, ахь дуккха а киношкахь а, спектаклашкахь а тайп-тайпана ролаш ловзийна, «Тэли и Толи» фильмехь ловзийна роль, кхечу ахь ловзийначу ролашка хьаьжча, хала ярий? ХIун башхалла ю кинона а, театрана а юкъахь?

– Ас, дукха хьолахь, киношкахь а, спектаклашкахь а драматически, трагически турпалхойн ролаш ловзийна. Ткъа кхузахьъерг комеди ю. Комедехь роль ловзор сайн муха нислур ду бохург суна сайна а коьрта дара. Со вевзашберш цецбевлла бара ас комедехь роль ловзош гича. Суна схьахетарехь, цхьадерг ас Кахигара схьаэцна аьлла хета суна. Цо дуккха а евзаш йолчу киношкахь дакъалаьцна, иза сол  мелла а алсам зеделларг долуш ву.  Ткъа кинона а, театрана а юкъахь йолчу башхаллех дерг аьлча, кинохь ерриге а минот лерина ю. Актеро деш долу къамел а, еллачу хенал  секундашкахь а совдала йиш яц. Нагахь санна, хьо цу ханна жимма тIаьхьависнехь, актеро ша деш долу къамел мелла а сиха, еллачу хенахь чекхволуш, дан дезаш ду. Кхин  цхьа хIума а ду, кинохь актеран бIаьргаш уллора  гайта йиш ю, цара дуккха а гойту, дуьйцу, ткъа театрехь, сцени тIехь лаьттачу актеран бIаьргаш хьовсархошна уллора ца го. Амма театран актеран цхьа аьтто бу, шена дешнаш дицделлехь, мелла а хан йойъуш, дехьа-сехьа волуш, уьш дагадахкийта а, хьовсархошна хаалур доцучу кепара, уьш жимма кхечу агIор ала а йиш ю цуьнан.

– Айхьа ловзийначу ролашна юкъара хьуна уггаре а дукхаезаш, дагахь йисина роль муьлха ю?

– И хаттар соьга сих-сиха луш ду. Суо актер хиларе терра, айса ловзийна ролаш суна массо а ю хьоме. Делахь а, царна юкъахь а ю суна къаьсттина дукхаезаелла ролаш. Масала, «Бешто», «Ханпаша Нурадилов» спектаклашкара, Бештон, Нурадилов Ханпашин, «Жизнь, ставшая легендой» кинора (Зархохов Хаджимурадан).

– Дагун, тIейогIучу хенахь цхьана а кинохь я спектаклехь дакъалаца дагахь вуй хьо?

– Кинохь, театрехь бан белхаш-м дуккха а бара. Ткъа карарчу хенахь «МОСТ» студис, «Русский фильм» группин режиссер-постановщикан Дроздов Павелан цIарах «Прощаться не буду» фильмехь Акаев Iийсан (нохчийн шофер) роль ловзор ярий аьлла, кехат даийтина соьга. Цунна со реза хилла. Фильман сценари а соьгахь йолуш ю. Дала могашалла хилийтахь, гIуран (декабрь) баттахь съемкашкахь хила везаш ву со.

– Вайн къамел дерзош, къоначу актерашка хIун эр дара ахь? Муха хила веза бакъволу актер? ХIун дан деза цо ша баккъал а актер хила лууш велахь?

– Актер хила лууш волу стаг, уггаре а хьалха, и говзалла доггах, шен Даймохк санна езаш, лоруш хила веза. Аьттонаш ца лоьхуш, ша ца кхоош, шена тIехь болх беш, ондда къахьоьгуш, дуккха а сом-ком йолу меттигаш ца лоьхуш, хила веза иза. Иштта, цунна дика йовза еза шен къоман синмехаллаш, литература. Сцени тIехь цхьа васт гайта дезаш волу актер, хьалхе дуьйна а, кийча хила веза и васт гайта. Оьрсийн маттахь аьлча, ша ловзо езачу ролана «вжиться» дан дезаш ву-кх иза. Кхана сайн спектакль елахь, тахана дуьйна а со кечам беш хуьлу айса гайта дезачу вастана, буьйсанна, новкъахь вогIуш, башхалла а яц. Сцени тIера охьавоьссича чекхйолуш яц актеран Iалашо. Масала, сайн спектакль хилале цхьа де хьалха дуьйна чохь а дера хуьлу-кх со. Ша ловзо езачу ролана тIехь актер доггах къахьоьгуш вацахь, чохь са долуш хир дац цо кхоьллина васт, доцца аьлча, еса «манекен» санна хир ду-кх.

– Ахь дина хьехар вайн театран тIекхуьучу къоначу чкъуро тидаме оьцур ду аьлла хета тхуна. Дагун, баркалла, Дела реза хуьлда. ТIаьхье беркате йойла хьан!

Интервью дIаяьхьнарг – САГАЕВА Залина

№118, пIераска, эсаран (октябрь) беттан 28-гIа де, 2016 шо

 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: